Хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш а, цхьана ханна кхуза гIуллакх дан хьовсийна низамхой а, лерринчу гIуллакхна кхоьллина ницкъаллин структураш а йоцуш, ткъа эзар гергга полицин белхахо ву нохчийн чоьхьарчу гIуллакхийн министараллехь. Цхьанне а къайле яц цара пачхьалкхан низамаш шайна ма тов тидар а, урхаллехь болчеран аьллар-лаам кхочуш бан, уьш муьлхха а дуьхьало эша а еш, къардайна хьийзаш хилар а.
Хьулам бина хIума а доцуш, ницкъаллин структураш маьрша ю Нохчийчохь, кховдош бехк а боцуш, стаг сацо а, лаца а, цIеранаш дуьхе ца кхуьуьйтуш, набахти чохь латто а. Къайле яц, кхузахь муьлхха а хIума новкъадаккха - доьзалхо деша вахийта а, балха хIотто а, пенси даккха а, аьлча а, Iедалца дозаделла мел кIадбоцург а чекхдаккха - кхаьънаш дала дезаш хилар.
Цу декъехь кхин дIоггара даладелла хьал дац луларчу республикашкахь а, ерриг Къилбаседа Кавказехь а. Кху кIоштехь дахаран цхьа агIо а, Iуьйранна нIаьна екар санна, могIарера гIуллакх а хилла, чIагделла, дахаран бакъдерг ду ког баьккх-баьккхинчохь кхаьънаш далар. Иштта къайле яц, цу декъехь хьалханчаш-хIайттархой а хилла, каде хьийзарш шаьш низамхой хилар.
Оцу кепара тергаллучу хьолехь, Нохчийчохь а, ерриг Къилбаседа Кавказехь а кхоьллина дахаран билламаш хьесапе эцча, могIарерчу бахархошна новкъа ца деъна Нургалиев Рашид чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржера вохор. Мелхо а, цара сатуьйсу, и хийцам бахьанехь, шайн дахар цхьана низаман хорше а дирзина, лартIа догIур дац-те, бохуш. И цу даржера дIаваьккхинера аьлла, толахь бен, галдала хIума дац боху хьажам болчех ву Соьлж-гIалин кIоштара вахархо Хьасан. Нургалиев Рашидан хьокъехь цо иштта элира.
Хьасан: "Цо хIун нисдина? Цо нисдина хIумма а дац. Коьртах а ца вийлина иза. Шайн президентана а, Iедалдена а муьтIахь, тешаме болх а беш, схьавеъна-кх. Нохчашна, хIара ду ала, дика а ца дина цо, я тIетеIаш вон а ца дина. Коррупцех аьлча, иза ша ма-ярра, хаза нехан санна, йолуш ю. И дIаяккха гIерта-м бохура иза, амма гуш жамI-м дац.
Посташ ю дозанашкахь лаьтташ .Цара хIун до? Нахера ахчанаш доху-кх. Эчиг эцна воьдучуьнгара а доккху, солярка хьош волчуьнга а охьадуьллуьйту. Шайна хIума ца елча тIех а ца волуьйту. Иза-м массо а вола а воьлла хIума ду кхузахь. Ур-атталлла къаьркъанна тIера а цара бол боккху. "Полици" аьлла цIе а хийцина, реформаш а йина, амма коррупци, кхаьънаш эцар лахделла-м дац.
Цо кхин хIун дина? Шайн урхаллехь низамаш а лардайта, хьарамлонаш ца лелаяйта структура ю церан, "собственная безопасность" цIе а йолуш. Цо а дай деш хIума? Гуттара чIогIа гIараваьлларг, генаваьлларг, цара хьакхавой-хьакхавой, шен ден куьце вохуьйту, бехк токхаман гIуллакх а доладой. Кхин деш кIадда а дац.
Кавказехь полице балха воьдучо дукха ахча охьадуьллу. Церан алапаш тIетоьхна, цуьнца цхьана балха дIаоьцург а тIетоьхна ахча шозза-кхузза. Цхьа адам меттах а даьлла хIума ца хилахь, и харцонаш дIаевр ю, аьлла, сунна-м ца хета, Нургалиев хилча а министр ,милла хилча а".
Полицин урхаллин коьрта хьаькам хийцинчул тIаьхьа низамхоша шаьш бакъо-нийсо ларьяр марсадер ду, уьш жоьпе а боьхур бу, аьлла ойла кхобурш дукха белахь а, кIезиг бац Нургалиев а, кхиниг а хийцарх, нисдала хIумма а дац, аьлла хеташ берш. Царех ву хIара вистхуьлуш волу Соьлж-гIалара тергамхо Мусайп а.
Мусайп: "Коррупци, кхаьънаш эцар Нургалиев карахь ма дац. Церан шайн дай бу. Уьш пачхьалкхан коьртехь бу. Уьш урхаллехь мел бу, цу декъехь хьал хийцалур дац. Суна иштта хетта-кх. Шахматех ловзарехь кхетам бу-кх "рокировка" бохуш. Иштта уьш хийца а луш, дуьненах хеташ эхь а доцуш, и санна долу хIуманаш мел леладо, кхин а оьшуш дерг а хир ду, аьлла хета-кх суна, Оьрсийчохь а, кху Кавказехь а. Нургалиевх дерг аьлча, сунна иза гIиллакх а долуш, оьзда стаг хийтира. Къизалла йолуш а ца хийтира»
Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша а шуьйра дийцаре дечех цхьаъ ду Нургалиев Рашида метта Колокольцов Владимир хIоттавар. Хьалхарчуьнан гIалаташ нисдар цу тIаьхьарчунна тIедоьжна лору Оьрсийчоьнан юкъараллин хIусаман декъашхочо, Москохарчу бакъонашларьярхочо Брод Александра. Колокольцев министран гIента хаор цу урхаллехь хийцамаш ца а хуьлуш дуьсийла яц, аьлла, тешна ву инарла-лейтенант Гуров Александр.
«Къилбаседа Кавказехь Нургалиевн цхьа политика яра ала бахьна дац. КIошташкара полицин урхаллаш шаьш-шайна яра. Суна хетарехь, Нургалиев Рашида дола деш а яцара Дагестанера а, кхечу кIошташкара а низамхойн урхаллаш. Низамхоша лелочу харцонашна леткъамаш бу тIетаьIинIа беш: кхаьънаш эцар, харц тоьшаллаш дайтар, къизалла гайтар…». Цу кепара дIахьедар дина тележурналисто, Шевченко Максима.
Бакъдерг мухха а делахь а, бахахоша ечу къароца а, далочу тоьшаллашца, нагахь баккъал а керла хIоттийна министр шен урхаллехь дикачу агIор хийцамаш бан лаам болуш велахь, цунна дийнахь а, буса а бан болх бу Нохчийчохь а, иштта ерриг Къилбаседа Кавказехь а.