ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лерго лоцу дуьне бIаьрга ган а доцуш...


Нохчийн музыка стенна яц ноташкахь?

Кху деношкахь Венехь бехачу вайн махкахошка ша-тайпа дехар дина хиллера Австрехь цIе яхана йолчу цхьана вовшахтохараллан декъашхоша, нохчийн иллех а, эшарех а лаьтта леррина программа кечъян дагахь яра шайн хор, аьтто балахь ноташца дIаязбина мукъамаш баийтахьара шайна аьлла.

Цу дикачу гIуллакхехь дакъалаца а лиина муьлхха а нохчочун дог дашош долчу масийтта иллин а, эшаран а ноташ вовшахтоха а лиина, уьш лаха дуьйладелира тхо.

Гучудаьлларг дара иза дан ма-моьтту атта цахилар. Гарехь, тахана кхин баш дIоггара нотанаш лелош дукха нах болчух тера дац Нохчийчохь. Цунах лаьцна халахетарца дийцира композиторо, илланчо Димаев Iелас. Кхечу мехкашкахь а нохчийн мукъамаш бовзийта ноташка бехкина хила беза уьш, бохуш вара иза.

Димаев Iела
Димаев Iела

Масаллина 1988-чу шарахь ша яздинчу «Обарган иллин» ноташ а даийтира Димаевс. ЛадогIархошна и илли девза «Нохчийн гимн» санна. Ша иза язъяр муха нисделира а дийцира Димаев Iелас.

Кху деношкахь Димаев Iела кечам беш ву цу иллин керла верси дIаязъян. Иза дIаолуш 100 гергга стагах лаьтта хор а хир ю бохуш вара иза.

1980-чу шерашкахь летира нохчийн вевзаш волчу композиторан, илланчан Усманов Iимранан кхоллараллан седа.

Соьлж-ГIаларчу музыкан училищехь доьшуш студент волуш, илли яздаран кеп шена йовзарца язйина хиллера цо, тахана наха хазахета «Дагмара» цIе йолу йиш. Иза муха нисделира иштта дуьйцу Усманов Iимрана.

Усманов Iимран
Усманов Iимран

Усманов: «Со училищехь доьшуш волуш язйира ас «Дагмара». ХIетахь яцара вайн цIахь дIаолуш кхаа декъах лаьтта эшарш. Со радио иза дIаязъян вахча, хIара хIун ю, кхо эшар ма ю ахь еанарг аьлла, дIа а ца язйира сан иза».

Дукха ширачу заманахь дуьйна вайнехан дахарехь доккха дакъа дIалоцуш хилла музыка. Цуьнан ницкъах кхеташ хилла уьш. Иштта къизачу эланах лаьцначу нохчийн туьйранехь дуьйцуш ду, цо бага лалийна даш дуттур аьлла хиларх лаьцна, шен къант кхелхина аьлла вон кхаъ беанчу муьлххачу а стагана. И бахьана долуш говзанчо кхо мерза болу дечиг пондур кхуллу. Оцу пондаран мукъамо дуьйцу элана цуьнан кIант муха кхелхира.

Нохчийн музыка ю йиъ кеп йолуш - «ладугIа йиш», «дошлойн йиш», «хелхар йиш», ша йиш, «илли».

Царах лаххара а кхо кеп лелош хилла нохчаша синкъерамашкахь а, ловзаршкахь а.

Божарийн тобано локху иллеш даима дукха дезачех ду нохчийн музыкан културехь.

Ткъа дошлойн эшаран масал санна балор вай, Димаев Iелас кечбина хIара мукъам.

Цхьаболчу хаамашца, кху кепара маршан мукъам ноташца дуьххьара дIаязбина хилла 1847-чу шарахь Нохчийчохь тIом беш хиллачу оьрсийн эпсаро И. Клингера.

Нохчийн историкаш дийцарехь, 20-гIа бIе шо далалуш дуьйна ноташца дIаязйина дуккха а нохчийн эшарш а, иллеш а ду Европерчу пачхьалкхашкрчу а, Iамеркан а архивашкахь. Уьш тIекхача аьтто болуш а ду боху цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG