ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна балеевлла "зачисткаш" цIеххьана юхаяьхкина Нохчийчу


Нохчийчоь -- Куршлойн кIоштахь "зачистка" дIахьош ю республикера ницкъаллин структураш.
Нохчийчоь -- Куршлойн кIоштахь "зачистка" дIахьош ю республикера ницкъаллин структураш.

Дечкен-беттан 11-чу дийнахь Нохчийчохь леррина операцеш дIахьош лаьцначу 22 стеган цераш. Амма и терахь хийцалуш ду. Цхьаболчу хаамашца (къаьсттина цунах лаьцна дукха хаамаш бу социалан машанашкахь) Цоцин-Эвлахь а, Гелдаганахь а, Куршлойн-Эвлахь а, БIачи-Юртахь а, Шелахь а, Гермачигахь а, Аргунехь а дIалецна ву 100 герга жима стаг.

2003-чу шарахь Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь Нохчийчохь референдум хилале цхьа де диссинчу хенахь телевизионехула нохчашка леррина кхайкхам бира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Путинан суртийн гайтам, 2003 шо
Путинан суртийн гайтам, 2003 шо

Нагахь референдумехь нохчаша керла конституцин проект тIе а эцахь, президент харжаран низам а тIеэцахь дерриг а дика хир ду бохура цо.

Цоцин-Эвлахь а, Гелдаганахь а, Куршлойн-Эвлахь а, БIачи-Юртахь а, Шелахь а, Гермачигахь а, Аргунехь а дIалецна ву 100 герга жима стаг

Цу шен вистхиларехь Путина элира, дан дезарг Нохчийчура бахархой кхерамехь бахарх хьалха бахар а, буьйсина неIарх пIелг тоьхарх ца кхоьру, зачистка хир ю бохуш ца кхоьру хьал хIоттор а ду аьлла.

Цул тIаьхьа даьлла лаххара 13 шо. Амма 13 шо хьалха хилла зачисткаш цIеххьара юхаяьхкина Нохчийчу. Тахана оьрсийн салттийн метта уьш дIахьош бу цу зачисткех шаьш кхийрина болу нохчий.

«Новая газето» зорбане яьккхина Дечкен-беттан 11-чу дийнахь Нохчийчохь леррина операцеш дIахьош лаьцначу 22 стеган цераш.

Амма и терахь хийцалуш ду. Цхьаболчу хаамашца (къаьсттина цунах лаьцна дукха хаамаш бу социалан машанашкахь) Цоцин-Эвлахь а, Гелдаганахь а, Куршлойн-Эвлахь а, БIачи-Юртахь а, Шелахь а, Гермачигахь а, Аргунехь а дIалецна ву 100 герга жима стаг.

Нохчийчура герзаца йолчу ницкъаллин структураш вийна лаххара а 4 стаг. Уьш тIемалой хилла, полицин белхахошца тIом бан дагахь хилла, бохуш дIахьедарш до Нохчийчура Iедалан векалша.

Кадыровс дийцарехь, Дечкен-беттан 11-чу дийнахь эшийна йолу тIемалойн тоба ДАIИШ (ИГИЛ а олу цунах) олучу Шемахь а, Иракъехь а латтанаш дIалаьцна йолчу террорхойн тобанца йоьзна хилла.

Оьрсийчоьнан гвардин белхахошна юкъахь а ду дараш. Царах вийна ши стаг (салти Хашумов Хьамзат а, ефрейтор Хутаев Бекхан а).

Кху сохьта Нохчийчура ницкъаллин структурийн белхахоша лоьхуш ву Куршлойн-Эвлара вахархо Мадаев Узум-Хьажа. Иза хилла боху, цхьаболчу хаамашца, тIемалойн тобанан куьйгалхо.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву жигара дакъалоцуш къайлаха лелачу тIемалошна дуьхьал йолийначу лерринчу операцехь. Шайн кхиамех лаьцна дуьйцу цо шен Инстаграмехь йолчу агIон тIехь.

Кадыровс дийцарехь, Дечкен-беттан 11-чу дийнахь эшийна йолу тIемалойн тоба ДАIИШ (ИГИЛ а олу цунах) олучу Шемахь а, Иракъехь а латтанаш дIалаьцна йолчу террорхойн тобанца йоьзна хилла.

Цунна дуккха а тоьшаллаш ду, шайна юкъахь телефонехула дина къамелаш а, омраш луш бахкийтина хаамаш а болуш аьлла, дIахьедар дира Кадыров Рамзана. Шайн лерринчу полицин декъан белхахоша тидамехь латтош дара иза бохуш вара иза.

«Кавказ. Реалли» интернет ресурсо дийцарехь, Нохчийчохь лецна иттаннаш «тIемалой» хиларо гойтуш ду Iедалшна дуьхьал болчу кегийрхошца йоьзна цу республикехь йоккха проблема хилар. Берриг а лецна кегийрхой ДАIИШ тобанан агIончийн могIаршка дIаязбар нийса хир дац аьлла хета цу интернет ресурсана.

OMON chechnya police
OMON chechnya police

Социалан машанашкахь Нохчийчура бахархоша бехкаш дохку меттигерчу Iедалшна, цара шайн куьйгашца тоьтту нохчийн кегийрхой террористийн могIаршка бохуш.

ТIемалой бу бохурш кегийра нах бу, уьш байа оьшуш дацара, и нах лортIе бало дуккха а кхин некъаш хиларна, бохуш яздо цара Нохчийчохь леррина операци дIахьош яьхначу видеошна кIеллахь шаьш юьтучу комментарешкахь.

Кхузахь шена тIе тидам бохуьйтург кхин цхьа хIума а ду. 2014-чу шарахь Нохчийчура дIабахара, берриг а аьлча санна, нохчийн тIемалой. Шемахь а, Иракъехь а царах дукхах берш кхелхина.

И бахьана долуш Нохчийчура Iедалш доккха садаккха мегар дара. Ткъа цIеххьана керла тIемалой мичара бевлла цигахь? Цуьнан бахьана иштта го Вашингтонерчу политикан экспертана Шамилов Сайд-Эмина.

Шамилов Сайд-Эми: "Тахана Нохчийчохь шортта доьнал долуш нах бу. Вай юха а тIом болабахь уггаре а хьалха вай бойурш нохчий хир бу. Нохчочо нохчий вер, иза муьлххачу агIор хиллехь а, чIогIа хала хIума ду. Вайн къоман мостагIийн луург далар санна хета суна иза, и мостагIий миччахь белахь а.

Тахана оццул онда йолу Украина а, Гуьржийчоь а, НАТО а озалуш йолчу Оьрсийчоьнах латар вай юха а хIаллак даран дозанна тIететтар санна хIума хета-кх суна".​

Цхьаболчара дIахьедарш до тахана доладелларг юьхье хила мега нохчийн кегийрхошна юкъахь гIоттучу дуьхьалонан боламан тулгIенан бохуш. Амма шена цигахь гуш дерг кхин сурт ду боху Шамилов Сайд-Эмис.

Шамилов Сайд-Эми: "Бусулба динан масийтта агIо ю. Наха шайн кхетамца тIеоьцу интернетехь бусулба нах Шемахь бойуш бу, цига даха деза бохуш дуьйцург. ДАIИШ-на реклама еш арабевлла лелаш цхьа нах бу. Цара бечу кхайкхамаша меттахбоху вайн цхьаболу кегийрхой.

Делахь, кху сан махкахь а шортта харцонаш ю-кх олий, и харцо хийца хIун дийр дара-те олий (арабовла) уьш. Соьга хаьттича иза лортIехь дац. Шемахь дерг дIанисдан бIеннаш миллионаш Iаьрбий бу. Вайна тахана тIом оьшуш хьал дац. Я шема дIадаха гIуллакх а дац".​

Мухха далахь а, хуьлург бахьана долуш синтем байина бу тахана берриг а Нохчийчура бахархой.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG