ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийн йукъараллица" ФСБ йоьзна хиларх дIахьедина Алаудиновс


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Националистийн "Оьрсийн йукъаралла" организацина тӀехь терго латтош йу "ФСБ-н цхьацца сервисаш а, администраци а", аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллерчу накъоста, "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис. ТӀеман министраллан коьртачу тӀеман-политикан урхаллин куьйгалхочун гӀовсан даржехь а ву иза.

Алаудиновн видеохаам боьзна бара Нохчийчуьра адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Солтаев Мансура юкъараллин гӀуллакхаш талла аьлла динчу дехарца. Оьрсийчоьнан ницкъахошка вистхилира иза гIадужу-беттан 4-чу дийнахь. "Ахматан" буьйранчас кхайкхам бира, и латкъам къаьмнашна юкъара конфликт чӀагӀъян гӀертар санна ма лара аьлла, ша тешна ву элира цо, къайлахчу сервисашкара кураторша а, администрацино а лелочара, схьахетарехь, Кремлера а "жим-жима йалош [юкъаралла] нийсачу хьоле йерзор йу аьлла".

Хьалхо Нохчийчоьнан омбудсмено Солтаевс дӀахьедира, "Оьрсийн йукъараллин" цхьаболчу жигархошна ден аьрзнаш кхочу шега, цара тӀехбуьйлучу нехан кехаташ толлу бохуш. Билггал хӀун ду дуьйцург, кхеташ дац, амма Алаудиновс аьлла, йукъара цхьаъ хьалханча воцчу оцу кепара нациналистийн организацин дакъошкара масал "меттигашкахь тIехдовларш" ду аьлла.

"Кхайкхам шех организацих хьакхабелла бацара, амма "Оьрсийн юкъараллера" ду шаьш а бохуш, харцонаш лелочарца доьзна ду. Оьрсийчоьнан низамашна арахьа лела кхеташ йоцу зуламхойн тобанаш йу уьш", - элира "Ахматан" команиро. Цо билгалдаьккхира, оьрсийн ламасташ лардан националистийн юкъараллин коьрта Ӏалашонаш хиларна, ша тIетов аьлла.

  • "Оьрсийн йукъаралла" дукха хан йоццуш кхоллайелла, маса кхуьу маша бу Iедалхошкахьа йолчу националистийн тобанийн, кест-кеста иза йуьйцу мигранташ, Оьрсийчоьнан къилбера кегийчу къаьмнийн векалш йукъахь болчу девнашкахь. Кавказ.Реалии сайто йаздира, цо бечу балхах а, кхечу националистийн вовшахтохараллашка хьаьжча, "Оьрсийн йукъаралла" стенца къаьсташ йу а, иза гIара стенна йаьлла а.
  • Краснодаран махкахь 22 шо долчу блогерна Гнеев Борисна (бусулба дин тӀеэцначул тӀаьхьа – Мансур) 15 эзар сом гӀуда тоьхнера хьагӀ-гамо йаржорах лаьцначу артиклца. Ткъа полисхочунна дуьхьал ваьлла аьлла, кхин а 14 денна лаьцна вуьтуш таIзар а динера цунна. Гнеевс массарна а хьалха критика йира националистийн "Оьрсийн йукъаралла" организацин лидерна Ткачук Андрейна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG