1944-чу шарахь нохчийн къам дохийна, Сибреха а, Юкъерчу Азе а хьажор, цуьнца доьзна къомана тIе хIиттина хилла баланаш а, бохамаш а дага а лоьцуш, Европехь дина а, кхуьуш а долчу берашна и де хIун де ду хаийта а, церан иэсехь а иза къоман бохаман де санна дисийта а Iалашонаш йолуш кхета Малхбузехь беха нохчи цу муьрехь вовшах.
Дуккхаъ адам а кхета дIадохор дагалоцучу цхьаьнакхетаршкахь вовшах- кхин цхьа хилам буьйцучохь ца кхетачу кепара. Хетарехь, и вайнах махкахбахар цхьа а юккъера ца воккхуш, доллучу къомах хьакхаделла хиларна хила мега иза – политикан а, динан а бахьанашца сел дукха гарашна а, тобанашна а бекъабелла нохчи цу цхьана дийнахь мукъане а вовшашлахь къестамаш а ца беш, вовшахкхетар.
Кху шарахь а ду и Iадат Европехь бехачу нохчаша дIахьур долуш – Берлинехь а, Ослохь а, Венехь а, Брюсселехь а митингашка арабевр болуш бу бIеннашкахь вайнах.
Бакъду, къам дохоран де дагалацарца болу кхушарлера коьрта хилам Францерчу Страсбургехь дIахьур бу - цигахь Европарламентан гIишлонна хьалха чиллан беттан 23-чохь, еари дийнахь дIахьур ю йоллучу Европера гулббеллачу вайнаха митинг.
Митинган оргкомитетан декъашхо волчу Магомадов Рамзана, Францерчу Ницца гIалахь нохчийн, гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо волчу, Маршо радионе дийцира, Европерчу нохчийн коьрта цхьаьнакхетар Страсбургехь дIадахьаран бахьанехь лаьцна.
Магомадов Рамзан: „Шен дай-наной дIадохийна хиларх дог лозуш а, и вайн къоман бала шеца лелош а верг массо а стаг вайн йиш йолуш ву цу митинге, иза вайх массарех а хьакхалуш хIума ду.
Страсбургехь и митинг кху шарахь дIахьош хилар цигарчу европарламентан гIишлонна хьалха вайн барт хилар дIагайта а, и вайна тIехь йина хилла геноцид царна карлаяккхар а Iалашо йолуш ду. Цхьа а къестамаш а боцуш, дехьара я сехьара яьлла а доцуш, массо а къоман бер гулдала дезаш ду цу митинге. Вайн юкъара бала бу иза“.
ТIаьхьарчу шерашкахь чиллан баттахь Европера вайнах цхьа барт болуш, шаьш бехачу гIаланийн майданашкахь къоман бохам дагалаца а, меттигерчу бахархошца иза бекъа а арабовлуш хилар новкъа ду цхьаццаболчу ницкъашна, даима а анониме буьсуш болчу.
Даханчу шарахь Австрехь къам дохорна леринчу митинге адам арадала кечлучу муьрехь цхьана шен цIе ца йовзийтинчу стага ватсапехула аудиохаам баржийра, цу митинге ма гIо цигахь бомба эккхар ю аьлла хаам кхаьчна, бохуш.
Цу провокацех гIуллакх ца хилча, кху шарахь и анониме ницкъаш керлачу тIегIанна тIе бевлла. ХIинца бусалба динна тIе а тевжаш, митинге вахар магийна дац боху хаам баржийна яйчу акцентаца нохчийн мотт буьйцучу цхьана шен цIе а, сибат а лачкъийначу стаго.
Анониме Iеламча: „Страсбургехь дIаяхьа леринчу митинган хьокъехь. Цхьа а шеко яц иза вайн шариIатца йогIуш ца хиларх, хIунда аьлча цигахь вайн шариIатца ца догIуш хIумнаш ду. Рафидиташ а, шиIаташ а, кафирша а лелош хIумнаш ду уьш, и протесташий, и митингаший яр“.
Страсбургера нохчийн митинг вовшахтухучу тобанера цхьаъ волу Магомадов Рамзан ша а Iелим стаг ву. Иза Ниццерчу маьждиган имам а волуш ву. Цуьнга хаьттира Маршо радионо, бакъ дуй бусалба дино митингашка вахар ца магдо бохург аьлла. Данне а дац, бохуш дийцира дешначу стаго, мелхо а, бусалба дино тIедожош ду миччахь а бакъдерг дIаалар.
Магомадов Рамзан: „Уггаре а хьалха вайн Пайхамаро, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, вайна омра дина тIедиллина ду, бакъдерг алар. Дала шен КъурIан чохь сура „Каф“ чохь аьлла ду: „Шайн АллахIера бакъдолу дош дIаолуш хуьлийла шу.
Шена луучо тешна тIеоьцур ду иза, шена ца луучо керисталла дийр ду цунна“. Ткъа вай цигахь бакъдолу дош дIаала гуллуш ду. Иза мегар дуй-даций бохуш шайг-шайгара и хабарш даржош болу нах вайн къоман барт бохон, вай декъа Iалашо йолуш арабевлла бу. Бакъо яц цу стеган и хIума дийца а, баха а“.
ХIинцале а шаьш Страсбургехь еари Iуьйранна дIахьон йолчу митингехь дакъалоцур хилар хаийтина иттех пачхьалкхашкахь бехачу вайнаха. Ткъа и лакхахь хьахийнарг санна долчу аудиокъамелаш, нах шеконе баха а, кхерон а Iалашонаш йолчу, шен къомах доглозуш а, къоман хIуманна сагатдеш а болу нохчи юхабахалур бац аьлла хета Магомадов Рамзанна.