ТIекхочийла долу линкаш

 
Оьрсийчоь "терроризман спонсор" лара аьлла низаман проект кховдийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь "терроризман спонсор" лара аьлла низаман проект кховдийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь


Оьрсийчоь "терроран пачхьалкх" лара аьлла кампани йоьдучу хенахь 2022-чу шеран товбеца-беттан 17-чохь Краковехь даьккхина архивера сурт
Оьрсийчоь "терроран пачхьалкх" лара аьлла кампани йоьдучу хенахь 2022-чу шеран товбеца-беттан 17-чохь Краковехь даьккхина архивера сурт

Йеарин дийнахь шина партин низаман проект кховдийна сенаторша Линдси Грэма а, Блюменталь Ричарда а Оьрсийчоь терроримзан спонсор-пачхьалкх лара аьлла, хаамбира "Американ Аз" оьрсийн сервисо.

Америкахойн низамашца терроризман спонсорш-пачхьалкхаш лоруш йу Куба а, ГIажарийчоь а, Къилба Корей а, Шема а.

"Путинан Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх йу, дуккха а хан йу низамашца а догIуш официалехь и къаобалдан догIу", - аьлла ду республиканхочун Грэман дIахьеарехь йаздина.

Демократан Блюменталян дIахьедарехь аьлла ду, Оьрсийчоьнна "хьакъ йолуш" кхаьчна дIакъастийначийн клубера меттиг. "Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх хилар къобалдаро таро лур йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна къизаллица Путинца къийсам латтон, ишта цо маршонна а, демократина а бохьучу кхерамца а", - аьлла сенаторо Блюменталь Ричарда.

Оьрсийчоьнан Федераци терроризман спонсор-пачхьалкх ларарх низаман проект шозлагIа пайда хир бу, Оьрсийчоьнца йукъарлонаш лелочу пачхьалкхашна санкцеш тухуш, Оьрсийчу экспорт йан магийна доцу товараш шордеш а.

  • Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх йу аьлла дIакхайкхийначех хьалхара пачхьалкх йу Литва. 2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 10-чохь Литван Сейм (128 кхожаца) тIетайра, маьрша бахархой байъар (бераш а цхьаьана), нах лечкъор, гIело хьегийтар, хьийзор, геноцило байинчийн декъашна тIехь сийсазаллаш лелор украинхойн доллу, йа ах къам хIаллакдан Iалашонца, ишта хаа а хууш бахархойн объекташна тIе тохарш дар терроризм йу аьллачу резолюцина.
  • Цул тIаьхьа, оццу 2022-чу шарахь, цу кепарчу дIахьедаршца дош элира Украино, Латвино, Эстонино, Чехис, Нидерландаша, Польшо, ткъа 2023-чу шеран чиллан-баттахь – Словакино а.
  • 2022-чу шеран лахьан-беттан 23-чохь Европера парламенто 705 депутатах 494-н кхожаца резолюци тIеийцира Оьрсийчоь терроризман спонсор а, терроран методаш лелон пачхьалкх а йу аьлла.
  • ХIеттахь, 2022-чу шеран гурахь оцу кепара сацамаш тIеийцира Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейно а, НАТО-н Парламентан ассамблейно а, ткъа 2023-чу шеран аьхка – ОБСЕ-н Парламентан ассамблейно а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG