ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даханчу КIирнах МаьIне ХIун Хилира Къилбаседа Кавказехь?


Оьрсийчоь -- Премьер-министр Путин Владимир ву Le Monde коьрта редакторна Кауффманн Силвина (Аьр) Handelsblatt коьрта редакторна Стейнгарт Габорна (Аьт) юккъехь, Ново-Огарево резиденцехь арахьарчу журналисташца хиллачу цхьанакхетарехь, 01Заз2012
Оьрсийчоь -- Премьер-министр Путин Владимир ву Le Monde коьрта редакторна Кауффманн Силвина (Аьр) Handelsblatt коьрта редакторна Стейнгарт Габорна (Аьт) юккъехь, Ново-Огарево резиденцехь арахьарчу журналисташца хиллачу цхьанакхетарехь, 01Заз2012

Хиллий Имарат Кавказан лидер Умаров Докка Путин Владимирна тIелатар дан гIерташ? Iедалан лаккхарчу даржашкахь болчу нахана йолан документ тIехь бакъдерг дийцар тIедожор муха хьакхалур ду Кадыров Рамзанах? ЭтIийна я ца этIийна Къуран Дагестанан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин векалша?


Чекхдаьллачу кIирнах хиллачу коьрта хиламашна хьесапдеш ю тахана Маршо радион аналист Фуллер Элизабет.

Маршо радио: Ахьа муха мах хадор бара, Оьрсийчохь президентан харжамаш тIекхачале масех де диссинчу хенахь, Путинна кечдеш хилла тIелатар юкъахдаккхар?

Фуллер Элизабет: Дуккха оьрсийн а, арахьара а экспертийн санна сан а яккхий шеконаш ю, Умаров Доккас урхалла а деш, оьрсийн премьер-министрана кечдеш хилла тIелатар юкъахдаьккхина аьлла, оршот дийнахь телевизионехула гайтинчуьн хьокъехь.

Одессехь вехачу жимастага Осмаев Адама дийцина боху иза оьрсийн а, украинин а къайлахчу сервисашна. Дуьххьара 2007-чу шарахь Москох лаьцна вара Осмаев, Кадыров Рамзан вен кечам беш хилла бохучу гIуллакхехула. Амма юха дIахецнера, цуьнан бехк хиларан тоьшалла ца карийна. Цул тIаьхьа иза Ингалс махка дIавахнера деша.

Осмаев Адам шен деца Асламбекаца лаьцна вара Чиллан беттан 4-чу дийнахь, Одессера цхьана петар чохь эккхийтар а хилла, цхьа нохчо Мадаев Руслан вала а леш, Казахстанера оьрси Пьянзин Илья дийна а вуьсуш хIума хилла бутт кхоччуш.

Оршот дийнахь оьрсийн «Хьалхарчу Каналехула» тоьшалла деш гайтира Осмаев а, Пьянзин а «Путин вен Умаров Доккас омар деллера шайна», бохуш. Украинерчу къайлахчу ницкъашна лаптоп карийна бохура, чохь, Путин дIасалелон машенийн ковранаш тIехь йолу видеош йолуш.

ХIокху гIуллакхехь шеконаш кхоллайолуьйту, мел лаххара а, шина хIумано. Цкъа делахь, Умаровн тIемалоша цкъа а ца бина кечамаш Оьрсийчоьнал арахьа. Кхеташ ма-хиллара, кхерамазаллица доьзна ду иза. Одессера нохчий къайлахчу ницкъийн боккхачу тидамна кIел бу, цундела, и гIуллакх шен юьххьехь чолхе долу.

Цул сов, Путин вен хIунда гIертар ву Умаров, баханчу баттахь хааме яьккхинчу видео тIехь цо ша аьлла, Путин Iедалера вохон гIерташ шаьш оьрсий бу урамашка буьйлуш. Схьагарехь, Умаровна дуккха а атта хир дара, Оьрсийчура хьал мал а далийтина, тIаккха цунах пайда эца хьаьжча.

Ша Умаровс цкъачунна хIумма а ца аьлла, Путин вен омар делла хилла бохучуьн хьокъехь. Цунна мел хан оьшур ю и дIахьедар дан а, цо иза тIелоцур ду-дац а, хаа лаара. Иза бакъ хир дара бохург дац иза. Амма нохчийн дуьхьалонан боламо шайна тIлаьцнера шаьш ца дина зуламаш. Царах уггар а билгалниг дара, Басаев Шамила Кадыров Ахтмат-хьаьжа вер шена тIелацар.

Иштта, тIе тидам озош ду, цкъа а Умаров Доккин Iоттар ян болу аьтто ца туьлуьйтуш волчу Кадыров Рамзана а, шен идол волчу Путинна тIелатар кечдеш хиллера бохучунна хIинццалц хIумма а аьлла ца хилар. Схьагарехь, цо дуккхаза а Умаров хIумма а дан гуьнахь вац баьхна хиларна хир ду иза.

Со шек хиларан шолгIа бахьана ду, «Путин вен кечдеш хилла тIелатар» Оьрсийчохь президентан харжамаш дIабахьа нийсса цхьа кIира диссинчу хенахь эккхар.

Оьрсийн пачхьалкхан Думин депутата Геннадий Гудковс а, Дагестанерчу дин дас Кебедов Iаббаса а дIахьедар дира, хIокху тIедогIучу кIиран дийнахь дIахьучу харжамашкахь Путинан рейтинг хьалаайа дина хIума хила тарло иза, аьлла.
Цо хаттар кхуллу: ФСБено 1999-чу шарахь хIусамаш а лелхийтина, Нохчийчохь шолгIа тIом болон даьккхина бахьана санна, ФСБено тIелацийтиний те Осмаев Адаме а, цуьнца хиллачуьнга а и зулам дар Умаровс тIедожийнера алар?

Маршо радио: Арахьарчу журналисташца шен пIераскан буса хиллачу цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан премьер-министро Путин Владимира кхечу дуккха а хаттаршкахь хьахийра, Iедалан лакхарчу даржашкахь болчара шайн бахамийн бакъдолу хьесапдан дезар ду аьлла. Иза Кадыров Рамзанах хьакхалур ду аьлла хета Маршо радион аналистана Фуллер Элизабетана.

Фуллер Элизабет: Селхана ша арахьарчу журналисташца къамел деш Путин Владимира билгалдаьккхира, ша юкъадаккха гIерта цхьа хIума – иза чекхдалахь, Кадыров Рамзанна цунах тешнабехк хир бу.
Цхьанатоьхначу Штаташкахь санна шайна тIейогIу са а, бахамаш а лачкъон хьаьжначу Iедалан лаккхарчу даржашкахь болчу нахана зуламхошна санна таIзар юкъадокккхур ду ша, элира Путина.

ХIора шарахь журналисташа тидаме оьцу Кадыров Рамзана шен бахамех лаьцна кхочушдеш долу йолан документ. Цо еш йолу харжаш а, дойу даккхий ахчанаш а цу документаца догIуш ца хилар билгалдоккху цара.

Кадыровн долара ахчанаш а, Кадыров Ахьмат-хьаьжин фонд а талларо а, цуьнан жамIаш хааме дахаро а дика меттиг кечъйийр ю Путинна низамашкахула иза жоьпе озон, нагахь санна Кадыровн карахь тIех дукха ницкъ бу аьлла цунна хеталахь.
Иза, иштта, тидаме эца догIур ду, масех шарахь цуьнан шолгIа а Нохчийчоьнан куьйгалхочуьн хан чекх яьлча, Кадыров муьлхачу дарже хIоттор ву бохучу хаттарехь а.

Маршо радио: Дагестанехь ницкъаллийн структураша дIаьяьхьначу лерринчу операцехь Къуран сийсаздина бохучунна гонаха йоккха гIовгIа яьллера цу республикехь.

Фуллер Элизабет: Къилбаседа Кавказера хьолана тIехьовсучу хьажархоша цхьабосса дуьйцург ду, Дагестанан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министралла бусулба нах шех къехкорца гена ялар, къаьсттина салафиташца.

Министраллин стратегино луьра бакъонаш йохайо Дагестанан президент лаьттинчу Алиев Мухьус олуш ма-хиллара «кхечу тайпа ламазаш дечеран». Ваххабизм йоьхкуш низам ду цигахь 1999-чу шарахь тIеэцна. Полицино гуттар а пайда оьцу оцу низамах шайн цхьа жимма а шеко йолчу стеган хьокъехь.

ХьастагIа, цхьа иттех де хьалха хилла ду ишттачех цхьа хIума Дербентан кIоштерчу Татлярехь. «Силовики» олучу наха ницкъ бинера эвлахошна, жимий-воккхий ца къестош. БахмудовгIеран доьзалехь карийна Къуран этIийнера. Оцу доьзалан шина кIантах цхьаъ, Муса лецира герз а, исламан литература а хиларна.

Жимах волчу БахмудовгIеран вашас Мухтара интернет тIе яьккхинера, лехамаш дIахьуш хилла операци. Дагестанерчу бусулба организацийн тобано дIахьедар арахецна даханчу кIиран дийнахь, Къуран иэтIор емалдеш долу.

Республикан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министралло, догIуш ма-хиллара, керстадина шен векалша Къуран иэтIийнера бохург. Цунна тIаьххье изза аьлла еарин дийнахь Дагестанан куьйгалхочо Магомедалаиев Мохьмадсалама а. Цо тIе ца дитина, Къуран иэтIийна хир ду бохург. «Дагестанхойн ша-тайпа ларам бу Къуране» аьлла цо. Цо емалвира Бахмудов Муса, Къуран тхов тIехь кхечу литературин юккъахь а латтош, цуьнга ларам ца гайтарна»
XS
SM
MD
LG