ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Омра даллалц, тхо йухадевр дац". Нохчийн тIемалой Бахмутан гIаролехь


Йохийна Бахмут-гIала. Украинан Донецкан кIошт, 2023 шо
Йохийна Бахмут-гIала. Украинан Донецкан кIошт, 2023 шо

Донбассера Бахмут-гIала уггар чолхе хьал лаьттачу меттигехь цхьаъ йу тIаьххьарчу беттанашкахь, "ЧВК Вагнеран" эскаро гобаьккхина дIалаьцна ала мегар долуш хьал ду. Американхойн тIеман талламийн (ISW) институто бечу хаамашца, цу гIалара украинхойн эскар арадоккхуш ду. ТIеман хаамашца а догIуш, аравала биссина болу некъаца долу тIай а эккхийтина. Ша некъ а артиллерино хаддаза тIе герз детташ лаьтта.

Мухха делахь а, украинхойн эскар даимна санна шен мостагIчунна дуьхьалло йеш ду. Бахмут агIора болчу украинхойн эскарца йу хьалхаваьлла ЧIебарлойн Муслим волуш Шейх Мансуран цIарах нохчийн лаамхойн батальон.

Цигахь хIоьттинчу хьолах царех волчу шимма Кавказ.Реалиин корреспондентана интервью елира. Цара дийцира оьрсийн тIеман эскаран тактикех а, маьршачу бахархойн дахарах а лаьцна.

- Наиб, Бахмутерчу хьолах хIун эр дара ахьа?

- МостагIчун эскархой гIали чохь бац. Уьш берриге гуо лаьцна лаьтташ бу. Арара схьадетташ ду герз, цхьаццанхьа вовшахлетарш ду. ГIала цкъачунна украинхойн эскаран карахь ю. Ша гIала тхан йу.

- Маьрша нах буй гIалахь?

- Бац ала мегар долуш бу. Лармешкахь биснарш бен бац. Арахь наггахь бен стаг дуьхьалкхета йиш йац. Цхьаъ дуьхьала кхетахь а, хи лаха араваьлла хуьлу иза. Иштта адамаш цхьаьнакхеташ билгалаяьккхина меттиг йу – цигахь телевизоре хьажа а, йуург-мерг схьаэца а аьтто хуьлу.

Бахмутерчу "Пункт несокрушимости" олучеш лечкъина Iа украинхой. 2023-чу шеран чиллан-беттан 27-хь
Бахмутерчу "Пункт несокрушимости" олучеш лечкъина Iа украинхой. 2023-чу шеран чиллан-беттан 27-хь

Маьршачу нахана, тхайн ма-хуьллу, гIо дан хьовсу тхо. Тхайгарчух даар ло. Оьшучунна хи а дахьа, дечиг а доккху. Дукха хан йоццуш цхьана йокхачу стага шен кхелхина цIийнда дIавуллуш гIо дахьара аша аьлла дехар дира. Кхо де хиллера иза и дIаволла аьтто ца хуьлуш, цхьамма накъосталла ца деш, лела.

Лармешкахь левчкъина Iачарна йуккъехь-м хIинца а и гIаскхий схьакхачаре сатуьйссуш, сепаратистийн ойланаш йолу нах бу.

-ХIун герз ду цара шуна тухуш дерг?

- И зарратан бомбанаш йоцург дерриге герз а цара тхуна тIетухуш ду-кх: дронаш, танкаш, йаккхий тоьпаш, гаубицаш, "Град", "Ураган, "Смерч", тайп-тайпана ракеташ, С -300, кхин а, кхин а.

- Шун батальонерчу накъостех дIакхелхинарш буй?

-Тхоьца болучарех велла цхьа вац. Амма чевнаш хилларш бу. Дикка лазийнарш а бу масех. Тхо лаьттачохь герз атта ца кхета. Уллорчу цIеношна 100 тIекхетар хилла.

Нохчийчоь вуно къиза охьатаIийна йу. Лййн республика йина цунах

Бахмутера Часов Яр агIора арадаьллачу [украинхрйн эскаран] ледара хал ду. Царна, тхуна санна, тIейетташ йу, амма уьш болу меттиг дIашарйина йаьлла, дIаловчкъа а, къайлабовла а меттиг кIезга йу церан.

- ХIун тактика лелайо оьрсийн эскаро Бахмутан гергахь?

- Пхиъ-итт стаг цхьаьна волуш, кегийрачу тобанашца чухьовду, муьлхха цхьа цIа а, гIишло а дIалацархьама, йуха уьш леш нисло. Царна тIаьххье вукхара а изза до. Дийна биснарш цхьана меттехь гулбаллалц, иштта чууьду. Цу кеппара кхуза чубахкар нисло церан. Тхо-м лахьан-баттахь дуьйна хIара гIала ларъеш лаьтташ ма дуй.

– ТIелатархошца кадыровхой хаалой?

- Эзарнашкахь кхузахь лаьтташ болчу оьрсийн эскархойх бу-кх ахьа соьга хоьттуш болу "кадыровхой". Ма-дарра аьлча, 141-й Росгвардина чуйогIу лерина полк. Кхийти со, ахьа муьлш буьйцу. Амма уьш кхузахь бац. ЧIогIа ца лало соьга къамелашкахь а, хаамийн гIирсаша а уьш нохчий бу бохуш кхайкхор. "Нохчий бу хIорш, Оьрсийчоьнна тIехIиттина, тIом беш", бохуш, церан терго йар. Нохчийчохь ерриге структурнаш оьрсийн ю. Амма кхечеран кхуза, Украине, бахкар иштта жигара дуьйцуш хIунда дац?

Бахмут-гIала, Украинан Донецкан кIошт. 2023-чу шеран зазадоккху-бутт
Бахмут-гIала, Украинан Донецкан кIошт. 2023-чу шеран зазадоккху-бутт

Нохчийчоь охьатаIийна, лайн республика йина цунах. Кхерор, даимна жоьпалле ийзор шуьйра даьржийна, тIаккха нохчий цхьа къаьсттина бу бохуш дуьйцу. Республикан бахархой доккха садаккха баьхьаш бац, Iедална дуьхьалло йар-м дуьйцур дац. Сталинан хенаш а йицйо хIинца хIоьттинчу хьоло.

Кхузахь, [Бахмутана гергахь] беллачарех хIора кхозлагIа вагнерхо украинхойн фамилица хуьлу. Амма цхьамма ца олу, Украинина дуьхьал тIом беш украинхой бу, йа Луганскехь, Донецкехь оьрсешкхьа берш кIезга бац бохуш а. Бахмутехь а, Запорожан-махкахь а шортта адамаш ду, хIара тIом [Оьрсийчоьнан президента Владимира] Путина, [Американ президентана Джо] Байденна дуьхьал беш хиларах тешна. Маьршачу Украинин бахархой бу-кх [и тайпа хьежамаш] болуш.

Ткъа нохчий-м бац шайн лаамехь хила йиш йолуш, йоккха геноцид йу царна тIехь йийриг. ТIаме ца воьду аьлла вистхилларг Кадыровн Iедало Iазапе лоцу. Цуьнан доьзалехь мел верг - нана, зуда, йиша - хьийзаян тарло, верзина ваккхар нисло. Кадыров ца веза хьуна? ХIунда ца лаьа хьуна Украине ваха? ТIаккха и къамел деш, йетта, тайп-тайпана таIзараш до. ЦIийнах мел верг хIаллакво!

- Шаьш бечу тIеман видеош йахар, гайтар сих-сиха нислой шун?

- ТIемаш дукхахьолахь гIалин йисттехь хуьлу. ХIора цIа, хIора петар ларъеш, схьадогIу тхо. Герз дIасхьатохар кегийчу тобанашна юккъехь нисло.

***

Къамел дан волало Наибан накъост. Цо шен шолгIа цIе "Сабах" йу олу:

-Бахмут Украинхойн карахь йу. Гобинарш йукъ-йуккъехь бен бац. Боьдуш луьра тIом бу. ХIора цIа а, хIора соне а, хIора урам а ларош. Бахмут йита йиш йанне йац тхан. ХIара йитахь, йухадовлахь, тхо эшна хир ду.

"Сабах"
"Сабах"

Бахмут чу ван атта дац. Хаддаза тIедетташ герз ду. Цхьа маьрша некъ бара бисина, иза а хIинца кхераме бу. Бахмуте кхача цхьа тайпа аьтто бац. Чуван дагадеънарг а боккхачу кхерамца вогIу: артиллери йу шен болх беш.

Муьлххачу хенахь РСЗО-но (ракетные системы залпового огня. – Прим.ред.), танкаша, минометаша, йаккхийчу тоьпаша лоцур ву. И кхерам хIора денца чIагIлуш бу. Волонтераш а бу кхуза схьаоьхуш. Хьалха оццул дукха уьш ихна бацара. Майра нах бу. Бахмутехь биснарш гIалара дIабаха цалуурш бу.

Омра хиллалц, тхох цхьаьллиг цхьаъ, цхьа гIулч а Бахмутера аравер вац. МостагIчо гобарах дерг аьлча- цу хьолах тхо кхоьруш дац. Вайн Бенойн БойсгIара(XIX-чу бIешарера нохчийн наиб ву. – Ред. билг.) ма-аллара, "цара вайна гобинехь, уьш вайх бевлла, цхьанххьа гIур бац".

Оха йийсархой лийцина бац, тхан лулахой болчохь нисло и санна дерг

ГIалин гондхьа тIемаш бу. Тхуна тIедетташ массо тайпа герз ду. Дронаш, автоматаш, гранатометаш, артиллери. Кху тIаьхьарчу баттахь тхуна тIелата Iалашонца даьхкинахилла долу оьрсийн "истребитель-бомбардировщик" олу ши кема чудаийтина украинхоша. ХIора кема миллионаш долларш мах болуш ду, и деза ду, цундела, уьш масех чудаийтиначул тIаьхьа, цара наггахь бен ца гIийттадо уьш хIаваэ, къаьсттинчу хьолехь бен.

Оьрсийн эскархошца цхьаьна лаамаза балийнарш а, набахтешкара схьахьовсийнарш а хуьлу. Оха йийсаре цхьа валийна вац. Амма дехьарчу батальонашкахь хуьлу оцу тайпа дерг. Дийна тхуна шен лаамехь каравеънарг дIалоцу оха.

Чевнаш хилла тхайн накъостий оха цкъа а ца буьту охьатесина. Мел чIогIа тIедетташ герз делахь а.

Схьавалар Нохчийчуьрчу Бумматара ду сан (1995- 1996 шерашкахь луьра тIом бира цигахь. – Ред.билг.) со кхиина вогIу хан йара и. ЦIераш мел цхьатера ю оцу шина гIалин. Цу хенахь цигахь и тIом гина волу со тахана кхузахь хIара гуш ву, цу Оьрсийчоьнна дуьхьала лаьтташ ву.

Нохчийчуьрчу Буммат эвлана тIелатар деш, 1996-чу шеран стигалкъекъа-бутт
Нохчийчуьрчу Буммат эвлана тIелатар деш, 1996-чу шеран стигалкъекъа-бутт

Бахмут-гIалахь долу хьал аьттехьа ца кхочу Бумматахь хиллачуьнга: цигахь латтан хIора метар йагийна йара. ТIехула тIе кемнаша бомбанаш а йеттара.

Бахмутехь, баккъала а, артиллерин болх каде бу. Амма кеманаш а, вертолеташ а гIалин тIехула ца лелало. Бумматахь, кеманна тоха герз дацара. Йерриг Ичкерехь а дара ишта. Кеманаш парггIат тIехула хьийзара.

  • 2014-чу шарахь дуьйна, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йина, Донбассехь "ДНР", "ЛНР" аьлла мехкаш кхоьллича, Украинан агIор тIемаш беш бу Нохчийчоьнан маршонехьа берш. 2022-чу шарахь шуьйрачу барамашкахь Украине чугIоьртича украинхойн армин могIаршкара ичкерийхой хаъал алсамбевлира. Тахана пачхьалкхан ТIеман ницкъийн Интернационалан легионан декъахь нохчех юьзна кхоъ нохчийн батальон ю, кхина цхьаъ тIемаш беш ю лаамхойн дакъа санна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьлла ду, ша миллион доллар ло, и Украинехьа болу нохчийн буьйранчаш а, церан батальонаш а билггал стенгахь лаьтта дийцинчунна.
  • Хьалхо Шейхан Мансуран цIарахчу батальонан командиро ЧIебирлойн Муслима Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, мила ву шен мостагI, Кадыров баккъал а ша тIе стенна ца оьцу а, Нохчийчуьра байинчу ницкъахойх Москвано довзуьйтучу ларарех хIунда теша мегар дац а.
  • Иштта тIеман эксперта, Украинан ТIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхочун гIовс хилла волчу (2006–2010 шш.) Романенко Игоря Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь дийцина, оьрсийн чугIортарехь кадыровхоша дакъалацарх, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгаллица цуьнан дов даларх, Нохчийчохь хиллачу тIемийн а, Украинерчу тIамна йукъахь цхьанадогIучух а.
  • "За свободный Кавказ" депутатийн цхьанакхетаралла кхоьллира Украинан Лаккхарчу радехь мангал-беттан 20-хь. Цуьнан декъашхой хилира 10 парламентхо, 1едалера а, оппозицера а партешкара бара уьш.
  • 2022 шарахь Оьрсийчоь Украине чугIортарца шайна Оьрсийчоьнна дуьхьала хила лаар, маьрша даха лаар дIакхайкхира Къилбаседа Кавказерчу масех республикан бахархойн векалша. Киеверчу Радехь "За свободный Кавказ" тоба вовшахтохарца доьзна дара и. Цигахь шайн лаамаш бовзийта йолайелира масех республика: Нохчийчоь, Дагестан, ГIебарта-Балкархойчоь, ГIалмакхойн-Мохк, ГIалгIайчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG