ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан хьакъйолу артист хилла Ахмадова Аминатах. Кадыровн кхоалгIа зуда лоруш йу иза


Ахмадова Аминат
Ахмадова Аминат

Президента Путин Владимира Оьрсийчоьнан хьакъйолу артист аьлла цӀе йелла "Нохчо" халкъан ансамблан директорна, исбаьхьаллин куьйгалхочунна Ахмадова Аминатна. Официалан боцчу хаамашца, иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхоалгӀа хӀусамнана лоруш йу.

Цуьнца догӀуш долу указна Путина шинарийдийнахь куьг йаздина, низаман информацин порталехь зорбане даьккхина. Къоман культура а, искусство а кхиорехь цо доккха дакъа лацарна, "дуккха а шерашкахь беркате болх барна" йелла сийлахь цӀе.

Изза цӀе йелла Нохчийчоьнан пачхьалкхан филармонин йишлакхархочунна Дадашева Тамарина а, Ӏедалехьа волчу иллиалархочунна Дронов Ярославна (Шаман) а – Украинера тIамана пропаганда йарна Евроберто санкцеш йаьхна цунна дуьхьал.

2019-чу шарахь Ахмадова Аминат Кадыров Рамзанан кхоалгӀа хӀусамнана хиларх лаьцна дийцира Оьрсийчуьра схьайаьллачу Нидерландийн режиссеро Новикова Машас. Цо кино йаьккхира Нохчийчуьра "Даймохк" цӀе йолчу берийн халкъан хелхаран ансамблех лаьцна, иза кхоьллина артистан дас-нанас Ахмадов Рамзана а, Айзас а. Республике лелачу хенахь церан хӀусамехь Ӏийначу Новиковас дийцарехь, ша Кадыровга маре йаханчул тӀаьхьа Аминат шена йелира, ткъа цуьнан вежаршна а, дена а Ӏедалан даржаш а, керла машенаш а йелира, иштта йоӀана уллохь хӀусам а хилийтира.

Официалехь оцу информацин тоьшаллаш дац. Кадыровс массарна а гуш-хезаш шен цхьаннал а сов зударий хиларх дуьйцуш дац.

  • Чиллан-баттахь Ахмадова Аминатна кхачийра Нохчийчохь уггаре а лакхара совгӀат - Кадыров Ахьмадан цӀарах орден.
  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Японин санкцин тептаре йаьккхира Ахмадова Аминат, Кадыров Рамзанан зударех цхьаъ йолуш санна. Цигахь хьахийра цуьнан шолгӀа зуда лоруш йолу Хазуева Фатима а. Гезгамашин-баттахь Кадырова Медни а, Хазуева Фатима а, Ахмадова Аминат а юкъайаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG