Набахтехь кхелхина политик Навальный Алексей хийца дагахь хиллера Красиков Вадимца – нохчийн тIемалойн хилла командир Хангошвили Зелимха верна Германихь хан токхуш волчу Оьрсийчоьнан кхайлахчу сервисийн белхахочуьнца.
2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Берлинера Тиргартен паркехь герз тоьхна вийра Хангошвили. 2021-чу шеран гIуран-баттахь Берлинера кхело Красиков бехке лерира стаг верна, велла дIаваллалц чохь йаккха хан кхайкхийра цунна. Зулам дайтарна жоьпалла Оьрсийчоьнан Iедална тIедиллира суьдхочо, "пачхьалкхан террор" йу динарг олуш. Навальный Алексей вийначул тIаьхьа коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхочо Певчих Марияс хаамбира, политик вен цхьа де диссинчу хенахь шега хаам кхечира, Навальный Красиковца дIасахуьйцуш долийна дийцарш доьрзуш ду аьлла.
Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Германихь йехачу Хангошвилих йисначу Циатиева Мананас (Раиса) дийцира, шен цIийнда вийнарг Оьрсийчоьне дIавеллехь шена хетар долчух а, цунна хетарехь, Зелимха верах жоьпалла хьанна тIехь ду а.
– Дукха хзан йарий хьо цуьнгахь йолу, Зелимхаца довзар муха нисделира шун?
– Тхо цхьаьна долу 17 шо дара, 2000-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц. Нохчийчохь тIемаш буьлабалале девзинера тхойша. Цхьа дагахь доцуш, Iалашо йоцуш нисделира тхойшиннан доьзал кхоллар – Кавказехь дукха хьолахь ишта ма хуьлий. Дуьнене хьежар тайп-тайпана дара тхойшиннан. Со къона лор йара, сайн тоъал амбицеш йолуш, ткъа иза цхьа хьанал, дог цIена жимстаг вара. Жимма кураллица къамел дан тарлора ас, ткъа цо дуьненан цхьа гуттарлера къамелаш дора. И суна дика хетара цуьнгахь: кхетамца цуьнан ойла хиларна, йаккхий амбицеш йацарна, сонталла цуьнца цахилар, девне вийла ца гIератр. Ма-дарра сайн дагара ца хаийтахь а, цуьнан дахаре болчу хьежамашна тIехула ларам бара сан цуьнга.
– Ахьа элир-кх, хьайн хIусамден амбицеш йацара, ткъа иза тIемалойн командир вара.
– Психологин агIо схьаэцна дуьйцу ас, оцу хенахь цунах лаьцна ойла а ца кхоллалора. Суна ца гора цуьнца амбицеш, шен са кхоор доцуш адам хилар дара гуш – Дела дуьхьа некъа тIехь вала кийча вара иза. Иза тешна вара, шен латта шега Iалашдалур ду аьлла, амма зударшна тIехьа а лечкъина, ша цкъа а Iийр воций а хаийтира цо. Иштта йара цуьнан Iалашо тIеман шерашкахь (кхузахь а, кхиндIа а буьйцург бу Оьрсийчоьно Нохчийчохь бина тIом. – Редакцин билгалдаккхар).
– "Делан некъа тIехь" иза вала а кийча вара бохура ахь, ткъа хьо цу хенахь лаккхара доьшийла чекхйаьккхина къона лор йу. Дине болчу хьежамашца башхалла йарий шуьшиннан? Радикале стаг варий иза?
Шен белшаш тIехь дIакхехьна цо лазийнарш, церан бепиг чекхдаьллехь, цаьрца шениг доькъуш
– Радикале вацара иза. ХIаъ, хьежамаш кеп-кепара бара тхойшиннан, масала, цо тIом бора, ткъа со тIамана дуьхьал йара. 1996-чу шарахь Нохчийчуьра тхан цIенна тIе бомба йуьйжира: сан вешин кхо шо долу йоI йийра, йалх шо долу сан чуьра йиша а. Лечу хьолехь йара нана: цуьнан дегIа тIехь дийна меттиг бацара, доллу дегI тоьхначу бомбанех йиссинчу гаьргех дара. Масийттаза цуьнан бIаьргаш дIакъевлира оха, иза йелла моьттуш.
Сан доллу са а цхьаьна дара тIамана дуьхьал. Оцу шерашкахь адамашна тIейеттара, маьршачу нахана герзаш деттара, бомбанаш, ткъа керлачу хаамашкахь дуьйцура, федералаша "хьежа а йеш", тIемалой болчу пункташна йетта бохуш. Оцу доллучух а чекхйаьлла со, хIетте а дуьхьал йу цхьаммо тIом барна.
ТIаме ваха кечвеллачу Зелимхана элира, шен латта а, даймохк а Iалашдийр ду ша. Со реза йоций хууш, соьга элира цо: "Хьан йийначу йишех жоп хьан лур ду? Иза цхьана а хIумана бехке йарий? Хьан жоп доьхур ду хьан вешин йоIах?".
Уьш тIамтIе боьлхуш, лаьмнашкахула Нохчийчоьнан агIор дIабоьлхучу хенахь, церан го бинера, цара доза хадийна гича. КIиранах церан тобана тIейиттинера. Зелимхана шен белшаш тIехь лелийнера лазийнарш. Суна цунах лаьцна кхечу наха дийцира, чIогIа доьналла гайтира цо, цхьа Делан къинхетам хьалхабаьлла ша дийна виссира иза. Дийна цу йукъара иза аравер ву аьлча, со тешаш йацара.
– Зелимха вийначул тIаьхьа президенто Путина цIий Iанийна чалтач ву иза элира. Хьан хIусамда вузура Бесланехь йинчу терактаца а, 2004-чу шарахь ГIалгIайчоьнна динчу тIелатарца а. Цунах лаьцна хIун эр дара ахь?
– Бесланехь и хилла а вац. Со йу цунна теш, хIунда аьлча, цунах лаьцна ХIинжа-ГIалахь хаамашка ладоьгIуш тхойша цхьана дара, хIетахь цигахь ординатурехь доьшуш йара со. Бесланца аьттехьа а воьзна вацара иза.
ГIалгIайчоьнах дерг аьлча, Путина аьлларг лартIахь хIума дацара хIетахь. Цо дIахьедира, 60 гергга хьаькам Зелимахана вийна аьлла. Царна тIе а летта, и доллу адамаш цо дайъича санна. Йоллу ГIалгIайчоьнна дина дара тIелатар. Амма цо дерриг а Зелимхана тIететтира.
ГIалгIайчоьнах лаьцна къастош хIумма а ала ца хаьа суна, хIунда аьлча, суна и хиламаш дага ца богIу. Суна хаьа, цигахь тIелатар хиллийла, амма цо цигахь дакъалаьцний а, нах цо байъинийн а, цо хIун дина а – цунах ала ца хаьа суна.
– Гуьржийчуьра Германи дIадаха сацам муха, хIунда бира аша?
– 2015-чу шарахь цунна йина хилла кIело Гуьржийчоьно талланза йитича, дIадаха сацамбира оха. Зелимхана герзан чов йинера, реабилитацих чекхваьллачул тIаьхьа, иза пачхьалкхера дIавахара. Цуьнга аьлла хиллера, кхин а цкъа хьуна тIелата кечам бу беш.
Ас лорура, хIинца а лору Навальный цуьнан дахаран позици бахьана долуш
Со Гуьржийчуьра тIаьхьо дIайахара, 2016-чу шеран аьхка, хIунда аьлча, сайна тIаьхьабевлла нах хаалора суна: ас телефонехула мел ден къамелаш дIайаздеш хиллера. ТIаккха ас тховкIело йийхира Польшехь, цул тIаьхьа, Германи схьаван Зелимханан аьтто хилча, берашца кхузе сехьадевлира тхо. Кхерамза пачхьалкх йацара Польша, сан кхетамехь: Оьрсийчоьнан бахархой маьрша чу буьту цига. Германи кхерамзалла алсам хила тарло аьлла, ойла хилира тхан.
– Зелимха вийна хилар муха хиира хьуна?
– Лулахошкахь йара со, лакхарчу гIат тIера тхешан петарчуьура мохь тоьхна белхар суна хезча. Тхо сихха чулилхира – сан йоккхаха йолу йоI йара йоьлхуш, цунна уллохь шолгIаниг а. Ас хьаттира: "ХIун хилла?". Цо олура: "Папа, папа". Схьа ца алалора цуьнга ма-дарра хилларг. ТIаккха эххар а иза вийна элира цо. Цуьнан зудчуьнгара – Зелимханан шолгIачу зудчуьнгара хиъна хилларе цунна. ХIетахь бIе процентана тешаш дацара тхо. Цуьнан зудчо элира, Зелимха араваьлла цхьанхьа вахна, цуьнга телефон дIа ца кхочу шен. Керлачу хаамашкахь гина хиллера цунна, Тиргартенера паркехь стаг вийна аьлла. Уьш Iаш хилла меттиг йара и.
– Тахана хIун хьал хуьлу хьан берашкахь, зорбанан гIирсашкахь сих-сиха шайн ден цIе йохуш хезча?
– Цунах стресс хьулу царна. Массарна а чIогIа вон лазам бу иза. ЧIогIа дукха везара царна шайн да, цхьа дагавоьхна вар-кх и царна. Царна Зелимха цкъа а дIадовр доцу, церан боккха ларам болу адам ду. Цуьнан валар царна дайдан гIерташ, сайн ницкъ мел кхочург дира ас. Со суо а хьийзира ца йоха, соьга а хьоьжуш, кхин а тIе церан дог ца дохийта. Амма чевнаш йиссина, суна уьш гуш а йу.
– Красиковна динчу таIзарх – велла дIаваллалц чохь витарна - хьан дог Iаьбний?
– Дера ца Iаьбна. Цунна Iедалхоша дина таIзар – суна таIзар ца хета. ТаIзар дар кхин а лакхара хуьлу. Со тешна йу, хIоранна бекхам хир хиларх йа кху дуьненахь, йа кхечу дуьненахь. Суна хетарехь, ханна цхьа гураш ларбо Iедалхоша, амма цкъа мацца хийцина а, Красиков хуьйцур волуш ву. Политика ма йу хIара.
– Ахьа дешна хир ду, Навальный Алексей Красиков Вадимца дIасахийца тарло бохуш, политик дийна волчу хенахь дийцар. ХIун хетар дара хьуна, нагахь санна, и шиъ дIасахийцар нисделлехь а?
– Со дуьхьал йу Красиков хьаьнцца а хийцийта. Ас и къобал ца до. Ас лорура, тахана а лору Навальный цуьнан дахаран позици бахьана долуш. ХIокху системе ша каг ца вайтина цо, тIаьххьалц шена хетарг айдина схьавеана. И шиъ дIасахийцар нисделлехь а, Оьрсийчоьнан политика шалхо лелош йу – шаьш леринарг цара духаоьцур дацара. Цара дийна вуьтур вацара иза, хIунда аьлча, Навальный дукха хенахь дуьйна вара Iаьржачу тептарехь. Ша хIаллакбан йуьхьарлаьцнарш дIа ца хоьцу Оьрсийчоьно.
– Хьан цIийнда вийначул тIаьхьа Берлинехь митингаш хIиттийра, цигахь нохчийн диаспорин векалша дIахьедира, немцойн Iедалхошна тIехь ду Зелимха верах жоьпалла аьлла, хIунда аьлча, шен хеннахь цунна тховкIело ца луш, экстремистийн тептаре иза ваккхарна. Хьо цара бохучунна реза йуй?
– Суна цхьа хIума хаьа: мухIажар ву аьлла а, йа цунна тIаьхьабевлла бу аьлла а Зелимханан аз цхьанна а ца хезира. Цуьнан валарх жоьпалла цхьанна тIехь хила деза бохучух аьлча… Аса цхьанна а бехкаш дохкур дац, амма царна иза цахазар а, ша Iалашвахьара бохуш цо дина дехарш бендоцуш, жоьпалла доцуш уьш дитар – хIаъ, и бакъ ду.
Зелимхана мухIажаран статус йелла хиллехь а, суна хетарехь, Оьрсийчоьно шаьш дан леринарг цунна дийр дара хенан йохалла.
– Тахана хьо кхерамзаллехь йу аьлла хетий хьуна?
– Ас жоп лур доцу хаттар ду и. ХIун ду кхерамзалла бохург, хьенан йу и тахана? Цхьаннан а. Хила йазделларг – хир ду аьлла йу сан ойла. Вай деха, вешан дахаре жимма а хаздан а хьийзаш. Ткъа кхерамзаллех лаьцна суна дийца а ца лаьа. Кхерамзалла лакхарчу ницкъаша латтош йу, цигахь деш ду хьесапаш а.
- Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташца хиллачу дийцаршкахь Оьрсийчоь къар ца лора тутмакхашца Красиков хийца бохуш. Красиков схьавехар тIедожийнера Путин Владимира, йаздира Wall Street Journal-о. Журналистийн талламашца а догIуш, Красиков хила тарло "Вымпел" спецдекъан ветеран а, ФСБ-н лаккхара эпсар а. Хангошвили верна шаьш гунахь ду бохург тIе ца дуьту Москвахь.
- Оьрсийчоьнел арахьа бехачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна дукхаза кIелонаш йина меттигаш бу. Царех цхьадолу тIелетарш йукъахдаха аьтто ца хилира. 2017-чу шарахь Киевехь герз тоьхна йийра Окуева Амина. Цул тIаьхьа масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчех схьаваьлла Махаури Тимур. 2009-чу шарахь Венехь вийра Кадыровн хилла хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу ушеран силлан-баттахь Катарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла Яндарбиев Зеламха.