ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш ца хIитторе кхайкхина Кадыровс


ТIедогIучу шеран зазадоккху-баттахь хила безаш болу Оьрсийчоьнан президентан харжамаш ца хIитторе кхайкхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран винчу денна лерина Соьлжа-Г1алахь гулйинчу митингехь дира цо оцу тайпа дIахьедар.

ШолгIа некъ хьийхира цо харжамаш дIабахарна метта – ша веккъа цхьа Путина бен дакъа ца лоцуш уьш хIиттор. Оьрсийчоьнан президентан даржехь ву иза 2000 шарахь дуьйна (2008-2012 шерашкахь йукъараволуш).

Кхин президент харжа бакъо ца луш, йа харжамаш дIабохуш ша дина дIахьедарш Украинерчу тIамца доьзна ду аьлла цо (оьрсийн Iедало "леррина тIеман операци, СВО" олу цунах). "СВО йоьдучу йукъанна Оьрсийчоьнан президентан харжамаш хир бу бохучух къамел а дан йиш йац. Дика кхеташ ду, оцу кепарчу боккхачу барамах пайда оьцуш, доттагIаллин йоцучу пачхьалкхаша питанаш туьйсур ду, шайлахь йерриг коллективан Малхбузе йолуш. Пачхьалкхан чоьхьара хьал харцо гIертар бу вайн мостагIий", – йаздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Цо аьллачунна Кремлехь реакци йина йац цкъачунна. Оьрсийчоьнан Конституцино бакъо ло, тIеман хьал хIоьттича, президентан харжамаш ца хIиттон. Амма оккупацехь долчу Украинин латтанаш тIехь оьрсийн Iедало кхайкхийна тIеман хьал доллушехь, 2023 шеран гезгмашин-баттахь харжамаш хIиттийра "низамаш кхолларан кхеташонаш" хоржуш.

2020 шарахь Конституцина бинчу хийцамаша бакъо ло Путинна йалх шарна кхин а шозза президентан харжамашкахь дакъалаца. ХIинца а цо дIахьедина дац, ша йуха а дакъалоцург хиларх, амма зорбанашца къамел динарш, йа Iедалернаш шеконехь бац цо иза дийрг хиларх.

Шайн дукхахдолу дакъа эмиграцехь долчу оьрсийн оппозицин векалша йийцаре йина оцу харжамашкахь хир йолу стратеги. Маьршачу Оьрсийчоьнан Форумерчу Каспаров Гаррис, цуьнан агIончаша оцу харжамашна дуьхьало йар хьоьху, уьш низамца богIуш бац бохуш. Ходорковский Михаилан, Навальный Алексейн а агIончашка йукъара стратеги кхолла аьлла дIахьедина Кац Максима. ФБК-но жоп делира, президент хила дагахь мила ву билгалдаьлча, шаьш кхуллур йу стратеги. Кандидаташ хьалхатеттар, царна регистраци йар а Кремлан карахь ду.

Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкахь гIадужу-беттан 7-хь "Къоман фронт" шайх олучара барамаш хIиттийра Путинан 71 шо кхачарна лерина. Кхечу пачхьалкхийн куьйгалхоша иза декъалвина элира Кремлехь. Москва кхаьчначу Казахстанан а, Узбекистанан а президенташа йуьхь дуьхьал декъалвина бохура президент. Кхаамо дакъа лецира, оьрсийн газана Казахстанан, Узбекистанан дозанашкахула транзит йолорехь.

  • Гезгмашин-беттан 27-хь Кремлехь белхан цхьанакхетар хилира Путин Владимиран Кадыров Рамзанаца. Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла вуно телхина йу бохуш хаамаш баьржинчу муьрехь хилира иза. Цхьанакхетарехь йаьккхинчу видео тIехь Путина олу, республикерчу хьолах дийца дагахь ву ша – регионехь проблемаш йац олу вукхо.
  • Москвахь керла маьждиг делларх йолу идей къобалйина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, аьлла дIахьедина Кадыров Рамзана. Южное Бутово кIоштарчу шен ден Кадыровн Ахьмадан цIарх болчу урамехь доьллур ду иза, бохуш чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG