ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъала бина къона кадыровхой: Нохчийчохь "патриотизм" кхиорах лаьцна


Нохчийчоь, пачхьалкхан "Грозный" телеканалан сайтера сурт. 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 5-гIа
Нохчийчоь, пачхьалкхан "Грозный" телеканалан сайтера сурт. 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 5-гIа

Стигалкъекъа-беттан хьалхарчу декъехь ши де даздаран барамаш дIабаьхьира Нохчийчохь - Толаман Де, Иэсан, Сингаттаман Де. ШолгIачу дийнахь тIемашкахь эгнарш дагалоцу, хьахадо къам махкахдаккхар. Амма дукхахболу тидам тIебохуьйту республикин кхелхинчу президентана Кадыров Ахьмадна, мехкан таханлерчу куьйгалхочун дена.

Цу деношна лерина школашкахь а, берийн бошмашкахь а барамаш дIабаьхьира. Иэсан кIира, классийн сахьташ, Iуьйренаш, къийсамаш. Республикин кегийрачу бахархошна тIедуьйхира тIеман духар, леринчу боларца буьйлабелира, "патриотийн" эшарш лийкхира, байташ йийшира.

Йуьстаха ца дисира Кадыров Рамзанан жимахдолу бераш а - стигалкъекъа-беттан 5-хь цара дакъалецира Даймехкан сийлахьчу тIеман турпалхошна леринчу барамашкахь, шайн денден цIарахчу экъанна хьалха зезагаш дехкира. "Бераш кхетош-кхиоран болх патриотизман хоршахь дIабахьарна тидам тIеберзорна" Кадыровс баркалла элира шен йоIана. Кадырова Хадижат школазхойн дешаран департаментан куьйгалхо йу.

Нохчийчохь "патриоташ" кхетош-кхиоран белхаш муха дIахьо, хьехархойн, берийн, берийн дайн-нанойн а цу хиламашка хIун хьежамаш бу дуьйцу Кавказ. Реалии редакцино.

"Кадыровхойн низамаш кхочушдеш"

Нохчийчохь Iедалан пропагандина йуккъе кхиазхой балор дийцаре деш ду 2009-чу шарахь дуьйна. Меттигерчу Iедало "Къона кадыровхой" цхьаьнакхетаралла йичхьана. Цуьнан Iалашо йара берашна "пайдехь дерг Iамор". Цу хенахь "Свобода" Радион корреспонденто ма-дийццара, цу цхьаьнакхетараллин декъахо хилархьама, бераша ала догIура: "Сайн накъосташна хьалха чIагIо йеш, дуй буу аса: сайн боллу ницкъ, хаарш, хьекъал, сий Даймехкан дуьхьа дIалуш лела! Даима кадыровхойн низамаш кхочушдан!"

Бераш ишколе хаарийн дуьхьа догIу, "патриотизман" чалхах дуттий,  дIа а доьлху

"Къоначу кадыровхойн барамаш дукхахьолахь Кадыров Ахьмадца боьзна хуьлу. Республикерчу Iедалхоша "тIекхуьучу чкъурана сирла масал" дина гойтуш ву иза. Цуьнан кIант цо биллинчу некъаца вогIу аьлла а хета царна.

"Цхьааллин Оьрсийчоь" ("Единая Россия")партин нохчийн декъерчу сайтехь 2015-чу шарахь аьлла дара, "Къона кадыровхоша" а, партино а "Путин Владимира, Кадыров Ахьмада Оьрсийчоьнан цхьаалла ларйеш къахьегарах" лаьцна кхетош-кхиоран болх бан беза аьлла.

Йукъараллин жигархочо Канюков Анатолийс дIахьедира, Нохчийчура бераш "политикина йуккъе текхош бу, баккхийчеран ловзаршкахь лелош бу уьш" аьлла. "Кадыров - Оьрсийчоьнан турпалхо" акци бахьанехь Канюковс Коьртачу прокуратурехь дIахьедар дира.

"Оьрсийчоьнан турпалхочо а, цуьнан партино а Орсийчоьнан низам лардан догIу. Шен цIе хьалайаккхархьама берашка акцешкахь дакъалацийтар дош дац",- комментари йира шен дIахьедарехь политико.

"Хьалхабевллачеран омра”

Нохчийчуьра Iедална муьтIахьчу барамашна юккъе бераш ийзорах республикерчу бахархошца къамелаш дира Кавказ.Реалии редакцино. Цаьрца зIенебовла резахиллачара дийцинарш шуна довзуьйту оха.

Лиана, школазхочун нана, Соьлжа-гIала

"Со реза йу, берашкахь кегий долчу дуьйна даймахке безам кхион беза, ткъа вай хIун до? Сан бераш Iедал деза Iамош ду, даймохк беза Iамош дац. Со дуьхьал йу цу кепарчу гIелонна."

Элиза, берийн бешарчу йоьIан нана

"Берийн бешара соьга телефон моссуза туху, сан дог детIа. Цара олу соь, цу хиламна, йа цу барамна бере байт Iамайайта йеза. Со жима йолуш, тхоьга ненах, зезагех, олхазарех, чайтаIах, пхьагалах байташ Iамайойтура... Тахана сан бераша Кадыровн доьзалах байташ йийца хIунда еза?"

Танзила, берийн бешарчу кIентан нана, Хьалха-Мартан кIошт

"Чиллин-беттан 23-хь, Толаман Дийнахь сайн кхо шо долчу берана тIе тIемалойн духар дуьйхина, иза леринчу боларца лелийта ца лаьа суна. Берийн шайн бералла хила йеза. Уьш пхьагалаш, цхьогалаш, чайтаIаш санна кечбан беза, тIеман духар, пилотканш Iадда йитина."

Луиза, школазхочун нана, Соьлжа-гIала

"Стигалкъекъа-беттан 9-хь сан кIанте патриотикан чулацам болу байт дагахь Iамайе аьллера, ткъа соьга цунна тIеман духар эца дезийла хаийтира. Со реза цахилар дIахьедира аса. Куьйгалхочо, шабаршца соьга а элира: "Сан карахь хIумма ма дац, хьалхабевллачеран омра ду иза". Аса тIаккха кIант Iуьйренан бараме ца вахийтира."

Сулейман, 9-гIа класс йаьккхича, школа йитина дешархо, Соьлжа-гIала

ТIаьхьарчу хенахь дукха хуьлу КадыровгIарех, кадыровхойх, Украинехь Оьрсийчоьнехьа тIом бечарех лаьцна йозанаш а, къийсамаш а. Суна ца лаьа, воккхахволчу Кадыровс "тIом сацорах", цуьнан кIанта "республика херцаршкара хьалайаккхарах", вайн "турпалхоша" Украинехь "даймохк кIелхьарабоккхуш", маьрша адамаш дайъарах йаздан... Сан кхин турпалхой бу: Мансур Шейх, Шемал Имам, Бенойн БойсагIар. Амма суна кочатуьйссурш кхинберш бу. ГIора дац сан кхин а шина шарахь деша, цундела иссолгIа класс чекхйаьлча, школа йуьту аса".

Тимур, I0-чу классан дешархо, Грозненск-кIошт

"ВорхIалгIачу классе валлалц цо дика доьшуш вара. Республикерчу, кIоштарчу дешаран олимпиадийн къийсамашкахь, викторинашкахь дакъалоцура. Сан дукха толамаш бара, грамоташ йара, уьш йерриге сан хаарш хиларна, аса кхиамаш барна йелла йара. Суна хазахетара, иштта доьшуш, кхин дIа а деша а, къахьега а дог догIура. Ткъа хIинца Кадыров Ахьмадна, Кадыров Рамзанна байт йазйича, iPhone ло".

Рожан идеологин тутмакхаш

Смартфонел совнах школийн къовсамашкахь даккхий ахчанаш а ло берашна. Iедалхошна хетарехь, республикин куьйгалхочун дех, ненах байташ дика йазйиначарна. 2017-чу шарахь и тайпа къовсам девнаца бирзира: Путинах лаьцна байт йазйарна, iPhone телефон йаьккхина исс шо долу йоI плагиатехь бехкейира. Кадыров Ахьмадах байтана дуьхьала кхечу йоьIан доьзална 10 эзар доллар, хIусам а йелира.

Хьехархой а, берийн бошмийн белхалой а цу хьолан тутмакхаш бу, элира ша вовзийта цалиинчу, Соьлжа-гIаларчу цхьана школaн куьйгалхочо Кавказ.Реалии сайтаца къамел деш. Цо дийцарехь, идеологин харш лаккхарчу хьаькамаша билгалдоккхуш ду. Ткъа школийн куьйгалхой и тайпа белхаш барах самукъадолуш а бац. Шайн карахь хIумма цахиларна, IадIаш бу.

"КIоштарчу дешаран декъан белхан гуламашкахь тхоьга дуьйцург даимна цхьаъ ду: шу педагогаш а хила деза, идеологаш а хила догIу. И тайпа декхарш кхочушдан декхарийлахь ду тхо. ХIора кIирнахь тхан балхана деш зераш ду, йа [республикерчу] дешаран министраллера, йа кIоштан администрацера. Хьалха дешаран чулацам толлура, хьехархойн хаарш, берийн хаарийн тIегIа, бераш школе дахкар, хьелаш, ткъа хIинца? Патриотийн амалца кечйина школа, кабинетехь кхозуш герб хилар, пенах тоьхна гимнан текст, пачхьалкхан байракх, Кадыровн суьрташ. Хьераваллал хIума ду хIара! Соьца къамеле буьйлучу берийн дайша - наноша шаьш цу хьолана сагатдар дуьйцу. Iедалхоша берашна, школашна бечу тIеIаткъамах дерг далхадо. Амма и дерриге хийца тхан ницкъ бац",- боху къамелахочо.

Нохчийчуьрчу кхиазхойх кхечу къаьмнийн тIекхуьучу чкъурашна тIелата тIемалой беш бу

Hохчийн школан хиллачу куьйгалхочо Сацитас тIечIагIдо, республикерчу дешаран системех милитаризаци йоларах дерг. "Патриотизм" дешарал ладаме хилла, дIахIоьттина, боху цо.

"Вайн школаш марионетийн театрах тарло суна. Бераш а, хьехархой а, дай-наной а цхьамма тайнаш ийзош, лелош йолу тайнигаш санна хетало. Цу цхьаммо и тайнаш ийзадо, ткъа тайнигаш меттахайуьйлу. Цара дагахь Iамийна хабарш дуьйцу. Цхьаболчеран ладогIа дог ца догIу, вукхарна оьшуш долу хабарш ду уьш. Ма-дарра аьлча, совет-Iедал долчу муьрехь дешна тхо а хьийзадора цу кепара, патриотийн эшарш лоькхуьйтуш, совет-Iедалан кхиамех цецдийла Iамош. Ткъа хIинца схьагушдолу сурт - Нохчийчуьрчу школашкахь а, йоллучу Оьрсийчохь а - цхьанна ойланца, зерашца ца лацалуш хьал ду. Суна чIогIа къахета цу берех. Уьш школе шайна хаарш дезарна богIу, амма цIабоьлхуш, "патриотийн" чалхех боьттина, цIабоьлху", резайоцуш дуьйцу къамелахочо.

"Ахьмадан некъ" тIекхуьучу чкъуран кхетош-кхиоран болх санна дIахIоттийна. Цу кепара республикерчу Iедалхоша кхиайо КадыровгIеран культ, дуьйцу Бельгехь йехачу нохчийн бакъонашларйархочо Газиева Фатимас.

"Кадыровн а, цуьнан хьаькамийн а хIора дош - "Ахьмадан некъ" бу". Иза массанхьа кхайкхош ду: муьлххачу лекхачу майданашкахь, урамашкахь, эскархошлахь. Кхуьушдолу чкъор цу йукъараллехь деха. Цаьрга цигахь "Ахьмадан некъ боцург кхин некъ бан а бац, цу новкъахула дIаваха веза" олу,"- билгалдоккху бакъонашларйархочо.

Цунна хетарехь, цу кепарчу балхо Нохчийчуьра дешаран хьал ледарчу даьккхина. Школаш политизацино лаьцна.

"Iаматаш схьаоьцу вай - царна тIехь болу турпалхой Путин, Кадыров - воккханиг, Кадыров - жиманиг. Вайн цхьа а истори а, бакъболу турпалхой хила а ца хилча санна. Дешархой а, студенташ а харцонан вакуумехь бехаш бу. Даимна тIеман хьелашкахь... Цаьрга уьш патриоташ бу олу, даймохк ларбан декхарийлахь буйла хоуьйту. Нохчийчуьрчу кхиазхойх кхечу къаьмнийн тIекхуьучу чкъурашна тIелата тIемалой беш бу. Хьехархой бераш кхеторан хьокъехь шайна луурш шайна дитина, беха. Кадыров куьйгаллехь мел ву, и хьал хийцалур дац",- боху Газиевас.

  • Нохчийчохь моссуьйттуза дIадаьхьира кхиазхошца цхьаьна дуккхачара Украинера тIом къобалбаран ламазаш дар. Оьрсийчоьнан кхечу мехкашкахь санна, бераш кхузахь V, Z - элпанийн кепаца дIа а хIиттийра. ТIеман пропагандин билгалонаш хилла царех. Кавказ. Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа дийцира, меттигерчу Iедалхошна иза стенна оьшу.
  • Нохчийчуьра школашкахь Украинехь беллачу кадыровхойн сийдеш, "сийлаллин аннаш", "сийлаллин партанаш" хIиттон йолийна. И барамаш федералан, регионан программашкахула болийна. Уьш йукъадахаран коьрта Iалашо – "турпалхойн сийдар" йу боху. Кавказ.Реалии сайто эксперташца динчу къамелехь теллира, берийн милитаризацин проблема а, цу берашна тахана "турпалхой" санна кхийдораш муьлш бу а листира.
  • Зазадоккху-баттахь Ростов-мехкан Низамийн Гуламан депутато дIахьедар дира, Оьрсийчоьнан эскарна оьрнаш чохь оьшу чкъурамаш, кепаш хIитторан сетка йан Iамон деза бераш аьлла. Иза дарна церан дайшкара-наношкара пурба даккха ца оьшу бохуш - "йукъараллехь ладамечу къинхьегаман хоршахь" болх дIахьош. Кавказ. Реалии сайто хеттарш дина эксперташ тешна бу, тIеман гIуллакхашкахь бераша дакъалацаро церан психикина тIеIаткъам бийриг хиларах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG