ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоьнна демонтаж йар": Закаев Ахьмад "харцонан империх" а, Оьрсийчоьнан зарратан герзах а


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Оьрсийчоьне Украинехь тIом ца баккхийта, дуьне хIун дан аьтто болуш дара? Муха сацон йеза Оьрсийчоь, цуьнан керлачу агрессех дуьне муха ларлур дара? Оьрсийчоьнан Федераци ца йоьхча, йиш хIунда йац? "Суверинитетийн парад" хьан дIайолор йу? Малхбузехьарчу пачхьалкхаша советан Iедал духуш динарг муьлха гIалат дара? ХIинца Оьрсийчоьнан Федерацехь а изза хир дуй? Цу дерригенах Радіо Свобода Донбасс.Реалии гIирсо къамел дира Закаев Ахьмадца, Ичкерия Нохчийн республикин дозанал арахьарчу куьйгаллин хьалханчица.

– Мила ву Путин?

– Цуьнан политикан балхах дерг аьлча, чIогIа нийса элира цунах Пионтковскийс (политикин аналитик Пионтковский Андрей. - Ред.), "Оьрсийн пачхьалкхе йохоран комиссин куьйгалхо". Нагахь цуьнан бехкзуламан [белхаш] бийцаре бахь - иза тIеман зуламхо ву.

Дуьнено а, Дуьненайуккъерчу бехкзуламан кхело а иза тIечIагIдина (Путин схьалаца бакъо луш йелла оцу кхелан ордер йу йуьйцург. - Ред.). Исторехь тIеман зуламхо санна вуьсур ву аьлла хета суна иза. Оьрсийн импери - кхоччуш йохоран хьостанашкахь лаьттина адам - санна а.

– Иза йухург хиларан билгалонаш хаалой хьуна? Оьрсийчоьнан федерацин кеп йухург хиларан?

Путин Владимир
Путин Владимир

– Цо (РФ президенто Путин Владимира. - Ред.) Украинана дуьхьал агресси ма йоллинехь, гуш дара, и санна йолчу Украинехь 2022 чу шарахь тIом болабаллалц лаьттинчу пачхьалкхан кхолладаларах (боккхачу тIамаца чугIортар ,-ред) кхин хир дац. Суна хета цунах трансформаци ца хилча, йиш йац аьлла. Тахана вайна гушболчу хиламаша иза иштта дуйла схьа а гойту.

Оьрсийчоьнан трансформаци хила йезаш йу. Таханлерчу хиламаша цунна тоьшалла до

– Оьрсийчохь хийцамаш хила там буй? Mехкан тIом балан тарлуш дуй? Нагахь делахь, Оьрсийчоьнан Федерацин муьлхачу декъехь хир ду иза?

– Иза (низам дохар.-Ред.) Йуккъерчу Оьрсийчохь долалур ду аьлла хета суна. Москвахь а, Москвана гондхьа а. Йуккъерчу Оьрсийчоьнна гено йолчу регионашка, Москови а уьш цхьана керлачу кепехь кхочур йу - Украинехь Оьрсийчоь тIамца эшча, Йуккъерчу Оьрсийчохь хIуттун йолу хаос вукханхьа хир йу аьлла ца хета суна.

2022-чу шеран товбеца-беттан 22-24-чохь Прагехь дIайаьхьначу Оьрсийчоьнан маьршачу халкъийн Форумехь гайтина карта
2022-чу шеран товбеца-беттан 22-24-чохь Прагехь дIайаьхьначу Оьрсийчоьнан маьршачу халкъийн Форумехь гайтина карта

– Кхин дIа а муьлхачу сценарийна кийча бац Малхбузехьарнаш?

Малхбузе хIинца а кийча йац, Оьрсийчоь кхин кеп йолу пачхьалкхе хилла дIaхIоттарна

– Халахеташ делахь а, Малхбузе кийча йац, Оьрсийчоь кхечу кепехь ган, цуьнан трансформацешна, цунах кхин пачхьалкхе хиларна йа цунна демонтаж йайта а.

Вайна дагадогIу - суна-м догIу и дага - 90-чу шерашкахь СССР-н децентрализаци хуьлучу муьрехь, СССР-х СНГ хуьлучу хенахь, Малхбузе кийча йацара цу хийцамашна, шен ма-хуьллу Советан Iедал дисийта а, шен реформашца (ЦК КПСС-н тIаьххьара куьйгалхо а, СССР-н дуьххьарлера, тIаьххьарлера президент Горбачев -ред) кIелхьараваккха дагахь лийлира Малхбузе. Цу хенахь цхьадолчу декъана и кхочуш а дира цара. Амма цундела, 20 шо даьлча, 2022-чу шарахь Оьрсийчоьно боккхачу тIамаца луларчу пачхьалкхана агресси йи.

Тахана а, и пачхьалкхе демонтаж йина шен бухаца дIа ца йохайахь, дуьненчохь берш цхьана реформийн йуьхьигах Iехабелла совцахь, аьлча а, вон Путин дикачу Навальныйца, йа Ходорковскийца хийца а хийцина, (Навальный Алексей, Ходорковский Михаил - оьрсийн политикаш. - ред), и дерриге, ша ма- хиллара, тIейогIучу хенахь йуха а карладер ду.

Кхелан кхеташонехь вистхуьлуш ву оьрсийн оппозицин хьалханча Навальный Алексей видеозIенехула, 2022-чу шеран дечкен-беттан 17-гIа де
Кхелан кхеташонехь вистхуьлуш ву оьрсийн оппозицин хьалханча Навальный Алексей видеозIенехула, 2022-чу шеран дечкен-беттан 17-гIа де

Цундела дуьне кийча хила деза, СССР-на демонтаж йинчул тIаьхьа, кху шерашкахь хилла йолу хIара керла пачхьалкхе а иштта демонтаж йина йухург хиларна, кхунах кхин кеп йолу пачхьалкхе хирг хиларна.

– Оьрсийчоьнехь долчу зарратан-герзана хIун дан деза тIаккха?

– Оьрсийчоь йохийта а, цунах иттанашкахь кегий пачхьалкхеш хилийта а дуьне кийча хилахь, керлачу пачхьалкхийн латтанаш тIехь дуьсун долу зарратан герз дуьненан йукъараллина кхераме хир дац - хIунда аьлча Малхбузе а, цивилизацица долчу дуьненна гина хIуманаш ду уьш.

СССР йохайоьхна, цунах СНГ хуьлучу муьрехь - изза хьал цу хенахь хIоьттира. Беларуссино, Украино, Казахстано шайн лаамехь болуш зарратан герз шайна ца оьшу элира. Иштта хир ду хIинца а, кегийчу пачхьалкхаша изза дийр ду.

Цу кегийчу пачхьалкхашна стенна оьшу зарратан-герзана сагатдар? Иза царна оьшур а дац. И герз латтон таро а хир йац церан. Цундела цара хазахетарца и дуьтур ду, иза утилизаци йина дIадоккхур ду. Цу хьокъехь дуьненна цхьа кхерам хила ца богIу.

Оьрсийн стратегин ракетин комплекс PC-28 "Сармат", 2018-чу шеран товбеца-бутт
Оьрсийн стратегин ракетин комплекс PC-28 "Сармат", 2018-чу шеран товбеца-бутт

– Нохчийчоь. Муха го хьуна цуьнан кхане?

– Нохчийчоьнан кхане суна Кавказан цхьанакхетараллехь го. Кавказ а маьрша а, цайозуш а хила йеза. Со тешна а ву, Оьрсийчоь эшарца, уггаре хьалха Оьрсийчоьнах дIакъаста луун йерг Кавказ хирг хиларах.

Кавказехь тхо даимна бертахь Iийна. Тхайна лулахошца а, цу хазачу регионехь мел долчу къаьмнашца а. Дуккха конфессеш йу цигахь, тхо вуно атта, хаза Iийна ду. Суна хетарехь, изза перспектива Кавказан хIинца а хир йу.

Украина а, Кавказ а дIакъаьстича, Оьрсийчоьнах импери хир йац

Йозуш йоцу пачхьалкхе санна го суна Нохчийн Республика тIейогIучу хенахь. Масала, йоллучу Кавказан конфедератив цIа санна, Кавказан пачхьалкхе йа Кавказан берто, Евроберто санна.

Со тешна ву, и кеп нислург хиларах, дуккха пачхьалкхаш йу, иза иштта хилийта лууш - Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, Турци а. Оьрсийн импери дIайохон йеза боху Украина а - иза йухур а йу, Кавказо а, Украино а и йитинчул тIаьхьа.

Оьрсийчоь Украинерчу тIамехь эшча, церан йа Кавказца а, йа кхинйолчу оьрсийн регионашца бала хир бац

– Хьуна хетарехь, муха хир долуш ду и? Лазаме доцуш дIакъаста аьтто хир буй?

– Стигалкъекъа-беттан 11-хь [конференци дIайахьа] дагахь ду тхо. Ломан республика, конфедераци кхайкхайаран 105 шо кхачарна лерина. Цу конференцехь дIахьедан мегаш ду, цухенахьлерчу пачхьалкхан цхьаьнакхетараллин гулам вовшахтоха беза аьлла.

Иштта нислур ду-кх и лазаме доцу меттахIоттар. ХIунда аьлча, Украинехь Оьрсийчоь эша ма ишшинехь, церан Кавказца, кхинйолчу оьрсийн регионашца бала хир бац.

– ТIейогIучу хенахь Малхбузехьарчара а, Украино а Оьрсийчоь муха сецон йеза?

– Цхьа агIо бен йац - цунна демонтаж йар. Иттанашкахь ца хила мега и кегий пачхьалкхеш, масех хила тарло. Амма уьш дуьненайукъарчу бакъонан субъекташ хир йу.

Цхьа нах бу тахана Путин а, Путинан Оьрсийчоь а къобалйийриш. Аьлча а, цу пачхьалкхан цхьаьнакхетараллин империн политика. Цу нахе, церан ишта а телхинчу кхетамера и уггаре коьрта гIирс охьабиллийта беза - шовинизм: тхо уггаре коьртаниш ду, тхо даккхийри ду, тхан уггаре баккхий бахамаш бу.

Церан дов дерг - и "уггаре - уггаренаш" ду. Цул тIаьхьа бен, луларчу пачхьалкхашна, кхечу къаьмнашна новкъарло ца йеш, шайн дуьхьа баха ховшур бац уьш. Иштта го суна Оьрсийчоьнан чолхенийн чакхе. Кху вай йуьйцучу Оьрсийчоьнан - Харцонан империн.

ДАГАДОУЬЙТУШ: 2022-чу шеран чиллин-беттан 24-хь Iуьйрана дуьйна Украине чуйахана йу Оьрсийчоь. Оьрсийчоьнан эскарша бо авиа-тIелатамаш, йохайо церан коьрта инфраструктурин, тIеман гIишлош, аэродромаш, эскаран дакъош, мехкадаьттин базанаш, мехкадаьтта духкийлаш, килсаш, школаш, лазартнеш. Артиллерица, цIеран ракеташца, баллистикийн ракеташца нехан гIишлош а оту.

Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташа, Малхбузехьарчу пачхьалкхаша, Евробертан пачхьалкхаша тIечIагIйина Оьрсийчоьнна шаьш тоьхна санкцеш. Украинехь цо тIом баккхар йемалдина.

Оьрсийчоьно даре ца до, ша Украинехь оккупаци йеш хиларан. Цу тIамах цо "лерина операци" олу. Цуьнан Iалашо "демилитаризаци а, денацификаци а" йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG