Жимачу берана къиза еттарна бехке еш ерг ю Теркйистан кIоштара Бено-юьртара яхархо Усаева Зарема.
Талламхошна гучудаьлла цу зудчо етташ хилар цо шен цIахь мехах Iалашъян схьаэцначу жимачу берана. Дуьххьара цхьа шо ах шо долчу йоIан дегIа тIехь Iаьржйелла меттигаш нанна гича, иза охьакхетта аьлла кIелхьараяьлла хилла и зуда.
Юха изза хилча, лоьрашна тIе а яхана, царна гайтина нанас шен йоI. Цара къастийна беран дегIан меженаш йиттина Iаьржйина хилар. Цул тIаьхьа нанас Iедале елла Усаева.
5 беран нана ю Хьалха-Мартан кIоштара яхархо Якубова Лиза. Цо дийцарехь, иштта зуламаш сих-сиха хуьлу Нохчийчохь.
Якубова: «Дуккха а меттигаш бу мехах бераш лелочу зударша царна йиттина хиларан. Лар ца йита меттиг а къастош етта цара, масала, месаш йолчу коьртах".
Ткъа 5 бер долчу ахь тухий берана? Кхетош-кхиор муха хуьлу хьан хаьйн бераш аьлла, шега деллачу хаттарна иштта жоп делира Якубова Лизас.
Якубова: «Ас сайн берана, нана хиларе терра, лазош ма ца туху. Эцца мишка йо, я букъал лаха кIедачу метте туху».
Берашна йиттина олий шарахь масийтта гIуллакх гIарадолу Нохчийчохь. Хьалха хиллий нохчий берашца а, шайна гонахарчу нахаца иштта къиза аьлла, шега деллачу хаттарна иштта жоп делира нохчийн этнографо, историко Хасиев Сайд-Мохьмада.
Хасиев: «Вайна гина йолу халонаш ю зударшна тIеевлларш. Вайн бераш Iамо деза, чехо дезаш дац уьш. Вайн дайша олуш хилла: «Коьртах хIума йиттинчу бекъах дин ца хилла». Хаза-м дера дацара иза. Эхь ду-кх иза».
Хасиев Сайд-Мохьмадана хетарехь, Iедалера таIзарх чIогIа кхоьру нохчий, юкъараллехь шайн во цIе якхарел а. Цо чIогIа талхадо гIиллакх-гIуллакх, боху цо.
Хасиев: «ХIинца Iедале долу иза. Хьалха генадаьлча а бен долуш ма дацара вайна юкъахь и тайпаниг. Iедало цхьаъ, шиъ, кхоъ чуволларх дIадолуш дац иза вайна юкъара. И зуда йолчу нахана чIогIа эхь ду иза. Иштта хIума дина зуда адамаллех яьлла хилар хаийтаро лелийна нохчий эзар шерашкахь».
ХIинца 40 шо долчу Усаева Заремин гIуллакх теллина даьлла. Прокуроро, чIагI а дина, кхеле кхачор долуш ду иза. Нагахь кхело цуьнан бехк ларахь 3 шаран тIера 7 шаре кхаччалц хан тоха мега Усаевана.