ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новосибирскехь "хьиджабашна дуьхьал йинчу рейдана" латкъамбина бакъонашларйархоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Оьрсийн халкъан дружинин" декъашхоша рейд дIайаьхьна хьиджабашна дуьхьал Новосибирскехь, хаамбина "Сибирьмедиа" телеграм-канало. Бойкот йийр йу шаьш а бохуш, цара тIедожийнера меттигерчу аптекера цхьахйолчу йохкархочунна коьртара йовлакх дIадаккхар. Жигархоша лелочунна полици дIахьединера бакъоларйархоша.

Сурт даьккхинчу аптекин белхахочун коьртара йовлакх хьиджаб хеттера "Оьрсийн халкъан дружинехь" болчарна – жигархойн кхетамехь, радикалан исламехьа хиларан билгало йу и. "Дружинин" агIончашца йоьзначу пабликаша аптекин куьйгалхочун цIарах динчу дIахьедаран шаблон йаржийна – цу тIехь тIедожийна "йа хьиджаб дIайаккха" йохкархочун коьртара, йа иза балхара дIайаккха аьлла. Инициативана тIетайначу меттигерчара дIахьедина комментарешкахь, Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа "исламан терроризмаца къийсам латтош ду шаьш" оцу кепара аьлла.

"Рейдаш" дIайахьар низамийн гурашкахь дуй хьажа аьлла дехар дина Ставрополера "Йукъараллина а, бахархошна а гIо латточу Центран" бакъоларйархоша. Журналисташка дийцарехь, жигархоша кхин а масех оцу кепара акцеш дIайаьхьна боху. Цунах лаьцна йаздина, центран куьйгалхочо Чаблин Антона урхалла дечу "Акценташ" сайтехь.

Хиллачунна цкъачанна комментари йина йац Новосибирскера полицихь.

"Сибирьмедиас" хаамбарца, "Оьрсийн халкъан држинин" коьрта болх бу – мигранташна а, бакъо йоцуш йохка-эцарна а дуьхьалойар.

  • Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа рейдаш йолийра белхан мигранташна дуьхьал. Полисхоша тергоне эцна иштта Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а белхаш бен Йуккъерчу Азира бахархой. Дукхахболу мигранташ дIабоьлху, шайн дахарх кхоьруш, кхерамзалла ца хиларна, ткъа цхьаберш бертаза арабоху махкара. Кавказ.Реалиин редакцина эксперташа дийцира, экономикан а, социалан а муьлхачу проблемашка кхачор ву оцу хIоьттинчу хьоло.
  • Подмосковьера концертан хIусамна тIелетира зазадокху-беттан 22-чохь, официалан хаамашца велла цигахь 144 стаг. Терактана Оьрсийчоьнан ницкъахоша бехкебо Йуккъерчу Азин пачхьалкхашкара нах. ТIелатарх жоьпалла шайна тIелаьцна террорхойн леринчу "Исламан пачхьалкхан" афганхойн гарано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG