Нохчийчуьра къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада провокаци йу аьлла "Восток-Ахмат" батальонан командир Хамбулатов Ваха тIехь волуш Мелитополе чувоьддучохь йаьккхина видео. Аьхка йазйина видео йара и, хIеттахь дов дIадерзийна, билгалдаьккхина хьаькамо, амма билгал ца даьккхина, кадыровхой жоьпалле озийрий.
Дов дерзийна аьхка, цуьнан эскархой "психологина Iаткъам бечу" хьелашкахь бу йеххачу заманчохь, цундела иштта "дера реакци йо". Нохчий батальонан командиран кехаташца дерриг а нийса дара, чIагIдо цо, цундела къаьстина дац, стенна оьшура постехь лаьттачунна машенийн ковра йуьстах йаккха баха.
"600 чакхарма бехачу некъан декъа тIехь "Восток-Ахмат" батальонан эскархой совцийнера кхозлагIа (провокацих тера ду), - йаздина цо шен телеграм-каналехь.
Кху деношкахь видео йаржийра, цу тIехь нохчийн "Восток-Ахмат" батальонан эскархой тIелеттера оккупаций инчу Мелитополера тIеман полицин белхахочунна, иза кехаташка хьожучу хенахь.
Кавказ.Реалии сайто дийцаредира эксперташца нохчийн дакъошна а, Оьрсийчоьнан эскаршна а йукъахь дов эккхаран бахьанехь а, вовшашца и цабезам церан стенгара баьлла а.
- Видео тIерачу эскархочо сацайо йезачу машений ковра, царна йукъахь йу Москвара номерш йолу Iаьржа Mercedes а, документаш хоьтту цаьрга. Машенна урхалла дечо кехат дIакховдадо, цо бахарехь – доза доцу кехат ду иза. Талламбечо дIахьедо, документ бакъо йолуш дац, хIунда аьлча, цу тIехь йазйина цуьнан хан хила йеза аьлла. Машенашка хьожучо йуьстах йаккха машен аьлча, оцу машенчуьра арабевллачу эскархоша масийттазза туху цунна. Оцу йукъанна видео тIехь гуш ду, царех цхьаболчара герз дулуш. Йетташ татанаш хеза, нохчийн мотт буьйцу. Оцу тIехь хедаш йу видео.
- Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттаза йаздира шен каналехь "Восток-Батальон" командирах Хамбулатов Вахех лаьцна шен каналехь. 2023-чу шеран гIадужу-баттахь республикин лаккхара совгIат дира цунна – Кадыров Ахьмадан цIарах орден.
- Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь 2023-чу шеран аьхка герзаш деттар нисделлера кадыровхошна а, оккупаци йинчу оьрсийн тIеман комендатурин а белхахошна йукъахь. Цунах лаьцна дIахьедира Мариуполян мэран хьехамчас Андрющенко Петра. Мариуполь гIалина 45 чакхарма дехьа йолу и эвла а йу Оьрсийчоьно дIалаьцна. Оцу конфликта йукъахь хилла кхелхина виъ эскархо воцург а, ворхI маьрша вахархо а вийна цигахь, чIагIдора украинхойн агIоно.