ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн кегийрхоша Австрехь динчу зуламо эргIадбахийтина вайнах


Австрин полици. Вена, 2016.
Австрин полици. Вена, 2016.

Белгехь а, Германехь а, Австрехь а нохчийн къомах нах декъа а болуш гIовгIане криминале талорш хилла кху деношкахь. Хаамийн гIирсаша а, тешаш а чIагIдарехь а, цу талорий декъа кхиазхой а, гIеметтахIиттина нах а бу.

Даханчу Шоьтан дийнахь дуьйна яьржира Австрехь бехачу вайнахалахь ватсаппехула дIасахоьхку инзаре видео. Цу тIехь гуш ю цхьа кхиазхойн тоба, Iадда ши куьг кисана а диллина лаьттачу, тIехьажарехь 13-14 шо долчу цхьана зудберана бетах тIара детташ.

Гансгстерийн тобанаша а, урамашкарчу жоьлгаша а буьйцучу кепара диалектаца немцойн мотт буьйцучу цхьана йоIа-кхиазхочо кхайкхамаш бо шен накъосташка цу зудберана кхин а, кхин а тIетоха бохуш. РогIехь цхьацца тIе а воьдуш, цкъа аьрро агIор тухуш, тIаккха аьтто агIор тухуш юхь тIе тIара детта цара цу берана.

Важа дуьхьало ян ца йоьхьуш, Iадийча санна лаьтта. Эххар а етташ йолчех цхьаммо кхойкху цхьана Абуга, хетарехь, и дерриге а тергал а деш, йистахо лаьтташ волчу.

ТIаккха гучуволий Абус, ехха шена аттох йолу позици схьалоцуш, буйнал бен доцучу зудберана тоха кечлуш шен куьйгаш дIасалестош, баккхий кечамаш а бой, массийтаза тIара туху берана, гонахьарчара резахиларан аьзнаш а хазош.

Шайн закъалте бага хьала а гIаттайойтий, шен багара оьхуш долу цIий схьагойтуьйту цара тIаккха. Цул тIаьхьа видеогайтам чекхболу.

Амма чекхбаьлла ца хуьлу цу зудбере криминалечу кхиазхойн бандано хIоттийна болу бала. Видеокамера дIаяйъинчул тIаьхьа цу тобанахь уггаре а воккхах волчу цхьана 21 шо долчу Iамирхан цIе йолчу жимчу стаго бетах хIума тоьхна хуьлу цу йоIана, шина меттехь цуьнан мочхал а кагдеш.

Цу еттарехь декъахилларш гучубевлла юкъараллина а, Iедалхошна а царех цхьаммо ша, 15 шо долчу Леоние цIе йолчу талорхочо шен хьекъал ца хиларна и шаьш къизалла лелош йолу видео Фейсбукехь шен агIонна тIехь зорбане яьккхинчул тIаьхьа.

Оцу сохьта гIарделира зудберан йиттинарш муьлш бу, шайн цIерашца а, телефонийн номершца а. Гучудаларца, тобанан декъа цхьа австрихойн йоI а хилла, и хьахийна йолу Леони. Кхин цхьа 15 шо долу нохчийн къомах йоI хилла, ши нохчийн кIант а хилла.

Видео интеренет машанахь зорбане яьллачул тIаьхье дей-буьйсий далале цхьаъ ах миллион стаг хьажнера цуьнга, масех эзар комментареш а гулийнера цо, шайна юккъехь дукхах ерш цу бандин декъашхошна бекхам баре кхойкхуш ерш а йолуш.

Ткъа цу кепарчу IалагIожах а, шайн бекхам барх а кхеравеллачу тобанера ши кIант шаьшшиъ полицина тIевахнера, шаьш цу йоIана еттарна мукIарло а деш. ХIинца и шиъ Санкт -Поьлтенерчу набахтехь ву, ткъа важа ши йоI цкъачунна арахь йитина Iедалхоша, цу шиннан персоналеш билгалъяьхначул тIаьхьа.

Муха хIун бахьана ду-те хIинцалца схьа оьрсийн телевизионехь „Пусть говорят“ бохучу программехь бен юьйцу ца хезна йолу кхиазхойн къизалла нохчийн берашна юккъехь яржаран? Муха нисделла-те тIамах бовдийна машаречу Европе а бахкийна, оьшуш хIума доцуш паргIатонехь кхиош болу нохчийн кхиазхойн сел даккхийчу терахьашкахь криминалан хроникийн декъашхой хилар?

Австрерчу набахтешкахь чубоьхкина латточу нохчийн кегирхошца кхетош-кхиоран белхаш бечу меттигерчу диаспорин жигархочунна Исханов Хьусейна хетарехь, бехк дас-нанас шайн доьзалца йолу уьйраш мал йина хиларехь лаха беза, кегийчарний, баккхийчарний юккъера гергарлонаш херделла хиларехь а.

Исханов Хьусейн: „ХIокху Венехь а, Австрехь а дукха нохчийн къомах адам гулделла. Вуно дукха кхиазхой а, кегирхой а бу царна юккъехь. Хийла да я нана доцуш бераш а ду царна юккъехь. Амма цаьрца кхетам кхиоран болх дIабахьа а, царна вайн кхоман гIиллакхаш дийца а, Iамо а меттиг бац вайн кхузахь. Кегирхой арахь лелаш бу.

Арахь царах цхьаъ вогIуш -воьдуш гича, я де дика дар а, я салам далар а дац цаьрца. Вай вовшашна девзаш ца хилча вайн юкъаралла хир яц. ХIора а шен-шен лаамца, шена атта долчу агIор лелаш хуьлу тIаккха. Цундела вайн къомах болу кегирхой набахте бухкуш а нисло, юха цу чуьра арабевлла а оццу шайн системе юккъе уьш юхабогIуш а нисло.“

Цу юкъана Венерчу Кагранехь кхиазхойн тобано шайла гIийлачу зудберан еттар цхьаъ хилла ца Iа кху деношкахь нохчий декъа а болуш Малхбузехь хилла зулам. Белгехь шина нохчочо вовшашна арсаш диттина вийна боху хаам бу хаамийн гIирсашкахула лелаш.

Ткъа Германехь Зенфтенберг олучу гIалахь 31 шо долчу цхьана вайнеха жимчу стаго шен хIусамнана йийна, цкъа хьалха шолгIачу гIаттIерачу петаран корехула ара а кхоьссина, цул тIаьхьа иза дийна карийча, урс диттина. Шен пхеа берана ненаца дов даьллачу цу стаго цкъа хьалха берашна а хьалха йиттинера зудчунна.

Цул тIаьхьа корах аратеттинера. Ялх метар лакхара чукхетта, цIийх юьзна лаьттахь Iуьллуш йолу шен хIусамнана дийна юйла кхеттачул тIаьхьа урс эцна охьа а воьссина, Iедалхоша чIагIдарехь, шозза логах урс хьаькхна йийна цо иза. Ерхо хIинца набахтехь ву, ткъа церан пхи бер берашна Iуналла дечу

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG