ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан "чеченизаци" а, "кадыризаци" а:Iедал чIагIдаран лабаратори


Кадыров Рамзан (гайтаман сурт)
Кадыров Рамзан (гайтаман сурт)

Орсийчоьнан "чеченизаци", "кадыризаци" боху терминаш тIаьххьарчу 20 шарчохь Оьрсийчоьнан керлачу меттан дакъош хилла – цаьрца билгалйоху федералан Iедалхоша Кадыров Рамзана кепаш тIеэцар, царех пайдаоьцу цо а, цуьнан гонерчу наха а регионан урхалла деш. Кавказ.Реалиин редакцино дийцаредира Орсийчоьнан политологашца и терминаш гучуйовлар, иштта республикел арахьа муьлха цуьнан кепаш йаьржина, олийла дуй Нохчийчоьнах ницкъаллин механизмаш чIагIайарн полигон.

Харжамаш: "чеченизаци" йа "кадыризаци"?

"Чеченизаци" термин дуьххьара йукъайалар республикехь куьйгалла даран, контроль латторан политикан системица доьзна дацара, къаьстина электоралан лелар билгалдаккхар санна дара. Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь политолого Орешкин Дмитрийс кхетийра, 90-чу шерийн йуьххьехь Оьрсийчохь "къаьстина электоралан культурин зонаш" йара, цигахь билгалдоккхура харжамашка бахкар а, бертахь кхаьжнийн жамI дар а.

Оцу кепарчу зони йукъахь нисйеллера хIетахь Нохч-ГIалгIайчоь а: 1991-чу шарахь хиллачу президентан харжамашкахь республико дуккха а нах харжамашка а баьхкина (84% гергга), нийсонца жамI дина (80% гергга) кхаж тесира Ельцин Борисана. Оцу йукъанна харжамаш дIабахьа масех бутт бисинчу заманчохь оццу республико бойкот йира Оьрсийчоьнан Федерацин референдумехь дакъалаца, президентан пост йукъайаккхарна.

Iедале ницкъе лидер веанчул тIаьхьа электорал гIоли хетар хийцаделира

Политолого кхетийра, оцу кепара цIеххьана ойла хийцар республикин керлачу лидерна Дудаев Джохарна тIехула дара. Халкъо гIо а лоцуш, Iедал шен кара ийцира цо цул хьалха хиллачу куьйгаллина шога дуьхьал лаьтташ. И масал къаьсташ дара, Iедале ницкъе лидер вар бахьана долуш электорал бакьхьа хетар хийцадаларца. Орешкин Дмитрийс бахарехь, хIетахь дуьххьара хазийра харжамашна "чеченизаци" йина боху термин, делахь а цу хенахь а кхин дIоггара шуьйра йаьржина йацара и.

90-чу шерашкахь оцу кепара политикан харжамийн культура гучуйелира 17 регионашкахь, дIасакъаьстина Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а йоцург, Дагестан а, ГIалмакхойчоь а, кхинйолу республикаш а йукъахь. Политологан дешнашца, дукха ца Iаш кхеташ дара, хIоразза а лелочу фальсификацех доьзна а, адамийн тIетовжийла йоцчу хенахь дуьхьалойар цахиларна а и дерриг а дарий. Мел а къаьстина термин лело йаьккхира цо, политолога бахарехь, - "электоралан султанат" аьлла, махкара харжамийн жамI цхьана стагах гIоьртина долуш.

"Церан маьрша зорбанаш дац, йозуш йоцу кхел йац, делахь а боккха кхерам бу, хьуна хетачуьнца бала дIа хир боцчу меттигерчу Iедалхошца девне бовла. Хьо цара хIаллакван тарло", - аьлла хета Орешкинна.

Эксперто билгалдоккху: "электоралан султанаташ" лерина йу шайн шира, Советан заманара элиташ ларйан. 2000-чу шерашкахь оцу тайпа кхаж тасаран кеп тайнера Iедале веанчу Путин Владимирна: "Цундела вайна гуш а ду, "султанатан" кеп йоллу пачхьалкхехь йаьржина йогIуш хилар".

"Электоралан султанаташ" лерина йу шайн шира, советан заманара элиташ ларйан

Оьрсийчоьнан декъахь хиллачу Нохчийчоьнан хьалхара президент харжар дIадаьхьира 2003-чу шарахь дуккха а харцонаш лелош. Орешкин Дмитрийна хетарехь, фальсификацийн тIегIа кIезиг къаьсташ йара кхечу "электоралан султанаташкахь" лелийначу тIегIанах, делахь а, тIом бахьана долуш а, Путин Владимирна и политикан инициатива коьрта хиларна а къаьсттина оцу регионна тIеоьзна йара йоккха терго.

2004-чу шарахь Нохчийчохь Кадыров Ахьмад волуш дIабаьхьира Оьрсийчоьнан президентан харжамаш. ДIахьедира, Оьрсийчоьнан президент харжар Нохчийчохь рекорде дара аьлла. Путин Владимирехьа, официалан зерашца, 92,3% наха кхаьжнаш теснера.

Цунах тера проценташ гойтура ГIезалойчоьно, Башкортостано, Кемерово, иштта меттигера шога авторитаран режимаш лаьттинчу кхин а масех региононо а. Амма къаьсттина йиллина Нохчийчохь лелийначу фальсификацино карт-бланш йелира Оьрсийчоьнан кхечу регионашна, Путинан харжамашкахь лаккхара жамIаш дара шайн аьлла дIагайта, аьлла хета политологна Орешкин Дмитрийна. ХIетахь йуха а дийцадаьккхира "харжамашна кадыризаци" йарх.

И термин чIагIйелира, республикера Iедал Кадыров Рамзанан каракхаьчча. Cedar (Center for data and research on Russia) проектан эксперташа билгалдаьккхира Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарехь, Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь 2012-чу шарахь Нохчийчуьра массо а каппашкахь Путинехьа тесначу кхаьжнийн жамIаш гайтира 100 проценте гергга. Цул тIаьхьа хиллачу президентан харжамашкахь терахьаш 90-95% охьа ца девлира нах кхаж таса эхарехь а, хьесапашкахь а.

Политолог волчу Преображенский Иванна хетарехь, 2024-чу шарахь Оьрсийчоь билггал кхечира кхаьжнаш тасарехь Кадыровн кепе, чIогIа догIуш ду "чеченизаци" боху термин "кадыризаци" аьлла хийцайалар а.

ЧIогIа догIуш ду "чеченизаци" боху термин "кадыризаци" аьлла хийцайалар

Экспертана хетарехь, гуш ду, Оьрсийчохь "харжамийн кадыризаци" кхачаран бахьана ду, - оппозицин гIуллакх лелочарна болу кхерам кхиар, ур-атталла оппозицин кхаьжнаш тасар а. И кхерамаш къегина гучубевлира Нохчийчохь 2000-гIа шераш йуккъе девллачу заманчохь, Кадыров Рамзан Iедале веъначу хьалхарчу шерашкахь, цул тIаьхьа и практика йаьржира йоллу Оьрсийчохь.

Преображенскийс билгалдоккху, Кадыровс Нохчийчохь лелийна оппозицица къийсам латторан кепаш кхиамца тIеэцна Оьрсийчоьнан Iедалша, цунах хецна ала тарло Оьрсийчуьра кадыризаци аьлла.

Политикан аналитик Преображенский Иван
Политикан аналитик Преображенский Иван

Оьрсийчоьнан "кадыризаци": зеделларг тIеэцар йа зерийн полигон?

Нохчийчоь — Оьрсийчоьнан низамашдахаран Iаьржа ор ду: цигахь лелаш дац низам, аьлла хета Прагера Карловн университетан социалан Iилманийн факультетан белхахочунна, политологна Дубровский Дмитрийна.

"Нохчийчоьнан коьрта проблема йу, цигахь Оьрсийчоьнан низамаш лелош цахилар. Оьрсийчоьнан дозана тIера "Рамзанат" йу и. Муьлхха а низамех ша вешаш цахилар дIагойтийла йу Кадыровн, ша Путинна муьтIахь мел ву, Нохчийчуьра хьал шен тергонехь мел латтон а. Цуьнан шен долахь эскар ду, набахтеш йу, пачхьалкхан аппарат йу, Оьрсийчоьнан Федарцина чуйогIуш йоцу", - билгалдаьккхира Дубровскийс.

Оьрсийчоьнан дозана тIера "Рамзанат"

Ша Iедалан мукъ караэцначул тIаьхьа Кадыровн хIора леларо дIагойтуш дара, шена луъург цуьнан дан йиш хилар – цхьана а кепара таIзар доцуш: политикан гIуллакхдархошна (Кутаев Руслан), бакъоларйархошна а (Титиев Аюб) тIехь кхелаш йар, политикан буха тIехь журналисташ байъар (Политковская Анна, Эстемирова Наташа), шен Iедална дуьхьал берш новкъара бахар (ЯмадаевгIеран вежарий) – Нохчийчоьнан куьйгалхочун "турпалаллаш" гучуйийлина цхьа дакъа ду и.

Гергарнаш закъалте оьцуш практика Нохчийчохь шо шаре мел долу массарна а тIехь лелон хIума хилира: Кадыровна луьйш болчийн доьзалера нах лецарна тIера, нохчийн оппозиционерийн нана Мусаева Зарема хан тоьхна набахье хьажорна тIе кхаччалц.

ТIаьхьо шайн товш боцчу нахана тIаьхьабийла оцу кепах кхиамца пайдаэца болийра Оьрсийчоьнан Iедало а, цара а лоьцура закъалтIе гергарнаш. Уггар а чIогIа дийцинчех дара 2014-чу шарахь оппозицин политикан Навальный Алексейн вешина Навальный Олегана дина таIзар.

ХIоразза а магийначу барамал а Нохчийчохь совбовлахь, дискуссино чIогIа маса кхетавора, схьагарехь, хIара хила йиш йолу хIума ду, ткъа йукъаралла хIинца а кийча йац цуьнца къийсам латтон, билгалдаьккхира Преображенский Ивана.

Гейш байъар? ХIаъ, и-м ловр дара вай

"ТIетаьIIина гейш байъар? ХIаъ, и-м ловр дара вай, и вайн бала болуш хIума дац. Журналисташ, бакъоларйархой? Иза а дац башха даккхийчех, хIун ду байъича? Йукъаралло дукха дика ловр ду иза а, цхьаьнгехьа а гIо даккха а кийча бац уьш", - дуьйцу политолого.

Делахь а йеххачу заманчохь цхьанна а ца хаьара, йоллу Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь шога Кадыровн кепаш лелор мел даржадойла йара. Преображенский Иванна хетарехь, йуьхьанца цхьа а вацара тешаш, эр ду вай, ЯмадаевгIеран вежарий Iалашбина тIеман талламо цхьана къайлахчу, Кадыровца боьзна хила тарлучу наха уьш байъар тергамза дуьтур ду аьлча.

"Цул тIаьхьа Кремлан пенаш хьалха вен йиш йара Немцов а", - боху Преображенскийс.

Кадыровн кепаш лелош йу

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша белхан керла кепаш зуьйш йолу майда йара Нохчийчоьнах - масала, лоцучул а "тIемало" ву бохург хIаллакван таро йолуш хилар аьлла хета Преображенскийна: "Нохчийчохь Оьрсийчоьнан ницкъахой кхийтира, цхьа а талламаш бан а ца оьшу, билггал болу экстремисташ а леха оьшуш дац. Уьш шаьш билгалбохуш, царна тоьпаш тухийла ду".

Йуьхьанца и хIума йоллу Къилбаседа Кавказехь лелош дара, цул тIаьхьа, Кадыровс гайтарца, йоллу пачхьалкхехь а. ХIинца гуш ду, ФСБ-но "экстремисташ" а, "террорхой" а муха лоьцу, тоьшаллаш ду бохуш, Шевченко Тарасан байтина гулар, йа украинхойн маттахь цхьа кехат царна хьалха а дуьллуш.

Нохчийчохь цкъа хьалха лелийна, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан ницкъахоша а лелош ду ала тарлучух ду нах лечкъор, камерана хьалха царна тIехь Iазапаш хьегар а. 2020-чу шарахь камера хьалха хIоттийна ницкъбира оппозиционерна Тепсуркаев Салманна, ткъа 2024-чу шеран оханан-баттахь "Крокусехь" теракт йина аьлла, шеконашца нах лоьцуш, цхьаннан лерг даьккхира Оьрсийчоьнан ницкъахочо видео дIа а йазйеш.

Тайпанаш, Iедал верасе далар "кадыризацин" тIаьххьара тIадам болуш санна

Iазапаш, нах байъар, лечкъор, талламаш беш ду боху сурт хIиттор, тоьшаллашца фальсификацеш лелор – хIара а, Кадыровн "хьехамчаша" лелийна дуккха а кхиндерг а йисинчу Оьрсийчоьнан векалша кхиамца чекхдаьккхира, амма кхин а коьрта цхьа аспект йу, тергамза йисина йоцу, - кланаш хилар.

ХIун дийр ду, диктатор дIавахча? Цуьнан метта хIоттон цхьа а вац, хIунда аьлча, берриш а цо хIаллакбина

Оьрсийчоьнна Нохчийчоьно кхин Iамо дисина хIума а дац. ХIинца церан проблемаш йукъара йу, тIетуьйхира къамелдечо: "Хаттар кхоллало: хIун дан деза диктатор дIавахча? Цуьнан метта хIоттон цхьа а вац, хIунда аьлча, берриш а цо хIаллакбина. Массанхьа а ховшийна цуьнан гергарнаш бу, доттагIий, йуьртахой, ишта кхин дIа а. "Кадыризацин" маьIне Оьрсийчоь йогIу тIаьххьара тIадам бу, - Путинан метта альтернатива цахилар, Кадыровн метта а санна".

  • Нохчийчохь президент хилира 2003-чу шарахь Оьрсийчоьнехьа ваьлла Ичкерин муфтий хилла, тахана Нохчийчоьнан урхаллехь волчун да Кадыров Ахьмад. Официалан зерашца, Кремло хIоттийначу Кадыров Ахьмадана 82 процент кхаьжнаш кхечира 88% бахархой ара а бевлла.
  • Дуьххьара гергара нах закъалте лецар йукъадаьккхина Нохчийчохь Кадыров Ахьмада, тIаьхьа цуьнан кIанта а. 2005-чу шарахь бакъоларйаран "Мемориал" центро рапорт арахийцира "Контртерроран "керла" методаш" цIарца, цу тIехь билгалдоккхура, гIаттамхой бу бохучу нехан гергарчарна тIехь шен-шен заманчохь тIаьхьабуьйлура аьлла.
  • Кадыровн практикан кхин а цхьа масал ду - ФБК-н куьйгалхочун Жданов Иванан дена хан тохар. 2021-чу шарахь Жданов Юрийна кхо шо хан кхайкхийра набахтехь йаккха, курхаллаш лелорна бехкевина. ТIаьхьо арахь йаьккхича вуьтуш хийцира иза а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG