ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра адамийн бакъонашца долу хьал эгIар Нохчийчохь лаьттинчу тIемийн тIаьхьалонца доьзна ООН-н докладхочо


Кацарова Марьяна
Кацарова Марьяна

ООН-н Оьрсийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйечу лерринчу докладхочунна Кацарова Марьянина хетарехь, адамийн бакъонаш хьоьшуш схьабогIу пачхьалкхехь хIокху ткъех шерашкахь, "цхьана декъана – Нохчийчуьра шина тIеман тIаьхьало санна". И билгалдаьккхина Кацарован ООН-н адамийн бакъонийн Комитетана леринчу хьалхарчу къамелехь. Цу тIехь билгалдаьккхина Оьрсийчохь адамийн бакъонашца долу хьал цIеххьана кхин тIе а талхарх шуьйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа.

Дукха хьолахь къамел лерина ду тIаьххьарчу заманчохь тIеэцначу дуккхаъчу репрессин низамашна, цензурин практикана, жигархошна а, оппозиционерашна а тIаьхьабийларна, тIамна дуьхьал бистхила цабитарна а. Доккхачу декъана хьахийна цу тIехь журналистана Милашина Еленина Нохчийчохь тIелатар, Ростов гIалара спецприемникехь жигархо Березиков Анатолий валар, ца бевллачу денна иза Iалашвен адвокаташ Оьрсийчуьра дIабаха декхаре хилар а.

Адамийн бакъонех йолчу Европан конвенци йукъара Оьрсийчоь арайаларх а, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан (ЕСПЧ) сацамаш кхочушбан дуьхьалойарх а лаьцна дуьйцуш, докдад йечо дагадаийтира, хьалха ЕСПЧ-н цхьа могIа сацамаша гIо дора Нохчийчохь дуккха а нехан бакъонаш хьоьшуш хилар гучудоккхуш аьлла.

Къилбаседа Кавказера проблемашна лерина ду къаьстина цхьа дакъа. Нохчийчуьра хьолах дуьйцуш Кацаровас билгалдоккху Iазапаш хьегийтар а, кхел йоцуш нах байар а, бертаза адамаш лечкъор а, дохкуш бехкаш а доцуш, уьш чохь бахкор а таIзар доцуш, даьржина хIума хилар. Иштта хьахийна сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна зударийн бакъонаш лоруш цахилар, "сий лардеш" нах байар.

Къаьстина дийцина "гIалгIайн гIуллакх", маьрша протесташ дIайохон антиэкстремистийн а, бехкзуламан а гIуллакхех пайдаэцна "зуламе масал" ду иза элира Кацаровас.

Оцу къамелан жамIех цхьаъ ду, Нохчийчохь ши тIом боьдуш дуьйна ницкъахоша бахархошна дуьхьал лелийначу зуламех тахана таIзар деш цахилар - йоллу Оьрсийчоьнна дIахьедар хилар, Украинера тIамца доьзна Оьрсийчоьнан Iедалхоша адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларан контекстехь.

Кацарова Марьянин къамелах дуьйцучу бакъоларйаран "ОВД-Инфо" проекто билгалдоккху, цуьнан балхана лерина муьлхха а информаци цуьнга кхачон Оьрсийчоьнан Iедалхой дуьхьал хиларх.

  • ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташо болгархойн бакъоларйархо Кацарова Марьяна хIоттийра Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула леррина докладхо кху шеран оханан-баттахь. Хьалхо Нохчийчохь болх беш йара иза тIемаш боьлхучу заманчохь, Къилбаседа Кавказа адамийн бакъонаш талхорах йечу мониторингехь дакъалоцуш а йара иза. ХIара дуьххьара ду историхь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамзаллин Кхеташонехь йолчу пачхьалкхехь докладхо хIоттош.
  • Гезгамашин-баттахь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро зорбане даьккхира Нохчийчохь бертаза нах идош хиларх рапорт. Документехь билгалдоккхура нах лечкъор дукха хилар, мехкан урхаллина ца хууш и лелош цахилар, нах лечкъийначарна а, кхел йоцуш уьш байинчарна а таIзар цадар.
  • Нохчийчохь дукхазза адамийн бакъонаш шога хьошуш хиларх тергойира оьрсийн, арахьарчу мехкийн, дуьненайукъарчу а, бакъонашларйаран а организацеша, шайлахь "Мемориал", "Iазапашна дуьхьало латтон Команда", Amnesty International, Human Rights Watch, КООН-н адамийн бакъонашкахула йолу Комитет, Европан Кхеташонан Парламентан ассамблей, США-н Пачхьалкхан департамент, иштта кхинйерш а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG