ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкадаьтта дайлуш делахь а иза даккхаран барамаш лахбийр бац


OPEC организацин лого.
OPEC организацин лого.

Венехь вовшахкхеттачу маьхкадаьтта духкучу пачхьалкхаша дуьненчохь мехкадаьтта даккхаран барамаш лахбийр бац аьлла бинчу сацамах даккхий зенаш хуьлуш ду Оьрсийчоьнан экономикана.

Дуьненчохь уггаре а мехала гIала хилла дIахIоьттинера Вена кху деношкахь. Цкъа хьалха ГIажарийчоьнца заррат герзийн хьокъехь дагадовларш дIадахьа гулбеллера тIеIаткъамечу пачхьалкхийн векалш масех денна. ТIаккъа, еарий дийнахь, кхин цхьа мехала хаттар – мехкадаьттин мехаш цхьана зила тIе бахкор дийцаре дан гулбеллера мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхийн ОПЕК цIе йолчу цхьаьнакхетараллин векалш. Цу цхьаьнакхетараллин коьрта офис, хууш ма-хиллара, Венехь ю. Кхузахь тIеоьцуш бу доккхачу декъехь дуьненан экономика шех юзуш долчу цу „Iаьржачу дешин“ хьокъехь болу коьрта сацамаш а.

ХIинцалера ОПЕК юккъе богIучийн цхьаьнакхетар къаьстина шена тIе тидам бохуьйтуш дара, хIунда аьлча тIаьхьарчу масех баттахь дуьненчохь мехкадаьттан мехаш лахлуш схьабогIуш бу. Аьхка дуьйна схьа эхан аххал сов лахбелла и мах. Нагахь санна аьхка II0 доллар баррелах луш хиллехь, хIинца 80 доллар бен ца ло, ткъа и мах а кхин дIа а охьагIур болш бу, аналисташа чIагIдарехь.

Мехкадаьттин мах кхин лах ца балийтархьама ишттачу хьелашкахь ОПЕК цхьаьнакхетараллин декъа йолчу пачхьалкхаша, вовшах а кхетий, барт бо, мехкадаьтта даккхаран барамаш лахбан. Изза хIинца а дийр дацара-те цара аьлла сатийсам бара Оьрсийчоьно кхаьбнарг а – ОПЕКан саммит дIайолаялле цхьа де хьалха СаIудийн Iарбойн, Венесуэлин, Мексикин векалшца цхьаьнакхетарш дIадаьхьира Оьрсийчоьнан энергетикан министр волчу Новак Александрас, „Роснефт“ концернан куьйгалхочу Сечин Игорс.

Амма цу къайлахчу дагадовларх гIуллакх ца хиллачух тера ду. ХIунда аьлча, еарий дийнахь ОПЕКан декъашхоша бовзийтира шайн сацам: мехкадаьтта даккхаран барамаш банне а лахбийр бац, ткъа мехаш ша-шаха хенаца чIагIделла, совца декхар ду, аьлла.

И сацам Оьрсийчоьнна мел лазаме бу бохург гайтира тIаьхьарчу беттанашкахь ишшта а гIийлачу хьолехь долу сом оцу сохьта кхин а чIогIа дайдаларо: долларах пIераскан Iуьйранна 50 сом герга доьхура, ткъа еврох - цкъа а ца хиллачу кепара 62 сом.

Мехкадаьтта даккхаран барамаш лах ца байта дуккхаъчу аналисташна, СаIудийн Iарбойн махко, - дуьненчохь уггаре а алсамох мехкадаьттан долахойх цхьаъ болчу, - Цхьаьнатоьхначу Штаташца къайлаха барт бина хил тарлуш хета, Оьрсийчоьнан экономикана кхин дIа а зенаш хилийтархьама.

Цу тайпанчу моттаршана цхьа а дахкон тоьшаллаш дацахь а, амма тергамхошна хетарехь, мехкадаьтта доккхучу Оьрсийчоьнна хилла а ца Iаш, иштта къечу Венесуэлина а, Мексикана а, Нигерина а вуно зенехь а ду цу беркатна мехаш лахдалар. Шена, СаIудийн Iарбойн махкана, цуьнан мехкадаьттин резерваш дукха яккхий хиларна, цунах хуьлуш башха зе дац. Амма аьтто бу, политикан Iалашонашца и мехаш дIасахьийзо.

Мехкадаьтта духкучу пачхьалкхийн цхьаьнакхетараллин Венехь хилла саммит тергалйеш хиллачу политологна Чапханов Русланна хетарехь, къайле яц, Цхьаьнатоьхначу Штатийн, СаIудийн Iарбойн дуккхаъчу хеттаршна тIехь цхьа ойла хилар. Амма цара хIинца къайлаха Оьрсийчоьнна дуьхьал барт бина бохург чIагIдан йиш яц, тоьшаллаш ца хиларна. Мухха делахь, хIоьттинчу хьолехь уггаре а эшнарг Оьрсийчоь ю, бохуш дийцира цо Маршо радионе.

Чапханов Руслан: „СаIудийн, Iамеркахойн, шеко а йоцуш, дукха чIогIа вовшех кхеташ а, вовшийн лелар къобалдеш а юкъаметтигаш ю. Делахь а, цара хIинца Оьрсийчоьнна дуьхьал барт бина бохуш чIагIдойла яц. Оьрсийчоьнан, мухха делахь а, хIинца зенаш дагардан дезар ду. Цара кхин дIа а маьрша лела дIахоьцур ду сом.

Нах къелур бу, хIунда аьлча церан бюджет, лерина ма-хиллара, цаьрга ларлур яц, иза цара мехкадаьттин мах I00 доллар баррелах лоруш хIоттийна ю. Схьагучу суьртехь, Оьрсийчоьнна цхьанна а кепара пайдехь хьал дац кхолладелларг“.

Шайна хуьлучу даккхийчу зенашна мукIарло дина Кремлан векалша а. Иштта Оьрсийчоьнан финансийн министр волчу Силуанов Антона дIахьедар дира, мехкадаьттин мехашт лахбаларо Оьрсийчоьнан экономикана Малхбузенан санцеша чул шозза сов зе до, аьлла.

Нагахь санна санкцеш бахьана долуш Оьрсийчоьнна хилла долу зе шарахь 40 млрд долларан меха делахь, мехкадаьттан мах охьабаларо 100 млрд долларна эшам беш бу, элира цуо.

Цул совнаха, кхеташ ду, оьрсийн сом кхин дIа а дайлуш дIагIур хилар. Чапханов Русланна хетарехь, масех бутт баьлча, цхьана долларах 80 сом луче дер ду хьал.

Чапханов Руслан: „Цхьана долларах 80 сом доьхур ду аьлла хета суна. Кху деношкахь доьхур дац, амма жим-жима лакхаболур бу долларан мах. Цкъачунна Оьрсийчоьно шайн Стабилизацин Фондера харжаш а хьежош, мелла а лардийр ду сом, хIунда аьлча цIеххьана иза дазлахь нехан дахарехь вуно тIеIаткъаме хир ду иза. Амма хенаца цаьрга иза кхин лардалур дац“.

Соьмах хиндерг терахьашца ала ца хIоьттинехь а, иза дайлур хилар тIечIагIдира оьрсийн финансийн министро Силуановс а. „ЛадогIахь, хьо финансийн министр а ма вара, хIун мах хир бу соьман аьлла сайга хаьттича, ас олу: мехкадаьттин мехаш ларбе. Цаьрга хьаьжжина хир бу шуна соьман мах а“, - элира цуо журналисташка.

XS
SM
MD
LG