ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Одессехь ши стаг а вуьйш герз деттарна бехкево нохчийн латарийн тренер


Одессехь герз диттинчу меттигехь, 2023-гIа шо товбеца-беттан 1-ра де. Сурт: Одесса кIоштан Къоман полицин урхалла
Одессехь герз диттинчу меттигехь, 2023-гIа шо товбеца-беттан 1-ра де. Сурт: Одесса кIоштан Къоман полицин урхалла

Ши стаг в вуьйш, герзаш деттарна тIехула гIаттийна бехкзуламан гIуллакх толлур ду Одессехь. Хаамийн гIирсаша йаздарехь, зуламна бехке ву маьршачу кепехь латарийн тренер, нохчо Умаров Руслан, цунна чевнаш йина.

Оршотан дийнахь кхо сахьт даьллачу хенахь хаам кхечира полицига Одессерчу Киевн кIоштахь герзаш диттина аьлла. Зорбанийн версица, шен хилла хIусамнана а, цуьнца волу накъост а тIаьхь долчу BMW машенна тIаьхьа хахкавелла воьдуш хилла Умаров. Кхечу хьасташа хоуьйту, тIаьхьабевлларш шина машенахь бара бохуш. Полицин хаамашца, оцу меттигехь кхелхина зуда, 30 шо долу машенлелорхо велла лоьрийн машенахь.

Карарчу хенахь Умаров дарбанан цIийнехь ву чолхечу хьолехь, цунна гех герз кхетта, йаздо "Евромайдано". Хиллачун официалан бахьана ду – гергарчу нахана йукъахь хилла дов. Йийначун йоIа дийцина журналисташка, шо гергга хан йара шен нана Умаровс цIартIера ца йоккху, даим цо кхерамаш тийсарна шена хадархо лаца декхаре хиллера иза. Цуьнца машенахь хилларг хадархо вара аьлла.

Хаа а хууш, стаг верна бехкзуламан гIуллакх долийна Одессехь хиллачун хьокъехь.

Умаров Руслан Одессан кIоштахь пляжан къийсаман федерацин президент вара. Одессера "Мангуст" спортан клубан коьрта тренер ву аьлла, билгалваьккхина а ву иза. Цул совнах, итт шерачохь дуьххьара украинхойн Европан чемпион ваьллачу Михайлов Василийн тренер а вара иза. 2023-чу шеран оханан-баттахь йелира Михайловна и титул.

  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Дагестанан Лакхарчу кхело йухаийцира пенсхо Велагаев ТIахIир бехкевеш бина сацам, иза таIзарх а воккхуш. Шен хилла хIусамнана йинера цо. Тиларчу вахначохь йийна ша иза аьлла, тоьшалла дан ницкъ кхаьчнера цуьнан.
  • Адыгейра Майкопан кIоштара Каменномостскан эвлан вахархочунна кхел йийр йу кхетамчохь а волуш, могушаллина дина зен бахьана долуш стаг валарна. Иза бехкево хIусамнана йерна.
  • 2022-чу шеран дечкен-беттан 9-чохь Дагестанера Карабудахкентан кIоштара Доргели эвлахь йелира 21 шо долу йоI, уьрсаца дуккха а йинчу чевнашца дарбанан цIийне йалийнера иза. Иза йерна бехкево 21 шо долу цуьнан хIусамда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG