ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъаха Украинера бераш дIадигарна санкцеш йаьхна Дагестанера, Ставрополан махкара берийн омбудсменашна дуьхьал


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанехь берийн бакъонашкахула векалйина йолу Ежова Марина Канадин санкцешна йукъанисйелла, дуьйцу оцу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллин сайтехь. Нуьцкъаха Украинера бераш Оьрсийчу дIадуьгуш гIо дарна иштта санкцийн тептаре йаьккхина Ставрополан махкара омбудсмен Адаменко Светлана.

Ежова 2017 шеран чиллан-баттахь хIоттийра берийн бакъонашкахула векалйинарг, цул хьалха Дагестанан Iилманан министран гIовсан болх бира цо. Украиница тIом болабелча, оккупацина кIелахь долчу дозанашкара бераш тIелоцуш, уьш кхечу кепара кхиош болх бора цо: Iуналла даран органашца, комиссийн белхахошца, бераш Iуналле оьцучаьрца семинараш йора.

Адаменко Светлана Ставрополан мехкан омбудсменан даржехь йу 2010 шарахь дуьйна. Дайначу шеран охан-баттахь цо дуьйцура, "ДНР-ра, ЛНР-ра схьадахкийначу берийн дахарехь" дакъа лаьцна ша бохуш, иштта дийцаре дира цо губернаторца, "Iилманан а, хийцамаш даран а корпусашца цхьанатоьхна" школаш йоттар.

Ежова, Адаменко йоцурш, Канадин санкцешна кIелнисвелла кхин а 42 стаг, 21 юридикан цхьанатохар а. Царлахь йу "Юнармия", "Движение первых", Валдайн клуб, арахьарчу дуьхьалонийн политикан Кхеташо а, кхинйолу Кремлан Iуналлехь йолу талламийн центраш, МГИМО, ВШЭ, Оьрсийн географин йукъаралла, "Комсомольская правда", "Взгляд" а. Тептарехь нисвелла Ростов-на-Дону гIалара гимнастикехула олимпикан толамча волу Нагорный Никита – "Юнармин" коьртачу штабан куьйгаллехь ву иза.

  • Украинин президент Зеленский Владимир гезгмашин-беттан 22-хь вистхилира Канадин парламентехь. Украинин дозанехь геноцид хIотто гIертарна бехкейира цо Оьрсийчоь. Оцу геноцидан гIуллакхехула нуьцкъаха бераш дIадигар ду бохура цо Украинин тоьшаллех цхьаъ. Цуьнан хьокъехь къеташонаш гезгмашин-баттахь Гаагерчу ООН-н Дуьненайукъарчу кхелехь дIахьош йу.
  • Чиллан-беттан 24-хь дIадигинчу берийн тептарш гайтар масийттаза тIедожийра Украино Оьрсийчоьнна. Бакъоларйархой дуьненайукъарчу бакъонашна тIетевжа – цара зулам лору оккупацина кIелахь долчу дозанашкара нуьцукъаха бераш дIадигар. Оцу бакъонашца, Оьрсийчоь декхаре йу дIадигинчу берийн йерриг цIерш схьайийца – амма Украино официалехь кхоьхьуйтучу кехаташна жоп ца ло цо.
  • Зазадоккху-беттан 17-хь Дуьненайукъарчу бехктакхаман кхело Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, берийн омбудсмен Львова-Белова Мария а дIалацар тIедожош ордер кхайкхийна. Кхелан сацамехь дуьйцу, низамехь доцуш Украинерчу берашна депорташ йарна шеконашкахь ду и шиъ. Оцу кхелан сацамна тIетевжира Американ Цхьанатоьхна Штаташ а, Евробертан дукхахйолу пачхьалкхаш а, Украина а.
  • Оккупацехь долчу дозанашкара бераш "аьхкенан садаIаран" кепехь тIелаца кийча ду шаьш, аьлла дIахьедира Къилбаседа Кавказерчу йерриг регионийн хьалханчаша. Дагестанехь и болх лелош йу "Солнечный берег" цIе йолу Республикан берийн могушалла кхиоран а, Iилманан а центр – Iилманан министралло ахча латтош йу иза. Эксперташна хетарехь, "русификаци лелоран тоьлла меттиг санна" пайда оьцу Дагестанах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG