ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедовс кхайкхамбина жуьгташна дуьхьал аэропортехь протесташка бевллачарна гечде аьлла


Нурмагомедолв Хьабиб
Нурмагомедолв Хьабиб

ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь жуьгташна дуьхьал лелийначу къепедацаршкахь дакъалаьцначарна гечдар дехна UFC-н хиллачу чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. Де хьалха къаьстира цигахь хилла 15 стаг административан гIуллакхехула лацарх, верриг а цу дийнахь дIавигинера 83 стаг.

Инстаграмера сторизе Европан маьршачу кепехь латарийн чемпионан Магомедов Махьмудан пост хIоттийна спортхочо, цо дехар динера регионан куьйгалхочуьнга Меликов Сергейга "кегийчийн кхоллам ма кагбахьара" аьлла. "Арахьара питана" ду аьлла, тIетоьхначу цо хьехна "халкъаца диллинчу къамеле" валар. "АллахIа гечдо, гечдийраш дукха а беза цунна" аьлла, йаздина Нурмагомедовс шен репостехь.

Хьалхо Iедалхошка кхайкхам беш иштта вистхилира ГIезалойчоьнан муфтий Самигуллин Камил а. Мехкан урхалхочо Меликовс санна, цо а дуьйзира къепедацарш "провокацица а, "малхбузенан къайлахчу сервисаша Iаткъам барца" а, Кремло аьлларг йуха а олуш. "Арахьара Iаткъам бар" ду элира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, цхьана а кепара тоьшаллаш ца далош.

  • Дагестанхойн Iедалхоша йина реакци йемалйина Москвахь. Президентехула адамийн бакъонаш Iалашйаран Кхеташонан декъашхочо Кабанов Кирилла кхайкхамбира шога таIзар де гIурт кегийначарна аьлла, оцу позицина тIетайра сенатор Клишас Андрей а. Дагестанхойн аэропортехь жуьгташна дуьхьал бевллачех хьалхара пхеа стагах тоба лецира административан артиклехула – харцахьа лелар. Цу Iедалан къепенах пайдаэцаран хьесап дира Кабановс "кIеда реакци" а, радикалашца-экстремисташца ловзабийлар" а ду аьлла. Цунна хетарехь, цо "тешам бойу Iедалх" а, протестех а.
  • Масех бIеннашкахь наха дIалецира кIирандийнахь, гIадужу-беттан 29-чохь, ХIинжа-ГIалара аэропорт. Тель-Авивера кема схьакхочучу хенахь жуьгташна дуьхьало йан баьхкинера уьш. Протестхоша тIедожийра республикера жуьгтий арабаха аьлла. Аэропортан гIишло чу лилхина адамийн жIуга, кеманийн майдана а цхьаьна кхаьчнера Израилера пассажираш лоьхуш. Хьалхо меттигерчу пабликашкахь бахархошка кхайкхамбира, Тель-Авивера кеманашна дуьхьал довла, цу тIера нах гIали чу ма бита бохуш.
  • Оьрсийчоьнан Iедалан векалша а, Кремлехьа болчу комментаторша а "арахьара йукъагIортар" ду боху шайн дIахьедарш тIечIагIдо, жуьгташна дуьхьал акцеш хIиттайе бохуш, цхьахйолчу телеграм-канало кхайкхамаш бина бохуш. Йуьйцург "Утро Дагестана" телеграм-канал йу, иза Украинан къайлахчу сервисашца йоьзна йу боху. Киевехь веха Пачхьалкхан думин хилла депутат Пономарев Илья, Кремльна дуьхьал тIом бан луучарех ву, хьалхо цо дIахьединера, ша гунахь ву и канал кхолларна аьлла, амма хIинца цо бакъ ца до, ша цхьана агIор цуьнца воьзна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG