ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскарш Курскан кӀоштахь баттахь сов гонехь латтийна, дIахьедина Алаудиновс


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Украинан эскаран операци дӀайоьдучу Курскан кӀоштахь баттахь сов "буьззина гоне лаьцнера" Оьрсийчоьнан эскархойн тоба аьлла, дӀахьедина "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис. Ша буьйцурш муьлхачу декъан тӀемалой бу, уьш маса вара, маса висина, билгал ца даьхккхина цо. Оьрсийчоьнан тӀеман министралло комментари ца йо Алаудиновн информацина.

Инарлас дуьйца, "логистикан ладаме меттиг" йолчу кӀоштахь гоне лаьцна эскархой, шайн накъостий рогӀерчу кӀоштахь дIачъагIбаллалц хьоьжуш Iийна. Цул тӀаьхьа бен уьш бинчу гонера ара ца баьхна. "Ахмат" лерринчу ницкъийн буьйранчас меттиг билгал ца яьккхина, тӀаьхьо дуьйцар ду аьлла.

"Сан цхьанакхетар хилла цаьрца - уьш дукхахберш Москва [дарба дан] дӀабигина бу", - дIахьедира Алаудиновс.

"Ахматан" командиро билгалдаьккхина, эскархой Курск-мехкан Суджан кIоштара Мартыновка олучу эвлахь гоне лаьцна латторах.

Оццу видео тӀехь цо латкъам бо Оьрсийчоьнан чоьхьарчу "ямартхошна", "Ахмат" спецназна критика йеш болчу. Къаьсттина цӀераш а ца йохуш, Нохчийчоьнан тӀеман министраллан инарлас кхерамаш тийсира, "шайна догӀург дIакхочур ду" шуна аьлла. Хетарехь, цу буьйцурш бу тӀеман "корреспонденташ" олу нах, Курскан кӀоштахь Украинан эскаро операци йолийначул тӀаьхьа Алаудиновца юх-юха а дов латтийна болу.

"Тахана тӀеман Iалашонаш кхочушйеш ду тхо. Амма хӀара тӀом хьалха-тӀаьхьа чекхбер бу, оха шуна дан деззарг дийр ду. Ткъа шуна меттиг хир йац Оьрсийчохь, цундела хьалххе билеташ эца шайна, дIадаха дезар ду шу" – элира инарлас.

  • "Ахмат" эскаран буьйранчас Алаудинов Аптис кхайкхам бина Оьрсийчоьнан эскаран декъехь тIемаш бечу Нохчийчуьра бахархошка а, шайн лаамехь Украинан тIеман ницкъийн карабахначаьрга а "шаьш дайита бахьанаш леладе" аьлла. Хьалхо Украинерчу фотокорреспонденто Доброносов Яна зорбане йаьккхира Курскан кӀоштахь йийсаре лаьцна нохчийн Валерик юьртан куьйгалхо хиллачу Зарахматов Мохьмадца дIайазйина видео. Цо дӀахьедо, ша могIархо вара, марсхьокху-беттан I4-чохь Курскан махкара Суджан кӀоштахь йийсаре лаьцна хилар а, дуьхьало йина ца йарх а. Ткъа тIом бан вахийтина хилла иза бертаза.
  • Бутт сов хан йаьлла Курскан кӀоштан доза дохийна, хӀинца а Украинин эскархойн Ӏуналлехь дуьсуш ду цу кӀоштан цхьа дакъа; Оцу хенахь Z-юкъаралла олучу нехан а, Алаудинов Аптин а юкъаметтигаш хаалуш телхина. Курскан агӀор долчу хьолах лаьцна тӀеман министраллан цхьаъ бен воцу бохург санна спикер хилла дӀахӀоьттина Нохчийчоьнан уллера куьйгалхо. Курскан кIоштахь долчу хьолахь лаьцна, даимана критика йо "тӀеман корреспонденташа".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG