ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даханчу кIиранан бIаьрла хиламаш


Къилбаседа Кавказан аналист Фуллер Элизабет, 2008
Къилбаседа Кавказан аналист Фуллер Элизабет, 2008

Деношкахь Британехь веллачу Березовский Бориса хIун дакъа лаьцнера Нохчийчура тIамехь? Кадырован гIаролан векалш бу Москох набахтера мукъабьовлийтинарш, я бац? ХIун къуьйсу Дагестанерчу полисхоша?

Фуллер Элизабет: Хаамийн гIирсаша Березовский Борис валаран хьокъехь йина дукхах йолу комментареш иза дика ца хьехош а, кIоргера маьIна йоцуш а яра. 1990-чу шерашкахь иза Оьрсийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан секретаран когаметта волуш, Нохчийчура хьолехь цо лаьцначу декъах а хьакхаделира иза.

Адамийн бакъонийн Мемориал организацан куьйгалхочо Черкасов Александра а вуон мах хадийра тIеман командир хиллачу Радуев Салмана закъалтана лаьцна хилла оьрсийн журналисташ мукъабохуш, Березовскийс лаьцначу декъана. Черкасовс чIагIдарехь, боьху мах дIа а белла, Березовскийс кхинболчарна а марздира, алссам оьрсийн нах закъалтана а луьйцуш, царах ахчанаш дехар. Нохчийн республикан Ичкерин куьйгалхочуьнга Масхадов Асланега шен куьйга кIелахь болчарна урхалла ца дадаларх догдаьллачу Москоха сацийра экономикан агIра латтош хилла гIо.

И бахьанехь Масхадовх дIакъаставелира тIеман командир Басаев Шемил. Шен тоба а эцна, иза цул тIаьхьа Дагестанна тIелетира, цунах юха йозуш йоцу бусулба пачхьалкх дIакхайкхон Iалашонца.

1998-чу шеран Товбецан баттахь «Независимая газето» зорбане даьккхира, хIетахь Кириленко Сергейс урхалла деш хиллачу Оьрсийчоьнан Iедале яздина диллина кехат. Кехатана кIел куьг таIийнарг Березовский Борис а; 1995-чу шарахь Буденновскера дарбан хIусам Басаев Шамила закъалтана лаьцча, цуьнца дагадовларш дина волу, Кириенкол хьалха премьер-министран даржехь хилла Черномырдин Виктор; Нохчийчура хьалхара тIом чекхбаьлча, Кхерамазаллин Кхеташонан секретаран даржехь Масхадов Асланца Дагестанерчу Хосу-юртахь машаран барт чIагIбина хилла волу, Красноярск-кIоштан губернатор Лебедь Александр; 1990-чу шерашкахь Москохца дагадовларш а дина, ГIезалойчоьнна оьрсийн федерацехь цхьанне а боцу аьттонаш баьхна волу гIезалойн президент Шаймиев Минтимер а вара.

Доца яздинчу кехато тидаме дуьллуш дара Нохчийчохь тIаьхь-тIаьхьа телхаш долу социалана, политикан, экономикан а хьал. Низамаша ма-бохху хьаржина волу нохчийн президент Масхадов Асланна цул а масех де хьалха вен дина тIелатар а билгалдаьккхина дара цу тIехь.

Ерриг а Къилбаседа Кавказехь «ваххабизм» яьржаш хиларна сингаттам а балхабора. Оццул вуон билгалонаш яьржачу Нохчийчоьнна а, цуьнца цхьана Къилбаседа Кавказан а хьокъехь оьрсийн Iедало сихонца позици билгалъяккха еза. Цул тIаьхьа, тIаьхий-хьалхий и позици дахаре ерзо еза бохуш чIагIдора кехато. ТIаьххьара яздина дара, дукха хан йоццуш динчу гIалатех а, ца дийцарх а дукха беза мах белла массара а. 90-чу шерашка юхадерза йиш яц, бохуш.

ШолгIачу дийнахь цу диллинчу кехатана комментарий еш яздинера, закъалтахой маьрша а бохуш, Нохчийчоьнан маьхкадаьттан декъа ваха дегайовхо йолуш ву Березовский, бохуш.
Цхьаннега а хьесап ца даделла Березовскийна цунах хиллачу пайданна.
Газето билгалъйоккху, гIарол доцуш Нохчийчу закъалтахой маьршабаха вахана хиллачу Березовскийн майралла.

«Оцу веаннен» кехатана тIехь Оьрсийчоьнан Iедал сецнехь, Нохчийчоь шолгIачу тIамах хьалха ялалур яра я яцара бохург, дийца йиш йолуш ду. Делахь а, хьовса-м хьаьвсира уьш.

Маршо радио: Кадырован гIаролан векалш мукъабахарца боьзна хаам бира «Новая газето».

Фуллер Элизабет: Даханчу кIирнахь Москохарчу ФСБен белхахоша реза ца хиларан акци дIаяхарх лаьцна дийцира «Новая газето» оршот дийнахь. Дийцарехь, цуьнан бахьана дара, Кадыров Рамзанан гIаролера нах Москохарчу набахтера мукъабахар.

Москох гIалахь Кадыров Рамзанан гIаролера стаг лаьцна хиллера ФСБен белхахоша, цо цхьа гуьржи а лаьцна, иза маьршавакхарх ахча доьхуш хиларна. Талламан Комитетан гIантдас Бастрыкин Александро омар а делла, гIуллакх таллар сацорах эргIадбахана бара ФСБен векалш. Дийцарехь, уггар лакхара охьадоссина хилла, «Сочера Олимпикан ловзарш чекхдовллалц, Кадыров Рамзанан гонера цхьа а хье ма ве», боху омар.
Цунна официала кепара жоп луш,
Талламан комитетан векал Маркин Владимир дIаваьккхина балхара, цо журналисташка доцург дийцина аьлла.

Кадырован зорбан-секретара Каримов Iаьлвис керстадира, Кадырован гIаролхой лецна хилар. «Цуьнан гIаролера цхьана стага цкъа а цхьа а лачкъийна вац, я цу кепара зуламаш дина а вац» аьлла, Нохчийчоьнан Iедалан сайта тIехь комментареш йитира Каримовс. Цо чагIдарехь, артикло Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга цабезам кхуллу. Цул сов, республике а, цигахь дехачу къоме а хьагI кхолла Iалашо йолуш ю иза. Массо хIуманна нохчий бехке бу боху ойла кхолла гIертар ду иза аьлла яздина, Каримовс.

Кадыров ша тешна ву я цунна цхьаммо дош делла «уггара лакхара», цунна а, цуьнан гона а цхьа критика муххале йийр яц. Церан муьлхха а таIзарх иммунитет ю, аьлла.
Къоман Стратегин Иниститутан директоро Белковский Станислава ма-аллара, кхиниг хила а мега кхузахь. Кадыровца Путин мелла а тIекаре ву, ФСБеца волчул а.

Маршо радио: Дагестанехь реза боцуш полисхой а бара. Цара доьхург хIун дара?

Фуллер Элизабет: Оьрсийчура «ницкъахошна» юкъахь реза боцуш ФСБен белхахой хилла ца Iа. Дагестанера полисхоша дукъха хан йоццуш Мосох зорбан-конференци кхайкхинера. Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министрца Колокольцев Владимирца цхьанакхета лууш ду шаьш, Дагестанера Чоьхьарчу ГIулакхийн министраллехь йолчу коррупцех лаьцна дийца. И бахьанехь, исламан гIаттамца латточу къийсамна иэшам хуьлу бохуш, чIагIдора цара.

Цунна дуьхьал хаамийн гIирсашкахь йоккха кампани йолийна Дагестанера Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло. Чиллан бутт боьрзуш цара зорбане даьккхинера, даханчу шарахь нахалахь динчу хеттаршна деллачу жоьпийн хьесап. Царца а догIуш, 59% юкъаралхой тешна бу, шаьш а, шайн бахам а ларбан полицин ницкъ хиларх. Ткъа Оьрсийчохь и терахь 36% бен ца кхочу.

Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин балхахь цхьацца кхачамбацарщш хуьлуш хиларна къера а хуьлуш, Дагестанерчу полицин хьаькамаша чIагIдо, «вовшахкхеттачу зуламхоша а, цхьайолчу кланаша а» инзаре даккхий ахчанаш дойу, полици бехъярхьамма, бохуш. Амма церан аргументаш башха онда яц.

Дагестанан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министро шен балхара дIаваьккхина ХIинжа-гIалин полицин хьаькам Ашиков Раип. Стаг вейтарца воьзна ву аьлла. Даханчу шарахь «Черновик» газето нахалахь динчу хеттарша Ашиков уггар хьалхарчу метте ваьккхинера, республикан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министр ваха хьакъ болчарна юкъахь. Къилбаседа Кавказерчу турпала нахана юкъахь уггар майрачех лоручу адвокато Магомедова Сапета ша Ашиковгахьа къовсур ду аьлла кхелехь.
XS
SM
MD
LG