ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн бакъйолу истори йовза лаьа нохчашна


Нохчийчоьнан истори, хууш ма-хиллара, хIинца а кхоччуш теллина а, язйина а яц. Амма и кхачамбацар дIадаккхар Iалашонца къахьоьгуш бу даймохк безаш а, цунна сагатдеш а болу вайн къомах болу похьма долу историн Iилманчаш. Царах ву Малхбузерчу Европехь веха Вачагаев Майрбек а, Абумуслимов Сайд-Хьасан а.

Историн Iилманча Абумуслимов Сайд-Хьасан дуккха хан ю нохчийн бакъйолу истори язйеш волу. Тахана цо толлург ю Советан Iедал Нохчийчу деана хан. Кхин а юххера аьлча, ЦIоьнтарахь хилла тIом а, цуьнан бахьанаш а, цу тIамехь эгначу турпалхойн цIерш а.

Кху гергарчу хенахь хилла турпалхой бицбина бехачу вайн нахана хууш хир юй-те цу хенахь даймохк маьрша хилийта гIерташ шайн синош дIаделлачу нехан цIерш, юртахошна тахана хаьий уьш муьлуш бу бохучу хаттарна а жоп ло цо.

Вачагаев Майрбека дуьйцу ша толлучу заманах а, Малхбузерчу Европера пачхьалкхашкахь а, Гуьржийчохь а, Iамеркехь а архивашкахь нохчийн исторех лаьцна шена карийначу тептарех а лаьцна.

Нохчийн къомах болчу наха Оьрсийчоьно лелочу политикехь йитина ларш а хьахийра Вачагаев Майрбека.

XS
SM
MD
LG