ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна а, Украинана а йукъара хийцарш: Къилбаседа Кавказан мехкашкара салтех хилларг хууш дац


Украинхойн йийсархой, 2024-чу шеран гезгамашин-беттан 14-чохь маьрша баьхна болу
Украинхойн йийсархой, 2024-чу шеран гезгамашин-беттан 14-чохь маьрша баьхна болу

Оьрсийчоьно а, Украино а йийсархой дIасахийцина "103" "103-х" формулехула, дуьйцу Маршо Радион оьрсийн сервисо. Оьрсийчоьнан тIеман министраллин хаамашца, маьршабаьхна Курскан кIоштан йийсаре лецна хилларш. ДIасахийцинчарлахь салтий хилар а тIечIагIдо йаржийначу видео тIехь.

Хьалхо хаамбира, ВСУ чугIоьртинчул тIаьхьа карабахначу Оьрсийчоьнан салташлахь Къилбаседа Кавказера республикашкара а бахархой хилар. ГIебарта-Балкхаройчуьра ву бархI стаг, ворхI Дагестанера. ДIадаьхьначу хийцарийн гурашкахь маьршабаьхна буй уьш, хууш дац. Нохчийчуьра эскархой хийцинчарлахь бу аьлла, хаамаш а бац.

Украинан президенто тIечIагIдо даймахка цIа варах103 стаг – 82 могIархо а, сержант а, 21 эпсар а. Маьршабаьхначарлахь, Зеленский Владимиран дешнашца, Мариуполь а, "Азовсталь" а Iалашйинарш а бу царлахь.

"Хийцаршна тIехь къахьоьгучу тхан командина баркалла, ишта хаза кхаъ барна",- йаздина Укрианан президенто телеграмехь.

Хийцарш деш йукъархо хилира Iарбойн Цхьаьнатоьхна Эмираташ.

Де хьалха, гезгамашин-беттан 13-чу дийнахь, Оьрсийчоьно а, Украино а рогӀера йийсархой хийцира, цуьнан гурашкахь дӀахецна 49 украинхо, шайна юкъахь 23 зуда а йолуш. Царлахь йу 14 политикан тутмакх лаьттина зуда. Къилбаседа ХӀирийчохь лаьцна латтош хилла ГӀирмин гӀезало Умерова Леня, бисинарш Ростов гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело луьстучу гӀуллакхашкахь бехке бина йа таIзар динарш бу.

Оьрсийчоьнан эскаран 488-чу мотогерзан полкан 100 сов оьрсийн эскархо каравахара Курскан кӀоштахь Украинан тIеман ницкъашна, Нохчийчуьрчу заградотрядаша шайна тӀе герз диттинчул тӀаьхьа. И хаам бинера тӀеман аналитико, тIеман талламаш бечу Паччахьаллин институтан директор хиллачу Майкл Кларка.

Украине тӀаме хьажийначу тутмакхашна а, лечкъийначу Нохчийчуьрчу бахархошна а ахчанаш ца ло Оьрсийчоьнан тӀеман министраллера, церан ахча хьаькамашна кхочу. Цунах лаьцна дIахьедира нохчийн оппозицин NIYSO боламехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG