ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газета Европа": Кадыровн метта харжа тарло Алаудинов Апти


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Оьрсийчоьнан президентан администрацихь билгалваьккхина хила тарло Кадыровн метта хIоттон верг: нохчийн "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти хир ву и. Иштта ду, "Новая газета Европа" хьасто Нохчийчоьнан политикан ландшафтан бинчу талламийн жамIаш.

Редакцино карладоккху, Алаудинов Оьрсийчоьнан тIеман министраллин тIеман-политикан белхан Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс хIоттор. Хьостан талламчаша элира иза цу дарже хIотторах "Алаудинов Аптин хинйолчу Iаламат йоккхачу карьере" трамплин йу аьлла.

Иштта билгалдоккху 2023-чу шеран гIуран-баттахь Москвахь "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" съезд дIайахьар, цигахь делегаташ тIетайра Путин Владимиран пхоьалгIачу президентан ханна. Оцу съездехь къамел дира Алаудиновс а, "НГ-Европа" редакцина хетарехь, "публикана хьалха кхузаманан нохчийн ницкъахо" ша волуш санна, цо дIагайтира.

Талламчаша иштта йаздо, могушалла эшна хиларна Кадыровн аьтто бац даржехь висса. Нохчийн лидеран диагнозашлахь йуьйцу панкреатит чIагIйалар, цуьнца доьзна набаран йекхоьн некроз а, панкреатогенан асцит а. Хаамбарехь, 2023-чу шарахь коме вахийтина хилла Кадыров "Дормикум" транквилизатор совъйаьлла, лазар чIагIдаларна а, наб йарна а барам совбаьккхина хила тарлора цо.

"НГ-Европа" газетана хетарехь, стохка гезгамашин-баттера схьа дуьйна Оьрсийчоьнан президентан администрацихь сценарий йу кечйеш, цIеххьана Нохчийчуьра Iедал хийцу эшахь а бохуш.

  • Кавказ.Реалиин редакцино иштта йаздира, Кадыровн метта хIоттон тарло Алаудинов Апти аьлла.
  • Официалан хаамашца, инарла хинверг дуьненчу ваьлла Ставрополь-махкара Новосельский кIоштан "Керла маяк" олучу стоьмаш кхиочу совхозехь эпсаран доьзалехь. 2001-чу шарахь, Нохчийчохь тIемаш боьлхуш, Нохчийн пачхьалкхан университетан юристан диплом ийцира цо, цул тIаьхьа прокуратуре балха а хIоьттира. Цул хьалха, Кавказ.Реалии сайтан хьасташа дийцарехь, Соьлжа-ГIалара базарахь мах беш вара иза.
  • Шен 29 шо долчу заманчохь йолийна Алаудиновс карьера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь. Исс шарахь кхерамзаллин урхаллин белхахочунна тIера тобанашкахь зуламаш дечарна дуьхьал къийсам латточу урхаллин куьйгалхочун а, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсан даржашка кхечира иза.
  • Кеп-кепарчу хьастийн хаамашца, инарла бехке лоруш ву, Кадыровн цIарахчу полицин ППС-н полкан дозана тIе лаьцна валийна хилла ткъе иттех гергга стагана тоьпаш тохарна. Ишта цо дакъалаьцна Iедалхошна товш боцчу кегийчу нехан а, оппозицин гIуллакхдечийн а гергарчарна йеттачохь; Давыденко эвлара нах кхерийнера цо; Кадыровн дозанал арахьа а, республикехь а бехачу критикашна кхерамаш тийсира цо, "террорхочух а, экстремистах а тера волчунна" шайн хьаштдерг де аьлла, тIедожийра цо шен куьйгакIелболчарна.
  • Кадыровн бIанакъост вохийра даржера 2021-чу шеран зазадокху-баттахь. Кадыровс дIатеттинчуьра йухавалийра инарла Украинехь болийначу тIамо – 2022-чу шеран зазадокху-баттера схьа дуьйна оккупаци йинчу дозанаш тIехь ву иза. Йуьхьанца "Ахмат" СОБР-н куьйгалла дан хIоттийра Алаудинов, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь вира цунах, кхин а масех бутт баьлча сепаратистийн "ЛНР-н" 2-чу армин корпусан командиран гIовс хIоттийра иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG