ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскарна "дискредитаци" йарх дуьххьара протокол луьстур ду Нохчийчохь кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело луьстур ду Нохчийчохь Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци" йарх дуьххьарлера административан протокол. Арсаев Асланбекан хьокъехь хIоттийна ду иза, суьдхочуьнга Ибрагимов Эмильхане дIакхачийна.

Жоьпалле озийначун йоллу цIе йогIуш ю къобалйазчу Ичкерин шарIан кхерамзаллин министран (1998-1999), Ичкерин къоман армин дивизионан генералан цIарца. Арсаев тIаьххьарчу шерашкахь Туркойчохь вехаш ву. Хетарехь, вуьйцург цуьнан цIархо ву. Оцу гIуллакхах кIорггера хаамаш карарчу хенахь хууш бац.

Зазадокху-беттан 4-чохь дуьйна юкъайалийна армина "дискредитаци" йарх Оьрсийчоьнан Администпративан кодексан Iедалан къепе. ГIуран-бутт бовш Оьрсийчоьнан кхелашка пхи эзар ахэзар сов протоколаша кхачийра оцу тIехула. Масала, оццу кепара гIуллакхаш алсам хиларца 246 протоколца кхозлагIа меттиг лецира Краснодар-махко. 30 эзарна тIера 50 эзарне кхаччалц гIуда тоха тарло оцу Iедалан хъепехула, ткъа шо далале юха а оцу тIехула бехке озавахь бехктакаман гIуллакх дуьхьал доккхийла ю.

  • Къилберчу регионашкара "дискредитаци" йарна административан жоьпалле озийра полисхо, диакон, Оьрсийн православин килсан мозгIар, школера хьехархо, ФСИН-н белхахо, лакхарчу доьшийлера хьехархо, иштта кхечу говзаллийн веклш а.
  • "ОВД-Инфо-н" хаамашца, гезгамашин-баттахь кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал 21-26-чохь хIиттийначу акцешкахь йоллу пачхьалкхехь лецира 2 419 стаг. Къилбаседа Кавказана а Оьрсийчоьнан къилбехь а тIамна дуьхьал акцеш дIайаьхьира ХIинжа-ГIалахь, Нальчикехь, Краснодарехь, Волгоградехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG