Францхойн Danone компанино дIакхайкхийна Оьрсийчуьра шайн "Вамин Р" компанин бизнес дIайухкуш барт хиларх, хаамбина Маршо Радион оьрсийн сервисо. Бинчу бертах кхин сов даьккхина дуьйцуш дац.
РБК хьасто билгалдоккху, "Вамин Р" компанин 99 процент шура йухкучу "Вамин Татарстан" заводан хилар, ткъа цхьа процент – Нохчийчохь йуьртабахман министран гIовс хиллачу Алисултанов Русланан йу.
Зазадоккху-баттахь Danone компанино дIахьедира, барт бан пурба делла шайна Оьрсийчохь урхалла дечу органаша аьлла. Газета Financial Times газето йаздора, 17,7 миллиард сом дала кийча йара "Вамин Татарстан" Оьрсийчуьра Danone декъана тIехь Iуналла латториг.
Danone – шурин сурсаташ а, кхинйолу йуург а арахоьцу францхойн гоьйаьлла компани йу. Дуьненара 140 сов пачхьалкхашкахь болх беш йу и. Оьрсийчу кхаьчнера Danone 1992-чу шарахь. Компанин Оьрсийчуьра активаш тIейазйира АО "Данон Россия" компанина. Цуьнан йу "Простоквашино", "Био Баланс", "Тёма", "Актуаль", "Даниссимо", "Активиа", "Данон", "Петмол", иштта кхинйолу а маркаш.
- Францхойн Danone компанин дакъа Росимуществон урхалле луш указна куьгйаздира Путин Владимира стохка товбеца-беттан 16-чохь, аьлча а, йинарг националиаци йара.
- 2023-чу шеран оханан-баттахь Путин Владимира указ йукъадаьккхира, Оьрсийчуьра йоллу арахьарчу компанийн активашна национализаци йеш. Кремлан дIахьедаршца а догIуш, документ кечдинера Оьрсийчоьнан дозанал архьара активашна санкцеш тохарна дуьхьал жоп луш.