ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггар кIезга сигаьрка узу регион хилла Нохчийчоь 2022-чу шарахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дайначу шеран жамIашца, Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар кIезга сигаьрка узурш хилла Къилбаседа Кавказера республикаш. Цунах лаьцна йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло, FinExpertiza аналитикан сервисан талламна тIе а тевжаш.

Официалаерчу статистикица а догIуш, Нохчийчохь сигаьрка узуш 3,3% бахархой бу – амма цхьана шарчохь и терахь шозза тIекхетта. КIезга сигаьрка узучу регионашкахь нисйелла ГIалгIайчоь (4%), Дагестан (6%), Къилбаседа ХIирийчоь (10,9%), Кхарачой-Чергазийчоь (12,5%), ГIебарта-Балкхаройчоь (13,4%), Краснодаран мохк а (14,8%).

Йерриг пачхьалкхехь говзанчашна билгалдаьлла, йуккъерчу барамехь сигаьрка узучийн терахь 5,8% лахделла хилар, аьлча а, 1,4 млн адам сецна узучура. ХIинца оцу кепара марзделларг лелош ву пачхьалкхехь 25 млн стаг – хIора кхоалгIа стаг а, хIора шийтталгIа зуда а.

  • Дайначу шеран жамIашца, ГIалгIайчохь уггар кIезга къаьркъа доьхкина. Цхьана стеган бараме даьккхича, Нохчийчохь дайначу шарахь 100 миллилитр къаьркъа доьхкина, 20 миллилитр чагIар а, 1,6 литр йий а – цул а кIезга ГIалгIайчохь доьхкина (400 миллилитр йий).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG