ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 5000 эскархо велла Украинерчу тIамехь


Донецкан кIоштахь тIамна гергахь украинхойн эскархойн Iамораш, 2023 шо, гIадужу-беттан 15-гIа де
Донецкан кIоштахь тIамна гергахь украинхойн эскархойн Iамораш, 2023 шо, гIадужу-беттан 15-гIа де

ТIамца Украинана Оьрсийчоь тIелеттачул тIаьхьа Кавказ.Реалиин редакцино шен мониторинг йолийра Оьрсийчоьнан армин оцу тIамехь эгначех. ЦIерашца хIоттийначу тептарехь Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а велларг ву 5025 стаг. Кубанера кешнашкахь дIавоьллина ЧВК "Вагнеран" 850 йолахо ца лерича.

1000 эзарал тIех иккхира и тептар 2022-чу шеран товбеца-беттан 29-чохь, тIом болийна пхи бутт баьлча. Кхин а пхи бутт баьлча, дечкен-беттан 10-чохь, и терахь 2000 эзарал совделира. Цул тIаьхьа кхин а алсамбевлира байинчех кхочу хаамаш, хIора рогIера эзар веллачух хаам гуллора кхаа баттахь: охан-беттан 11-чохь къаьстира 3000 веллий, 4000 валар хиира товбеца-беттан 12-чохь, гIадужу-беттан 16-чохь – 5000-х. Беллачу гоьбевллачех ву – мел кIезиг а, ЧВК "Вагнеран" 446 йолахо а, мел лахара а, тIеман министраллин "Шторм Z" декъан 14 йолахо а. Царлахь 206 гергга стаг тутмакхашлахь йукъаозийна, тIаме бигина бара. Иштта хиъна мобилизаци йина 428 вийна хиларх а, мел кIезиг а, лаамхой* олучех 307 кхалхарх а.

Эпсаран чинехь вара мел лахара а 400 велларг. Царлахь шиъ инарла, 18 полковник, 35 подполковник, 68 майор, 91 капитан, 186 лакхара лейтенант, лейтенант, лахара лейтенант хилар а къаьстина.

Иштта хьалха санна тIамехь цхьа зуда-эскархо йийний а хууш ду.

Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а байинарш иштта дIатарбина тептарехь:

  • Краснодар-кIошт – 1194 стаг;
  • Волгоградан кIошт – 749 стаг;
  • Дагестан – 736 стаг;
  • Ростовн кIошт – 729 стаг;
  • Ставрополь-мохк – 379 стаг;
  • Къилбаседа ХIирийчоь – 368 стаг;
  • Астрахань-кIошт – 256 стаг;
  • Нохчийчоь – 239 стаг;
  • ГIебарта-Балкхаройчоь – 103 стаг;
  • Адыгей – 96 стаг;
  • ГIалмакхойчоь – 79 стаг;
  • ГIалгIайчоь – 54 стаг;
  • Кхарачой-Чергазийчоь – 43 стаг.

Оцу йукъанна уггар дукха белларш Къилбаседа ХIирийчуьра бу, уггар кIезиг – Кхарачой-Чергазийчуьра.

Билгалдаккха догIу, тIамехь беллачех хIиттийна и зераш билггал долчел а лахара хилла ца Iаш, цара ца гойтуш хила тарло билггал йолу регионалан пропорцеш а, хIунда аьлча, эшамех йолчу информацина тIекхача Iаткъам бо кху кепарчу факторша, масала, шайн беллачех хаийта администрацеш кийча хилар, дIабоьхкинчех чот лелош болу волонтераш хилар, цахилар, меттигерчу гIирсийн а, телеграм-каналийн а политика а. "Кавказский узел" гIирсан хаамашца, 2023-чу шеран гIадужу-беттан 14-чохь къилбан а, Къилбаседа Кавказера регионийн а Iедалхоша официалехь тIечIагIдина 2700 стаг валар.

Беллачу эскархойх бечу хаамашкахь * "лаамхой" ала тарло тIеман министраллин структурашна йукъа ца догIучу дакъойх а, иштта Украинерчу тIамехь дакъалаца тIеман министраллица контракт динчех а.

  • Оьрсийн эскарна хилла зенах лаьцна олучу хенахь Кремло уьш "тоъал" дара олий дерзадо – байъинчу нехан баккъала долу терахь ца девза. Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – I 35I стеган. Гезгамашин-беттан 2I-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • 2023 шеран гIадужу-беттан 12-чохь долчу хьолаца, Оьрсийн "Би-би-си" сервисо а, "Медиазонас" динчу лараршца, Украинерчу тIамехь 34 412 Оьрсийчоьнан эскархо велла.
  • Кавказ.Реалиино хIоттийначу тептаро дерриг хьал ма-дарра ца гойту. Цкъа-делахь, Iедало ца лууш дуьйцу беллачех лаьцна, иштта хаамаш гулбан, цхьанатоха дуьхьало йо. ШолгIа-делахь, байъиначийн гергарчу наха массара ца лелайо социалан машанаш, йа вуьшта ца дуьйцу шайх лаьцна. КхозлагIа-делахь, арахецначу хаамаша аьтто ца ло вийнарг а, цуьнан статус а йовза, масала, и веха меттиг ца йуьйцу, йа цуьнан фамили дукха йаьржина хуьлу – тIаккха иза хьалхо тептарехь вазвина хила тарло, йа цунах лаьцна хаамаш чухIоттийначу кошера чурта тIехь гуш ца хуьлу. ДоьалгIа-делахь, тIемаш боьдучера схьадеана дерриг декъий билгалдаьхна дац.
  • Ма-дарра аьлча, Кавказ.Реалиино бечу талламо и нах байъина хиларх хаам ло, амма кIезга хIума хаа йиш йу эшамийн динамикех, структурех а. Иштта редакцино дийцира, тIамехь байъинчех муха дуьйцу хьаькамаша а, пачхьалкхан хьукматаша а, Iедалан куьгкIелахь йолчу зорбанаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG