ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий хьахош ца хилча дош ца хета


Blues филм гойтуш даьккхина сурт.
Blues филм гойтуш даьккхина сурт.

Нохчийчохь хуьлург хаа лаьа Малхбузехь бехачу нахана. И бахьана долуш кхоллараллан белхахой а хуьлу нохчех лаьцна дийца лууш филмаш йохуш а, книгаш а, артиклш а язъеш а боху Немцойн а, Кавказхойн а юкъараллан куьйгалхочо Маас Экхарда. Цу хьокъехь шена хетарг довзуьйту Iамеркера политикан эксперто Шамилов Сайд-Эмис а.

Кхаарин сарахь немцойн ZDF телеканало филм гайтина Малхбузерчу Европехь политикан тховкIело карийначу нохчашна юкъахь Кремлан агенташ хилар дуьйцуш.

Шина дашца аьлча, филман коьрта турпалхо ву 2012-чу шарахь Оьрсийчура ведда волу ФСБ-н лаккхарчу даржехь хилла белхахо. Филмехь цуьнан цIе ю Игорь. Цо дуьйцу ша болх беш волуш шаьш Европе леррина кечбина нах эхийтар, цхьацца Iалашонаш кхочуш ян бохуш.

Филм тидам боцуш ца йитина Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша. РИА Новости агенталло, масала, хаам бина «Путинан шийла тIом» цIе йолчу филман авторо Кох Эдмонта дийцарехь, ФСБ-но Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашка шен агенташ оьхуьйту, мухIажираш бу аьлла кехаташ а дохуш аьлла. Амма цхьа а тоьшалла ца далийна режиссеро, боху агенталло.

Вай юьйцучу филман режиссеро дехар дича ша комментари йира цунна боху Немцойн а, Кавказхойн а юкъараллан куьйгалхочо Экхард Мааса. И филм нохчех лаьцна яц элира цо.

Маас: "И филм нохчийн тематиках лаьцна яьккхина яц. И филм Литвиненко санна ведда волчу ФСБ-н полковниках лаьцна ю, шен балхах лаьцна дуккха а дуьйцуш волчу. Цуьнан цхьана белхахочунна хьалха хIоттийна Iалашо хилла Германе кегийра нохчий спортхой хьажор, кхузахь цхьацца гIуллакхаш чекхдаха дезаш болу.

Кхузахь мухIажираш бу аьлла болу нах кехаташ а, тховкъело а, ахча а оьцуш ФСБ-н агенташ санна болх беш хиларо сагатдойту нехан. Тхан юкъаралло жоп ло цу тайпачу хIуманашна, масала, кху тайпачу филмаца. Режиссеро дийхира соьга комментари яхьара аьлла. Оха иза йира. Кхин хIумма а дац".

Ткъа муха васт кхуллу Малхбузенехь гойтучу филмаша нохчех аьлла шега хаьттича, Мааса элира Нохчийчохь хуьлург хаа лаьа нахана, ткъа режиссерашна а лаьа нохчех лаьцна филмаш яха аьлла. Мааса дийцарехь, Оьрсийчоьнах лаьцначу филмехь нохчий хьахош ца хилча баш дош хетачух тера дац нахана.

Маас: "Режиссерашна лаьа нохчех лаьцна филмаш яха. Цаьрна хаа лаьа цигахь хуьлуш дерг хIун ду, муха дехаш ду цигахь адамаш. ТIехула тIе царна филмаш яха лаьа нахана хьажа луур долу, шайн цIе йоккхуьйтур йолу. Цара Нохчийчоь ша ма ярра гойту. Нохчийчоь тера ю Къилбаседа Корейх, цхьана дашца аьлча".

Германехь тховкIело карийна дуккха а тIом бахьана долуш махках бевлла лелаш нохчий бу, царна а ца деза цу пачхьалкхехь маьршша лелаш Кадыровн нах хилар, боху Мааса.

Маас: "Кадыровн Iедалех бевдда болу нохчий политикан мухIажираш бу. Царна ца деза шаьш муьлуш ду хаа гIерташ, шайх лаьцна хаам гулбеш болу цуьнан нах маьршша лелаш хилар. Уьш Германехь кхерамехь бу. Царна иза ца тов".

Вашингтонехь вехаш волу политикан говзанча Шамилов Сайд-Эми шен тидамехь лаьттош ву нохчех лаьцна Малхбузенехь зорбане йолу книжкаш а, артиклаш а, филмаш а.

Цуьнга хаьттира ас цхьацца дакъош ца дийцича, баккьалла а нохчийн къоман кхолламанна сагатдеш бу цу кхолларалла авторш аьлла сурт хIуттий аьлла. Нохчех къахеташ хила а мега цхьаберш, амма шена хетарехь, Путин Владимире а, цуьнан Iедале а цабезам хиларна гойтуш сурташ дара аьлла хета шена уьш бохуш вара Шамилов.

Нохчийн тIемалой вуно ирча гойтуш бара шена гинчу Нохчийчоьнах лаьцначу филмашкахь а, репортажашкахь а. Изза гайта гIерташ хилар Iамерке Нохчийчоьнах лаьцна дийца баьхкина говзанчаш бу боху нах а бохуш вара иза.

XS
SM
MD
LG