Новочеркасскан медицинан колледжан директоран декхарш ханна кхочушдечу Шикуля Игоря дIахьедина, кху деношкахь доьшучуьра дIайаьккхина пхи студент юха дIаоьцур ю шаьш. Нагахь санна, хьиджабаш цара лелор йацахь аьлла, билгалдоккхуш.
"Дон24" агенталлина йеллачу интервьюхь Шикуляс дIахьедина, кеп-кепарчу курсашкахь колледжехь доьшуш бархI студент йара хьиджабаш лелош. Доьшийлан чоьхьара низамаш цара дохадо аьлла, масийттазза шайца къамелаш динчул тIаьхьа, иштта психолого а цхьаьна, кхо йоI реза хилира хьиджаб охьайаккха. Пхи студент дIайаьккхира.
Хьалхо адвокато Нурбагомедов Мохьмада дийцира, ша Iалашдан тIелаьцна зудабераш Новочеркасскера а, Нохчийчуьра а, Дагестанера а ду аьлла. Делахь а, Шикуляс чIагIдо, Нохчийчуьра студенташ бац "бохург ца деш, хьиджабаш лелийначарлахь" аьлла. Колледжан куьйгалло дIахьедо, динан атрибутика йолу духар лелор дихкина ду доьшийлехь, ткъа хьиджаб лелайойла дац операци йечу чохь. Оцу юкъанна, Нурбагомедовс билгалдаккхарехь, доьшийлан куьйгаллин хеттарш дац диллина жIараш лелочу православин студенташка.
Кеп-кепарчу инстанцешка чуделла аьрзнаш ду студенташ дIабахарна, иштта омранаш каракхаьчначул тIаьхьа кхеле лур йолуш ю иск. Шаьш студенташ Донерчу дагестанхойн махкахолле бевлла, церан векалша хIинцале а къамелдина колледжан куьйгаллица, делахь а аьтто баьлла бац.
Нохчийчочьнан а, Дагестанан а Iедалхоша цхьана а агIор комментарий йина йац инцидентах лаьцна.
- Тюменера школано 2022-чу шарахь ца хийцира шайн доьшийлан чоьхьара дешархойн хатIца доьзна низамаш, хьиджаб тиллина Дагестанера яхархо чуйита школан директор духьал хиллачул тIаьхьа.
- 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Астраханерчу пачхьалкхан лоьрийн университетан студенташа латкъамаш бира, доьшийле чудоьлхучохь коьртара хьиджабаш дIаяхийтира шайга, студентийн билеташ схьадохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллира респуликерчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна, оцу хаттарх йистъяккха аьлла. Даудов Мохьмад Оьрсийчоьнан могушаллин министраллин векалшца зIене велира, проблема цхьахаяккха аьлла, тIе а дожош.
- 2021-чу шарахь инстаграмехь лакхарчу медицинан доьшийлан хьехархочо, цергийн лоьро ксенофобин дIахьедарш яздарна Кубанан пачхьалкхан медицинан университет девна юкъахь нисъйелира. Оцу доьшийлехь хьехархо ю ша аьллера цо. "ТIаьххьарчу хенахь дIакъовлабелла Нохчийчуьра бусулба мехкарий баьржина", дIахьединера цо, ша иштаниш "деша чу ца буьту" аьлла.