ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна а, Малхбузенна а йукъахь тутмакхаш хийцарх нохчийн диаспорин реза цахиларна тIетайна Орлов Олег


Орлов Олег
Орлов Олег

Оьрсийчоьно а, Малхбузено а тутмакхаш хуьйцучу декъехь маьршаваьккхинчу бакъонашларъярхочо Орлов Олега нохчийн юкъараллин критика нийса йу аьлла. Цуьнан векалша дӀахьедира, нохчийн тIемалойн хилла буьйранча Хангошвили Зелимха верна Германехь бехкевина Красиков Вадим маьршавоккхуш, нохчашна хетарг тидаме ца оьцуш дитира аьлла.

"(ХIара критика" дукха чIогIа нийса йу, цара бохург а шеко йоцуш нийса ду. Хийцарх, тептарх лаьцна дуккха а хеттарш дуьсу, цхьа вагон а, жима ворда а. Нохчийн диаспоро ден хеттарш а вуно чIогIа бух болуш ду", - дIахьедина Орловс "Дийна хьостам" ("Живой гвоздь") ютьюб-каналан эфирехь.

Цо тӀетоьхна, рогӀерчу хийцаран тептаршкахь, нагахь санна тутмкхаш дIасахийцар нислахь, Нохчийчуьра политикан тутмакхаш а хила беза цу йукъахь аьлла. Къаьстина вай юьйцург ю, шен дегIаца дуккха а лазарш долу, вежарийн, нохчийн оппозицин жигархойн ЯнгулбаевгӀеран нана Мусаева Зарема а, 2014-чу шарахь Навальный Алексейна гӀортор йеш Москвахь дӀаяьхьначу митингехь ОМОНца тийсавелла Джумаев Сайд-Мухьаммад а (Мархиев Микаил).

  • Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь Малхбузерчу пачхьалкхаша а, Оьрсийчоьно а йийсархой дIасахийцира. Оьрсийчохь а, Беларусехь а колонешкахь хилла 16 стаг хийцира Малхбузерчу набахтешкахь хан токхуш хиллачу 8 Оьрсийчоьнан вахархочуьнца. Царна юкъахь маьршаваьккхира бакъонашларъярхо Орлов Олег а, пачхьалкхана йамартло йарна бехкевина 19 шо долу Адыгейра вахархо Лик Кевин а, Маршо Радион гIезалойн сервисан журналист Курмашева Алсу а. Хийцаран гурашкахь Германино Оьрсийчоьне дӀавелла Берлинехь нохчийн тIемалойн буьйранча хилла Хангошвили Зеламха верна велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхна волу ФСБ-н белхахо ву боху Красиков Вадим.
  • Германин Iедалхоша хаийтина ца хилла Хангошвилин доьзале Красиков Вадим хийцарх - цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцира Хангошвилих йисинчу зудчо Циатаева Мананас (Раиса).
  • Нохчийчуьра йукъараллин жигархоша Кавказ.Реалиин сайтана комментареш йеш дӀахьедира, оьрсийн оппозиционераш маьршабахар "нохчийн а, нохчий байинчу нехан а чоьтах хила ца деза" аьлла. Цара йемалдира хийцарш, Нохчийчуьра а, иштта Къилбаседа Кавказера а политикан тутмакхаш хуьйцучийн тептаршка ца йазбарна.
  • Орлов Олег – Оьрсийчоьнан уггар а бевзачех бакъоларйархо ву. Нобелан машаран совгIат деллачу бакъоларйаран "Мемориал" Центран куьйгалхо вара иза йуьхьанца. Чилан-беттан 27-чохь ши шой ахшой туьйхира цунна колонихь даккха, "Оьрсийчоьнан эскарна йуха а дискредитаци йарна" аьлла, цуьнан тIамана дуьхьал вистхилар бахьана долуш. Amnesty International организацино эхь-бехк долу тутмакх лерина иза, цунна дуьхьал айдина гIуллакх "шайн оппозицин хьежамаш маьрша дIахьебечу нахана дуьхьал саццаза лелочу репрессийн кампанин" эпизод йу элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG