ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тIеман корреспонденте гечдар дехийтина "Ахматан" дакъош салташна тIехьа дара аьллачул тIаьхьа


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденто" Романов Владимира нахана йуккъехь къинтӀера довлар дехна Белгород-махкарчу "Ахматан" дакъош эскаре кхойкхучарна тӀехьа лаьтташ ду аьлла ша аьллачу дешнашна. Цо шен дӀахьедар харцдира, кхетийра ша Алаудинов Аптица "деха, даггара къамел" динчул тӀаьхьа "информаци кхин а леррина толлур йу" аьлла.

Оханан-бутт болалуш, "буферан зона" кхоллархьама, Алаудинов Апти коьртехь волу "Ахматан" спецназера эскархой кхин а тIе сов дӀахьажийра Белгородан кӀошта. Нохчийн дакъоша реакци йина Романовн рапорт зорбане даьккхина товбеца-беттан 5-чу дийнахь. Цу тӀехь цо элира, Украиница долу доза эскаре кхайкхинчу салташа лардеш ду, ткъа "тик-токаш бу царна тӀехьа" аьлла.

ШолгӀачу Ӏуьйранна националистийн телеграм-каналашкахь информаци гучуелира, "нохчаша лоьхуш вара Романов, цуьнан дешнаш бахьана долуш цуьнгара жоп деха" аьлла. Товбеца-беттан 7-чу дийнахь "тIеман корреспондентан" телеграм-каналехь зорбане йаьккхира Романовс "Ахмат" олучу лерринчу ницкъийн талламхойн тобанан буьйранчаца, "Аид" цIе йолчьунца бехк цабиллар доьху видео.

Видео тӀехь цо тӀечӀагӀдора "тик-ток" бохучу хенахь ша дуьйцурш нохчийн дакъош дара аьлла, амма тIаьхьо цо йухаийцира шен дешнаш, шен Алаудинов Аптица "деха а, даггара а къамел" хилла, цул тIаьхьа ша "кхийтира, салташца цхьаьна тIом боьдучу меттигехь уьш хиларх" аьлла.

  • Регионан а, тӀеман а телеграм-каналаша, хаамаш карахь болчу тӀеман белхахошна тӀе а тевжаш, йаздира 2023-чу шеран мангал-баттахь "Малхбузе-Ахьмад" батальон дӀахьажийначул тӀаьхьа, Кадыровн наха дӀалаьцнера "дикачу хьолехь, тӀеман кхоалгӀа- пхоьалгӀа тIеман эшелонаш", ткъа хьалхарчу а, шолгӀачу а дозанашка дӀахьежийнера салтий.
  • Стохка мангал-баттахь Украинана дуьхьа тӀом бечу нохчийн шакъаьстинчу Ӏалашонан батальонан (ОБОН) тӀемалойн аьтто баьллера Белгород-кӀошта чу а бахна, лаххара а цхьа тӀеман машен йохо. ТӀелатар дале масех де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀакхайкхийра, оцу регионехь Оьрсийчоьнан доза лардан хIоттийна "Малхбузе-Ахмат" батальон аьлла, ткъа дуьхьало йоцуш рейд йинчул тӀаьхьа цо хаам бинера, диверсанташ Оьрсийчуьра сихбелла бевдда хиллера шайна тIаьхьа ахматовцаш бахкийтича аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG