"ГIенах а ца маьттура суна Токаевс казахийн гIаттам фашистийн Оьрсийчоьнна бухкур бу", – яздина шен фейсбукехь Казахстанехь Къоман кхерамзаллин буьйранча лаьттинчу инарла-майора Мусаев Альнура. 1997-2001 шерашкахь къайлахчу сервисан коьртеь лаьттина иза, ткъа цул хьалха вара Назарбаев Нурсултанан гIоьнча. Австрехь веха иза тIаьххьарчу I5 шарахь. Даймохк дIатесира цо шен Казастанан куьйгалхошца дов иккхича, амма бIаьрг биллина тергалдо цIера хьал. Иза кхоьру шен даймохк де-факто маршонах яларна, карахь цхьа а ницкъ боцу Москван сателлит хилла йисарна.
Ша Радио Свободина еллачу интервьюхь Мусаев Альнура дуьйцу тIаьххьарчу кIиранашкахь хезаш а воцчу Казахстанан хьалхарчу президентах, цуьнан доьзалх лаьцна.
Назарбаевн тIепаза вар
"Казахстанан политикашна шел коьрта хаттар дац тахана: стенга вахана Елбасы.
Къоман лидер, тIаьххьарчу шарахь ша оцу цIарна кечвеш лелла и лидер мичахь ву? Массаьрга а ма бохура цо, "пачхьалкх кхузахь со ву".
Шех лаьцна яхийтира дуккхаа фильмаш, язъяйтира книгаш. Шен куьйган сурт диллийтина ахчанна тIе. Ша дийна а волуш шен цIарх йолу гIала хIоттаяйтина.
Лаьттина Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Цхьаьнакхетаралла, Азин юкъаралла, ТIеман альянс кхуллучийн могIашркахь. Ша-шена хIоттийна йоьзан хIллам, доцца аьлча.
Шен гергарнаш хийшийна массанхьа а дIаса, олигархашлахь къастийна "ахчан бохчанаш", Малхбузе дIахьажийна, дIайоьхкина, халкъан долара а йохуш, маьIданаш.
Цо кхоьллина шатайпа политикан, экгномикан кеп – иза атта каглур яц!
И стаг – аш бахарехь – бен-башха а доцуш Нур-Султанехь хиина Iа, "документашца" болх беш?"
– Лараме Мусеав, стенна Iа Назарбаев Нурсултан вист ца хуьлуш? Иза Китайхь ву, Дубайхь ву, Оьрсийчохь ву, олий, дийца доладо, цхьаболучара велла а боху, цомгуш ву, шен чохь лаьцна латтош ву а олу. Хьан верси муха ю?
– Дина долчу дIахьедаршка ладоьгIча, иза Нур-Султанехь хуьлучух тера ду.
– Пачхьалкханна коьрта болчу хиламийн хьокъехь дош а ма аьлла цо?
– Хетарехь, могашалл дика яц цуьнан, оццул хала гIуллакхаш ца лелало цуьнга. ТIаьххьарчу хенахь цо, веккъа дIа кхеташонашкахь коьртаниг хилар бен, деш хIума дацара.
– ЦIахь сацийна латтош-м вац-те иза?
– Ца хета суна ишта. Коьртачу декъанна къаналла, могашалла яца ду.
– Парламентан гуламехь ца хилла Назарбаева Дарига. Официало иза цомгуш ю, аьлла, цунах а веза теша?
– Суна хеарехь, бакъ дац. Суна хетарехь, берриг а доьзал бу дозанал арахь.
– Революцино хьашарна кхоьруш я Токаевх кхоьруш бевдда уьш?
– Хила тарло хьалхарниг: революцех кхоьру. Токаевс а, Путина а яьхначу гIулчаша гойту, царна кхерам Iедалер а буйла – иза цхьаъ ду. ШолгIаниг: ахча, гIишлош дозанал арахьа ю, ларъян еза церан цигара шайн цигара капиталаш а.
Дарига а, со а уллехь а долуш, лечкъа ца деш, дуьйцура Назарбаевс оцу ханна шен хьалхара миллиард гулдина боху
– Талламаш бина, уьш баржийна дозанал арахьарчу бахамаш гойтуш. Хьуна кхин а алсам хаьа хир м аду цунах лаьцна?
– Церан ахча диллинчу банкашкахь со ца хилла, амма хилла Гонконгехь Масимовца, Назарбаевца, Назарбаева Даригица. Масимовс, хIетахь ша Халкъан банкан куьйгалхо хиларе терра, Назарбаевн счет-м йиллира цигахь. Макао гIалахь йтиллинчух тера дара. Мэр вара цигахь цхьа мистер Хо. Назарбаев а, мистер Хо а цхьанакхийтира, Дарига а, со а уллехь а долуш, лечкъа ца деш, дуьйцура Назарбаевс оцу ханна шен хьалхара миллиард гулдина бохуш.
– Советан пачхьалкхера схьаваллачу функционерах долларан миллиардер хилира?
– Советан Iедал доьхча куьйгалле веъна иза, партократ, коммунист. Дерриг халкъо къобал а вира иза хIетахь. 1998-99 шерашка хьал кхьчча, со а, кхиболу хьаькамаш а кхийтира цо пачхьалкх шен карахь шен долара дестош лелош юйла. Пачхьалкхн хIора бахам, мехкдаьттан, газан хьостанаш, заводаш екъна яра, церан долахой а ахча охьадилла дезаш бара цунна.
Цунна гонахболчу нахах дукхахберш Советан заманахь кхиина бара, царна дагахь а дацара иза къолахо хир ву аьлла
Цхьаерш хIинца а ю цуьнан шен, масала, "Казахмыс", кхеташ ду, язбина долахой кхин нах бу. Юьхьанца тхох лачкъийна дара иза. Цунна гонахболчу нахах дукхахберш Советан заманахь кхиина бара, царна дагахь а дацара иза къолахо хир ву аьлла. Иза хиича дукхахберш цуьнан гонера дIабийла буьйлабелира. Премьер-министр Кажегельдин, цунна тIаьххье дIабахара «кегийтюркаш» (младотюрки) олу хьаькамаш, Джандосов, Аблязов, царел дукха тIаьхьа ца буьсуш Алиев Рахат, Мусаев, дIабевлира дерриг а цхьаьннан карадерзаро къахкийнарш, шогачу мранашна реза цахилларш, цо яржийна коррупци йохо лууш берш.
– Прессо яздо, хьо эмиграце кхачийнарг ахь а, хаьна накъосташа а Алиев Рахатехула Назарбаевн зудчунна хаийтина цуьнан майрачун къайлах кхобуш шолгIа зуда а ю аьлла. Оцо чIогIа оьгIазвахитинера Назарбаев, цо шун тоба шена тешнабехке ю аьлла боху. Кхин бахьана дарий я иза коьртаниг ду?
– Алиев Рахат кхерара Iедал хьалхарчу доьзалера шолгIачу доьзалан каракхачарх, тайп-тукхам духуш лаьттара. Назарбаев Iедалера ваккха Алиев гIортар коьртачу декъанна баккъал оцу бахьаница дозуш дара.
Алиева Рахат кхалхаран къайле
Алиев Рахат (1962–2015) – Назарбаевн йоккхахйолчу йоьIан майра хилларг. Австрехь векал лаьттина иза. Президентца эгIча, ца хIоьттина цIаваха. Ша гегахьа воцуш, дIахадийра цуьнан Назарбаева Даригица долу гергарло, ваьккхира массо а даржех, 20 шарна набахти кхайкхийра. 2009 шарахь араелира цуьнан Назарбаев а, цуьнан го Iорабоккху "Дуй биина стунда" книга.
Втрехь тховкIело йийхира Алиевс. 2014 шарахь Нурбанкан топ-менеджераш байъарх йолчу материалашца доьзна лецира. Кхелехь цо дош делира Европера а, казахстанера а хьаькамаша йоккхачу коррупцин декъахь хиларх тоьшаллаш далон. Амма 20I5 шарахь ирхъоьллина карийра иза ша чохь кхобучу набхтин чоьнехь. Австрин прокеуратуро дIахьедира, наркотик карийн цуьнан дегIаца, аьлла.
Официалехь иза лору ша велла, шен лаамца, амма АлиевгIеран доьзалан адвокаташа дукха ду боху иза вийна хиларх долу тоьшаллаш. Германерчу экспертна Бринкманн Берндна хетарехь, некхан ва Iаьвдина вийна иза.
– Дукха дуьйцу Назарбаевн гергарчех лаьцна, къаьсттина Сатыбалды Кайратах. Изакъепедацаршкахь дакъалаьцна а волуш, казахийн сатафийан баьчча ву боху. Хьуна вевзий иза?
– Вевзара, охашимма Казахстанан Къоман Кхерамзаллин урхаллехь болх бина цхьаьна. Со цигара дIаваьлча, Сатыбалды Кайрат хIоьттира кадрашкахула волу кьуйIгалхочун гIовс. Цо ламазаш дан тIедожийра массарна а балхахь. Оцо гойту муха хила тарло кхерамзаллин урхалла.
– ТIаьххьарчу хиламашкахь лелларг кхетон хала ду, Къоман кхерамзаллин урхалла иштта муха Iийр ю: нах гIишлош а ягош, парггIат дIасалела. Вайнна гира водео, оцу урхалле баьхкина гIаттамхой, белхахой куьйгаш ирх а ийдеш, арабуьйлу, цьа а дуьхьало ца еш. Хила тарлой хьал, цхьамма барт а бина, галдаьккхина?
– Деградацехь ю Къоман кхерамзаллин урхалла. ДуьненатIехь и санначу урхаллашна тIе васт дуьжу, массо а ницкъел ницкъ болуш ю иза, нахе олуьйтуш. Амма цигараниг янне а яц хIуманна а гуьнахь долуш, йохийна.
Назарбаева Дарига лакхаялар а, йожар а
Назарбаева Дарига (йина шо – 1963) – Назарбаевн йоккхахйолу йоI. Юьхьанца евзира казахийн халкъан эшарш. Оьрсийн романсаш, операн ареш лакхарца, амма яхара политике. Цуьанан шолгIа некъанна эшам хилира майра Алиев Рахат эмиграце кхачарца доьзна. 20I2 шархь мажлисан депуат елира иза, 20I4 шарахь коьрте хIоьттира "Нур Отан" партин франкцина. 20I9 шарахь Назарбаевс ша дарж дуьту аьлча, сенатан спикер йира цунах.
2020 шарахь Британерчу кхело ехира шо хьалха лаьцначу бахаман долахойн цIераш. Назарбаева Дарига а, цуьнан кIант Аиев Нур-Iела а, нус Аида а хиллера уьш. Амма кхел тийшира далийначу даренех, ахча къинхьегамца даьккхина бохучух, мукъабехира бахамаш.
2020 шеран Зазадоккху-баттахь Токаев Касым-Жомарта парламентан спикер йолчуьра мукъаяьккхира иза. 202I шарахь мажлисан депутат елира юха а "Нур Отан" партин тептарехула. Ткъа хIинца, гIаттам иккхинчу деношкахь, официало бахарехь, коронавирус лаьцна цо, ткъа наха дийцарехь, махкара едда.
– Стенна къастийра Назарбаевс шен метта Токаев, шен доьзалерчу цхьаьнга дIа ца луш дарж, максала, Даригин кара?
Халкъ реза хир ду Токаевна, нагахь санна чубалийна ницкъаш арабаха ницкъ цуьнан кхачахь
– И дан лагахь вара иза. Делахь а цо Токаев хаьржира, моьттура иза шена виллина муьIтахь хир ву. Токаевс юхьанца дан а дора цо аьлла-аьлларг. Шахьаран цIе елира Назарбаев – «Нур-Султан», массо а гIулчаш йохура цо ма-аллара. Амма марионетка хила кIордийначух тера ду. Хьал махкахь иккхича, дезна цуьнан Путинах а, Лукошенкос а дагавала – цаьрца иза виллина вара уьйр лелош. Цуьнан шен са а ма дарий кхерамна кIел. Даржа ваьлча – сих а вер вара иза. Цо ши зулам дина: нах хIаллакбар тIеэцна шена, шолгIаниг – махка кхайкхина Йозущ йоцчу Пачхьакхийн Цхьанакхетараллера «гIо», хIинца Оьрсийчоьнан эскарш ду Кзахстанехь.
– Динарг юхадаккха а ма гIертий иза.
– Иза нийса баьккхина ког бу – эскарш арадахар. Амма кхузахь йоккха конфликт оьккхур ю цуьнан Оьрсийчоьнан куьйгаллица. Халкъ реза хир ду Токаевна, нагахь санна чубалийна ницкъаш арабаха ницкъ цуьнан кхачахь. Ца бахалахь – чоьхьара тIом болалур бу. Халкъан тIом. ХIунда аьлча Казахстанехь цхьа дакъа Кремлехьа ду, важа – къоман Iедалехьа.
– Токаевгахьа волуш санна до ахь иза хьахош къамел, цуьнгара оццул даккхий гIалаташ девллашехь…
– Яц сан цуьнгахьа цхьа йовхо. Зулам дина цо, нах байъийтарца, эскарш чукхайкхарца. Оццул жоьпаллечу гIуллакхе цхьа а дегайовзо, безамаш-цабезамаш банне а бац. Амма со кийча Токаевна барташ баха, нагахь санна цуьнга дипломатин новкъахула чубаьхкинарш арабахалахь.