ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсий националистех ларбо? Мигранташкахьа стенна гIо доху Кадыровс?


Коллаж
Коллаж

Кадыров Рамзан, дуккхачарна дагахь а доцуш, вистхилира Оьрсийчуьрчу мигрантийн бакъонаш а, маршонаш а ларъйарехь. Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, иза хила мега бусулбанаш ларбар а, иштта а Нохчийчоьнан куьйгаллехула арахьарчу эксперташа дина дӀахьедар а.

Путин Владимир винчу дийнахь гIадужу-беттан 7-чохь, Кадыров Рамзана шен интернет агIонехь пост зорбане йаккхира, Оьрсийчоьно миграцин политика чӀагӀъйарна критика йеш. Цо дӀахьедира, ша "реза вац, кӀеда-хаза аьлча", федералан тӀегӀанехь йукъабаьхначу барамашна аьлла.

Билггал муьлш бу "нийса йоцу" миграцин политика дӀахьош, Кадыровс билгал ца даьккхира. Амма цул жимма хьалха депутато Марченко Евгенийс Пачхьалкхан Думе чуйелира низаман керла проект, цуьнца догӀуш ду, кхечу пачхьалкхан гражданалла хилахь, динчу зуламан бехктакхаран барам тIекхитар бу аьлла. Цунна хетарехь, керла низам бахьана мигранташ "шаьша лелолчуьннан жоьпалле буйла дикаха кхетар бу". Керла низаман хийцамаша йохош йу Конституцино луш йолу бакъонаш, низамна хьалха массо а цхьатерра хиларан принцип, муьлххачу а къомах велахь а, билгалдоккху Оьрсийчоьнан юристаша

Марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан президенто тӀечӀагӀйира мигранташ арабахаран керла раж: оцу статусехь болчу нехан аьтто хир бац чоьхьарчу гӀуллакхийн органера пурба доцуш шаьш беха меттиг хийца а, бехачу регионал арахьа лела а, транспорт лело а, бахам эца а, керла доьзал кхолла а. Иштта, банкехь счет схьайелла, банкан операцеш йан а аьтто хир бац церан: масала, тӀедожош долу ахчанаш дӀадалар.

Къамелаш хьашташца цхьана ца догIу?

Кадыровс дукха хан йоццуш дина къамел динехь а, кхечу пачхьалкхашкара мигрантийн бакъонаш талхош йу Нохчийчохь. Гезгмашан-баттахь цигахь лецира балха веана Азербайджанан пхи вахархо: Север Ахмат полк йолчу меттехь латтийра уьш, нуьцкъала Украине хьажор бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Царех щимма, ницкъ барна бахьана, контрактна куьйгаш а йаздайтира; Уьш дӀахецнера, Бакур Iедал йукъагӀоьртинчул тӀаьхьа.

Иштта а, лайн къинхьегам лелабо Нохчийчохь, Кадыровн а, цуьнан гонаха болчу нехан интересашца, боху Оьрсийчохь кхечу пачхьалкхашкара белхалошна бакъонаш ларъян гӀо деш йолчу адвокато Чупик Валентинас.

Луьрачу миграцин политико д1ахадор йу Кадыровн бизнесан

ГӀарадаьлла "Нохчийчоьнан дог" олу маьждиг, бакъдерг аьлча, узбекийн лайша дина дара. Цаьргара дерриг а кехаташ дӀадаьхнера, дика болх ца барна йаттара, йеккъа цхьана кхачанна болх беш хиллера уьш. Вон болх барна кхача дIацакхачо а, таIзар дан йиш йара царна", - дийцира Чупика .

Къинхьегаман лайш Нохчийчохь гӀишлош йечу меттигашкахь хилла а ца Ӏаш, гӀоьналлин бахамашкахь а латтош бу: цаьргара кехаташ дӀа доху, цул тӀаьхьа лаьмнашкахь даьхний дажа дойта, кхин дӀа а дуьйцу Чупика. Цо бахарехь, Къилбаседа Кавказан массо а республикашна а, Къилбаседан кӀошташна а йукъахь уггар ирча, лайн къинхьегамца доьзна хьал цу регионехь ду: лахара барамехь Дагестанан а, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а ду.

Къамелхочо бахарехь, мигрантан бакъонаш ларъяран хьокъехь Кадыровс дина дӀахьедар, цуьнан шен ойла ца хила а тарло, амма Ӏедалан экономикан блокан, йа уллерчу экспертийн тезисаш. Путинна уллера волчу Кадыровгахула, гӀерта и тайпа хьежамаш "лакхене" дӀакхачо.

Оьрсийчоьнан экономика зен хуьлаш йу мигранташ арабахар бахьана долуш: цхьана шарахь церан терахь -шина миллион стагана лахделла. Дукха хан йоццуш hh.ru сайто а, Оьрсийчоьнан промышленникийн а, предпринимательийн а цхьаьнакхетаралло (РСПП) бинчу талламца, Оьрсийчоьнан белхан рынкехь арахьара белхан ницкъ лехар алсамдолуш ду, амма цу тайпа къинхьегамех пайдаоьцучу компанех ах сов аьтто бац 2018-чу шарахь арахьара белхалой балха эца. кхачам боллуш терахьаш.

"Кхана кавказхошна коча гIура бу".

Оьрсийчохь, йуккъерчу Азера мигрантийн бакъонаш ларъярехь говзанча волчу Еров Каримжонна хетарехь, Кадыровн дӀахьедарах, вуно атта кхета мегар ду: и тайпа дIахьедарш до, Къилбаседа Кавказера тӀебаьхкинчу нахана а, Ӏаткъам барна кхоьруш хиларо.

"Йуккъерчу Оьрсийчохь, Къилбаседа Кавказера тӀебаьхкинарш, вайна ма-хаъара, даима а ца къастабо Йуккъерчу Азера тӀебаьхкинчу мигрантех. Хетарехь, кхин цхьа нюанс йу: хӀинца Украинина дуьхьал тӀом бечу Оьрсийчоьнан эскарийн могӀаршкахь бу из-за мигранташ йа Йуккъерчу Азера тӀебаьхкинчу Оьрсийчоьнан бахархой. Хууш ма-хиллара, цара а реза цахилар гойту шаьш Оьрсийчоьнехьа къийсам латтош хиларна, ткъа ницкъаллин структурийн белхахоша шайн махкахошна тӀеӀаткъам барна", - билгалдоккху къамелхочо.

Оьрсийчоьнан националистех мигранташ ларбеш волу къинхетаме стеган кеп хIотто  гӀерта Нохчийчоьнан куьйгалхо

Нохчийчохь, Таджикистанера нах бу маьждигашкахь хьоьхуш, шайна хетарг, Кадыровга ца кхачахь а, цуьнан гӀоьнчашка дIакхача до цара, бохуш кхин дӀа а дуьйцу Еровс. Республикан Ӏедалш кхета деза, "мигрантофоби" бохург ма-дарра аьлча "исламофоби" бохург хиларх, аьлла хета бакъонашларъярхочунна.

Прагерчу политолгона, Карлан цӀарахчу университетан йукъараллин Ӏилманийн факультетан белхахочунна Дубровский Дмитрийна хетарехь, Кадыровс мигрантан бакъонашехь динчу дӀахьедарехь, цуьнна шен арахьарчу белхахошца шен Iалашо хилара йу.

"Йерриг а Оьрсийчоьнан Федерацехь дика ницкъ болуш, легализаци йина бандан тобанаш а йолуш, цо ша къастадо, мила мича вогӀу, мичахь болх бо. Со кхетарехь, цуьнан дӀахьедарш доьзна ду, миграцин политикан хьелаш чIагдалар, цуьнна бизнесна чаккхе йийр йу бохучух, ткъа... иза цунна баккъалла а луур дацара", - билгалдоккху эксперто.

Кхечу пачхьалкхашкара бахархой, къаьстина Таджикистанера, хӀинцале а тидам тӀебохуьйтуш бу Оьрсийчоьнан низамашкахь мигрантийн фобица хийцамаш барна, тӀечӀагӀдо Еровс.

"ХIинца, Оьрсий махка балха нах кӀезиг лела буьйлабелла. Иза хаалуш ду Интернетехь дуккха а кхайкхамаш бо, Оьрсийчу балха ма гӀо бохуш. Амма, кхечу пачхьалкхашкахь болх барна кхин аалсамо халонаш кхоллало: визанаш а, меттаца йолу халонаш йа говзаллин статус тӀечӀагӀъяр", – боху бакъонашларъйархочо.

Оьрсийчохь миграцин политикехь хуьлуш болчу хийцамех Дубровскийс "ксенофобийн популизм" олу. Йерриг а проблемаш мигрантех йу бохург, дукха хенахь дуьйна дуьцуш ду, хӀинца пачхьалкх царна къастина тIе тидам бахийтина йу, тешна ву эксперт. Кадыров цу трендана дуьхьал вистхила ца кхоьру, хIунда аьлча иза цуьнан "мандатан сов долуш дац”, тӀетоьхна къамелхочо: Оьрсийчоьнан националистех мигранташ ларбеш волу къинхетаме воккха стеган кеп хIотто гӀерта иза".

  • Нохчийчоьнан адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Солтаев Мансура "Оьрсийн йукъараллийн" жигарло толлар доьхуш кхайкхам бинчул тӀаьхьа, националистийн вовшахтохараллаан агIонехь вистхилира «Ахмат» лерринчу ницкъийн буьйранча Алаудинов Апти. «ТӀехдовларш» кестта нисдийр ду церан ФСБ-ра Iуналхоша, элира цо. Нохчийчохь шуьра йийцаре йира, йукъараллийн декъашхоша ГӀебарта-Балкхаройчуьра машенлелорхо таллам бан сацош гойтуш йолу видео. ХӀинца, а цу кепара волонтерийн патрулаш вовшахтоьхна массийта а гӀаланашкахь
  • Ксенофоби Оьрсийчохь пачхьалкхан политика хуьлуш йу, аьлла хета Маршо Радион эксперташна. Редакцино гулйина Кадыров Рамзана "Оьрсийн йукъараллина" дуьхьал динчу дӀахьедаршна а, мигранташна керлачу дехкаршна а хетарш.
  • Оьрсийчоьнан къилбаседехьа кхечу пачхьалкхашкара бахархошна дуьхьал рейдаш йар, царна военкоматера повесткаш луш, алсамдаьлла. Нохчийчохь пхеа Азербайджанан вахархочунна, Украинана дуьхьал бечу тӀаме нуьцкъала хьажор бу бохуш кхирамаш тийсинера. Кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчарна хьалха хӀун халонаш лаьтта а, тӀаме ца ваха хIун бахьанаш лело мега, дийцира Кавказ.Реалиин редакторшка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG