Украинерчу нохчийн диаспорера иттаннаш бу макхахбаха мегаш. Бахьана – Одессехь хилларг: нохчочун ловзарга веъначу хьешо, украинахочо, ирх герз деттар. Кавказхошна депортаци ян магош санкцеш арахецна пачхьалкхехь Стигалкъекъа-баттахь. Таханлерчу президентан Зеленский Владимиран Iедало юкъаяьккхина, лелаш термин ю "къаьмнийн зуламалла" – бакъоларъярхошна гарехь, 2014-чу шарахь даржера вохийначу Оьрсийчоьнехьа хиллачу президентера Янукович Викторера схьаэцча санна ю и урхаллин кеп.
Украинан охьатохархлатархочун, нохчочун Закариев Мохьмадан ловзаргахь нисделла ирх герз тохар, ткъа нохчашна дуьхьал ксенофоби гIаттийнарш бу хаамийн гIирсаш, социалан машанаш. Одессехь хаьржинчу Украинан парламентан депутата Дмитрук Артема ловзарга нисбеллачу нахах аьлла "зуламна вовшахкхетта гIера".
Ловзаргахь хиллачу нахе дIахаийтина меттигерчу полицино: Украинехь Iан бакъо бен шегахь йоцуш нисвелларг махкахвоккхур ву.
Хьан кхоьссина герз?
Инцидент нисъелла Одесса гIалина гергарчу ресторанехь Мангал-беттан 14-чохь, Украинан масийтазза паргIат охьатохархлатархо-чемпион волчу Закариев Мохьмада зудаялор даздеш. Меттигна ши километр генахь, зуда хьовзош машенийн ковра йоьдуш, зудаялийначуьнца хьошаллехь волчу Одесса-мехкан вахархочо Крамаренко Кирилла масийтазза ирх кхоьссина шегахь хилла "Вулкан" карабин (Iедало магийна лелош ю цо иза). Крамаренко оццу дийнахь лаьцна, баттанна чувоьллина кхело, амма закъалтанна ахча делча (181 эзар гривна – Цхьаьнатоьхначу Штатийн 7 эзар доллар гергга).
Оццу дийнахь барам боьдучу ресторанна чулилхина полицин ницкъаш. Чохь хилла 80 гергга ловзарга веъна хьаша. Кавказ.Реалиига хаам бинчу Закариевн гергарчу Ислам цIе йолчу жимчу стага бахарехь, массо а нах лаьтта бийшийна полицино, лецна. Шинна йиттина. Миграцин урхалле дIакхачийна хьеший, дIа а язбина, дIахецна. Хаам бина, Украинан паспорташ доцу нах махкахбохур бу, аьлла.
Ислама бахрехь, "аьлла, 20-30 стаг ву арабаха кечбинчу нехан тептара язвина".
Одессерчу нохчийн диаспорин хьалханчас Келоев Мусах тхоьга хаийтира, дуьйцучу тептара 28 стаг язвина, аьлла.
"Полицино кхеле дехна наханна цIийнах ша хьажийтар, нах лецийтар… Ши кхелахо дуьхьал хилира. Миграцин урхалло дац аьлла нах махкахбаххал бахьана", – дийцира Келоевс.
Ксенофобашна луург тIедоккхуш
Украинерчу хаамийн гIирсаша, къаьсттина социалан машанийн сегменто девне даьккхина хилларг: меттигера гIиллакхаш, ламасташ ца лардо кавказхоша, боху, герз кхийсинарг украинахо велахь а, махкахбахар доьху нохчий.
Ткъа оцу кепарчу кхайкхамашна кхушеран Стигалкъекъа-баттахь некъ баккхинарг дара лаккхара Iедал – Украинан Кхерамзаллин Кхеташо. Шен рогIехь президента Зеленский Владимира тIечIагIйира 700 кавказхочунна дуьхьал кечйина, шайлахь Украинехьа тIемаш бина нах а болуш, санкци. Оцу омрано магадо и нах махкахбаха. Дина цара зуламаш я ца дина – иза бен-башха а дац.
"Зуламечу къаьмнех" йолу стереотип – ромех, нохчех – лелаш ю хIинца а. "Хийрачу" нахе цабезам леррина айбеш ду Iедал
2008-чу шарахь Украинерчу ницкъаллин урхаллаша ксенофобица къовсам латторан программа тIеийцира. ХIетахь доьхкуш дара зулам-зен динчу нехан къаьмнаш билгалдахар.
Кавказ.Реалиица къамел динчу Харьковрчу бакъоларъярхойн тобан директорна Захаров Евгенийна гарехь, чоьхьарчу политикан коньюнктуре хьаьжжина, гIиттайо Iедало пачхьалкхехь ксенофоби. Оцу некъо шатайпа харжамхой боху Iедалехьа.
"Зуламечу къаьмнех" йолу стереотип – ромех, нохчех – лелаш ю хIинца а. "Хийрачу" нахе цабезам леррина айбеш ду Iедал ", - аьлла хета Захаровна.
Ксенофобин тулгIе яьржинчу кху муьрехь Украинера нохчий сих ца ло мехкан чемпионан Закариевн ловзаргахь наханна ницкъ бина полисхой жоьпе беха. Одессерчу полицино шайна ьтIехь харцо йина аьлла чу ца делла арз цхьаммо а. Делахь а, полицино къизалла яржорах лаьцна яздечу хаамийн гIирсийн материалашна дуьхьал Iедало жоп делла меттиг а яц хааелла. Кавказ.Реалиино хаьттира Одесса-мехкан коьрта урхаллин пресс-векале Билецкая Светланига, теллиний урхалло шен белхахоша нохчийн ловзаргахь лелийнарг ницкъ совбаккхар дуйла, аьлла. Амма цунна ца карийра дала жоп.
Оцу юкъанна Украинан Iедало дерриг а дина Донбассехь тIемаш бинчу кавказхошна махкахь баха некъ ца бита. Имам Мансуран батальонан буьйранчас Чебарлойн Муслима ма-хаийттара, ницкъхоша, леринчу сервисаша дерриг а до нохчашкара мохк ларбиначийн статус дIаяккха. Оцу Iалашонца рогIера талламаш болийна батальоно Украинан цхьаалла ларъеш дакъа ца лаьцна аьлла чIагIдархьама: Кхерамзаллин кхеташоно бух боцу тоьшаллаш лехьадо дакъошкарчу бIаьхошкара, гIерта нохчийн лаамхой шайн пачхьалкх ларъеш лаьттина бац ала.