Оьрсийчоь шуьйрачу тIамаца Украине чуйахчхьана Кавказ.Реалии сайто шен мониторинг йолийра оцу тIамехь Оьрсийчоьнан эскарера леш болчу салтих кхочучу хаамийн. ЦIерашца хIоттийначу тептарехь Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара 7018 стаг ву, Кубанехь дIавоьллина ЧВК "Вагнеран" 850 йолахо ца лерича.
1000 барамал а тIехъиккхира и терахь 2022-чу шеран товбеца-беттан 29-чохь, тIом болийна пхи бутт баьлча, 2000 гIоьртира 2023-чу шеран дечен-беттан 10-чохь, аьлча а тIом болийна кхин а пхи бутт хан йаьлча. Цул тIаьхьа эшамех кхочу хаамаш кхин а тIе алсамбевлира, кхаа баттахь эзаре долура терахь: 3000 эскархо кхалхарх хиира охан-беттан 11-чохь, 4000 – товбеца-беттан 12-чохь, 5000 – 2023-чу шеран гIадужу –беттан 16-чохь, 6000 – 2024-чу шеран дечкен-беттан 16-чу дийнахь.
Вийначу ворхI эзар стагах хаамаш гулбира шина баттахь, амма билггал йолчу эшамийн динамикех ца доьзнера и, белларш багарбечу украинхойн телеграм-каналашца а, билгалйаьккхинчу кIоштара, гIалара йа тIеман декъера беллачех "Одноклассники" социалан машанашкара дуккха а мемориалан видеош гучуйовларца а доьзна дара. Йу уьш муниципалан Iедалхоша, пачхьалкхан организацеша, Iедалхошкахьа йолчу "йукъараллин" боламаша кечйина роликаш а, иштта официалехь йоцурш а, церан доккхаха долу дакъа зорбане даьккхинера дикка хьалха, амма кхечу хьасташкахь эскархойх лаьцна хаамаш бацара.
Гоьбевллачу беллачийн могIаршкахь – ЧВК "Вагнеран" мел кIезиг а 556 йолахо а, тIеман министраллин "Шторм Z" тобнан 34 йолахо а, царех 253 стаг хилла тIаме вигина тутмакхийн могIаршкахь вербовка йина. Ишта къаьстина мобилизаци йина хиллачу 596 веллачух а, мел лахара а лаамхой* олучех велла 410 стаг а. Берриг а белларш цхьана лерича уьш хуьлу 26 процент. И терахьаш хаа а хууш лахдина ду, хIунда аьлча, дукха хьолахь вийнарг муьлхачу статусехь вара хоуьйтуш дацара.
Эпсарийн даржехь хилла ву мел кIезиг а 548 стаг. Царлахь ву вийна ши инарла а, 28 полковник а, 44 подполковник а, 75 майор а, 106 капитан а, коьртачу хьесапехь аьлча 274 лакхара лейтенант а, лейтенант а, лахара лейтенант а, кхин а 19 стеган эпсаран дарж хилла, амма аьтто ца баьлла билгалдаккха. Оцу терахьашна йукъахь бу полицин, юстицин, ФСИН-н эпсарш а, запасан эпсарш а.
Беллачарлахь салти цхьаъ ву – Волгоградан кIоштара Школин Андрей ву иза, эскаран гIуллакх деш хилла иза Белгород-махкахь. 2023-чу шеран аьхка вийна иза украинхойн агIор динчу минометан тохаршкахь. Цул совнах, лар йоцуш вайна лоруш ву "Новороссийск" десантан хIордкемана тIехь гIуллакх деш хилла Корф Кирилл- Иркутскан кIоштара схьаваьлла вара иза, вехаш Сочихь хилла. Украинхойн ракетийн тохаршкахь вийна иза 2023-чу шеран гIуран-беттан 26-чохь.
Хьалха а санна хууш ду тIамехь йеллачу шина зудчух лаьцна: Волгоградера ефрейтор хилла Савицкая Анастасия а, Ростовн кIоштара лейтенан, тIеман лор хилла Садкова Елена а.
Дукха хьолахь тIамехь лечийн 33 шераш хуьлу. Редакцина къаьстинчу вийначу исс эскархочун 18 шераш дара, 19 шераш дерш – 44 вара, 20 шераш – 78-ннан. 50-59 шерашка ваьлла 197 стаг вара, 60 шераш, кхин а тIехваьлла – 22 стаг уггар къеначун 69 шо дара.
Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара белларш иштта дIатарбина:
- Краснодар-мохк – 1530 стаг;
- Волгоградан-мохк – 1050 стаг;
- Ростовн мохк – 965 стаг;
- Дагестан – 877 стаг;
- Ставрополан кIошт – 569 стаг;
- Къилбаседа ХIирийчоь – 469 стаг;
- Астраханан кIошт – 379 стаг;
- Нохчийчоь – 257 стаг;
- ГIебарта-Балкхаройчоь – 128 стаг;
- ГIалмакхойчоь – 112 стаг;
- Адыгей – 110 стаг;
- Кхарачой-Чергазийчоь – 72 стаг;
- ГIалгIайчоь – 66 стаг.
Оцу йукъанна регионан бахархойн терахье хьаьжжина уггар а дукха белларш бу Къилбаседа-ХIирийчуьра, уггар а кIезиг бу – ГIалгIайчуьра. Билгалдаккха догIу, и зераш хаа а хууш билггал хила тарлучул а лахара хилар, цара гойтийла дац ма-дарра дерг, хIунда аьлча информацина тIекхача новкъарло йо кху бахьанаша: администрацеш кийча цахилар беллачех дIахаийта, дIабоьхкинчех чот йен волонтераш хилар йа цахилар, меттигерчу гIирсийн а, телеграм-каналийн а политика.
Масала, хьалхо уггар а кIезиг эскархой беллачех регион йара Кхарачой-Чергазийчоь, амма хьал хийцаделира масех тобанаш хIаллакйина аьлла, информаци йаьржинчул тIаьхьа. Масала, церан портреташ гучудуьйлура гайтамашкахь, мемориалан видео тIехь, йа билбордаш хIитторах йинчу чоьташкахь.
"Кавказский узел" ресурсан лараршца, 2024-чу шеран зазадокху-беттан 11-чохь къилбан а, Къилбаседа Кавказан а пачхьалкхийн Iедалхоша а, организацеша а официалехь тIечIагIдина 3550 стаг валар.
Байинчу эскархойх бечу хаамашкахь *"лаамхой" олу, тIеман министраллин структурина йукъа ца догIучу дакъошкахь хиллачех а, Украинерчу тIамехь дакъалаца тIеман министраллица контракт йинчех а.
- Оьрсийн эскарна хилла зенах лаьцна олучу хенахь Кремло уьш "тоъал" дара олий дерзадо – байъинчу нехан баккъала долу терахь ца девза. Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
- 2024-чу шеран зазадокху-беттан 15-чохь долчу хьолаца, Оьрсийн "Би-би-си" сервисо а, "Медиазонас" динчу лараршца, Украинерчу тIамехь 47 701 Оьрсийчоьнан эскархо велла.
- Кавказ.Реалиино хIоттийначу тептаро дерриг хьал ма-дарра ца гойту. Цкъа-делахь, Iедало ца лууш дуьйцу беллачех лаьцна, иштта хаамаш гулбан, цхьанатоха дуьхьало йо. ШолгIа-делахь, байъиначийн гергарчу наха массара ца лелайо социалан машанаш, йа вуьшта ца дуьйцу шайх лаьцна. КхозлагIа-делахь, арахецначу хаамаша аьтто ца ло вийнарг а, цуьнан статус а йовза, масала, и веха меттиг ца йуьйцу, йа цуьнан фамили дукха йаьржина хуьлу – тIаккха иза хьалхо тептарехь вазвина хила тарло, йа цунах лаьцна хаамаш чухIоттийначу кошера чурта тIехь гуш ца хуьлу. ДоьалгIа-делахь, тIемаш боьдучера схьадеана дерриг декъий билгалдаьхна дац.
- Ма-дарра аьлча, Кавказ.Реалиино бечу талламо и нах байъина хиларх хаам ло, амма кIезга хIума хаа йиш йу эшамийн динамикех, структурех а. Иштта редакцино дийцира, тIамехь байъинчех муха дуьйцу хьаькамаша а, пачхьалкхан хьукматаша а, Iедалан куьгкIелахь йолчу зорбанаша а.