Нохчийчуьра хьехархой декхаре бу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмерчу, телеграмерчу посташна комментареш язъян – хесторан кепехь хила еза уьш. Иштта тIедиллар дина бюджетхошна, социалан машанашкахь жигаралла ледара ю аьлла Кадыровс латкъам бича.
Иза дуьххьара дац нохчийн хьукматашкара белхахой боташ санна лелор – Кавказ.Реалиино ма-дарра дуьйцу, и система муха болх беш ю.
Масех бутт хьалха Нохчийчохь кхеташо хилира республикан куьйгаллица, цигахь Кадыров Рамзана къамел дира къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанийн министраца Дудаев Ахьмадца. Регионан куьйгалхо реза ца хилира, тIаьххьарчу хенахь социалан машанашкахь жигаралла цахиларна, цо дийхира Дудаевга, интернетехь тоал жигара йоцучу "министраллийн а, хьукматийн справка хIоттор".
"Вайн дийца хIума долуш ду. Бусулбачу динах а, нохчаша, бусулбачара Украинерчу лерринчу операцехь дакъа стенна лоцу а – вай Оьрсийчоьнан бахархой хиларна", - аьлла Кадыровс.
Цул тIаьхьа Нохчийчуьра дешаран белхахошна тIедиллар дира, цуьнца а догIуш, хьукматаш декхаре яра берриг белхахойн инстаграмера а, телеграмера а агIонийн цIерш тептарехь схьагулъян. Белхахойн чаташкахь даржочу хаамашкахь (редакцигахь ду уьш) дуьйцу, оцу тайпа тептар куьйгаллехь хьалхо хилла ду – хIинца иза карладаккха деза, вицвинарг юкъа а оьцуш.
"Аша схьаделла долу белхахойн цIерш тIехь йолу тептарш карладаха деза. Оцу хьокъехь кехат хьажийна ду. Дукхачеран берриг белхахой бац дакъа лоцуш. Instagram-ра никнеймаш а, Telegram-ра id-адресаш а цхьатерра йолуш меттигаш а бу", - дуьйцу хаамехь.
Грозненскан кIоштахь цхьайолчу школан директоран гIовса (шен цIе ца яккхар дехна цо) Кавказ.Реалиига хаамбира, социалан машанашкахь боцу белхахой гезгамашин-беттан 19-чу дийне кхачале декхаре бина агIонаш дIаелла. Цул тIаьхьа хIора хьукмато баттахь цкъа чот йан еза, шаьш Нохчийчоьнан куьйгаллина – доккхачу декъанна Кадыров Рамзанан - посташ кIелахь язйинчу комментарех, хIиттийначу "реакцех" а.
Оцу кепара тIедахкарш дина хиларх тIечIагIдира республикерчу МВД-н цхьайолчу ницкъаллин хьукматийн белхахочо а. Цо бахарехь, "социалан машанашкахь жигара хилар" тIедожийна церан дакъойн массо а белхахошна масех бутт хьалха дуьйна.
Зазадоккху-баттахь Оьрсийчохь экстремисте лаьрра Meta компани – махкахь йихкира Meta-н долахь йолу фейсбук а, инстаграм а социалан машанаш. РогIерчу бахархошна тIехь и машанаш лелорна жоьпалла дацахь а, цхьамогIа политикаша гуш-хезаш дIатессира шайн агIонаш, оцу ресурсашна блок тохар къобал а деш – тIаьххьарчех вара Кадыров Рамзан а. Амма оцу тайпа хаам биначул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхо ца сецира цигахь посташ хIитточура. ХIинца цуьнца доьзначу аккаунте вазвелла бархI миллион сов стаг ву. Кадыровс тIе ца лоцу, ша ya_pomoshnik_kra_95 агIонца воьзна хилар, хIунда аьлча америкхойн социалан машано цуьнан агIонашна блок тоьхна мел кIезга а ялхаза.
МуьтIахь хиларан къовсам
Нохчийчуьрчу цхьайолчу школан директорца анониман кепехь къамел дан аьтто хилла Кавказ.Реалиин, меттигечу Iедало юкъадаьккхинчух лаьцна ма-дарра довзийтина цо. Социалан машанашкахь жигара хила декхаре варна дуьххьара тIенисвелла ша, аьлла дийцина цо, амма системехь оцу тайпаниг хьалха а лелла бохуш хезна цунна.
Хьостано бахарехь, хIинца дешаран системерчу белхахоша инстаграмехь а, телеграмехь а бен болх тидамехь латтор бу лерринчу бото. ДIахьедора, муьлхачу стага, маса постана комментари йитина – амма комментари мел кIезга а кхаа дашах лаьтташ хила еза. Еккъа смайликаш, йа пост хIоттийначул тIаьхьа 24 сахьт даьлча язйича комментари "чоьте оьцур яц".
"Иза муха хир ду: кIоштерчу дешаран урхаллера хьехархошна линк йогIу Нохчийчоьнан куьйгалхочун постана тIевуьгуш, цунна комментариш язъяр а доьхуш. Тоьшаллина скриншоташ кхехьийта олу цхьаволчо, ца олурш а хуьлу", - боху къамелдечо.
ХIора куьйгалхочунна луур ду, шен кIошт хьалхарчу меттигехь хилийта
Нохчийчуьра бюджетан белхахойх мехаза "троллийн фабрикех" санна пайда эцар республикехь дуьххьара лелош дац. РогIерчу хьолехь оцу терминан маьIнехь хуьлу федералан "Интернет-талламийн агенталла", цуьнан Iалашо ю харц хаамаш даржор, Iедална оьшуш йолу юкъараллин ойла кхоллар, социалан машанашкарчу фейкан агIонашца. Амма Нохчийчохь бюджетан белхахошка шайн долара агIонаш лелайойту гуш-хезаш меттигерчу Iедало лелориг къобалдарехь. Оцу балхах цхьа а ахча луш дац – куьйгаллин посташна комментареш язъян дуьхьал хилларш балахара дIабаьхна, йа чолхе тIаьхьалонаш хилла, бохуш меттигаш ца евза Кавказ.Реалиина.
Цхьайолчу школан директоро иштта тIечIагIдина, цхьа а кхерамаш ца тийсина, йа алапа тIетухур ду а ца аьлла хьехархошка.
"ХIора баттахь керла статистика гойтур ю шаьш боху, цигахь гуш хир ду, муьлхачу кIоштан школаша жигара болх бина комментареш а язъеш. Оцу тайпа цхьа къовсаман майда кхуллур ю, хIунда аьлча, царна хаьа, хIора куьйгалхочунна луур ду шен кIошт хьалхарчу меттигехь хилийта", - аьлла цо.
Ахчанна дуьхьа патриоталла
Кавказ.Реалиига Нохчийчуьра кIоштера дешаран урхаллера белхахочо дийцина ма-хиллара, оцу тайпа социалан машанашкара болх тидамехь латторан тептар гулдан гIоьртинера 2020-чу шеран гезгмашин-баттахь. ТIаккха, къамелдечо бахарехь, ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан куьйгалхочунна Ахмадов Чингизна тIедиллинера иза. 50 эзар гергга белхахо волчу дешаран системера хIоранна аккаунташ тIехь долу тептар шега схьакхачор тIедожийнера цо – тIаххьаре а гулделларг 30 эзар стеган аккаунташ бен дацара.
"Меттигерчу политикийн агIонашна кIелахь язъян езаш йолу позитиве комментареш яра юьйцурш. Амма цунах хIумма а ца хилира – тептар дIаделира, тIаккха дерриг дIатийра. Суна хетарехь, оцу терахьна тIехь – 30 эзар - тидам латто хала хиларна гIуллакх ца хилира", - аьлла редакцица къамелдинчо.
Официалехь йоцучу департаментах лаьцна хиира дешаран министрана Байсултановна – и цецваьллера, патриталлин болх ахчанах бо аьлча
Ахмадовс тIедиллар даран бахьана дара Кадыров Рамзанан хилла кхеташо – социалан машанашкахь "экстремизман а, малхбузенан мехаллин а идеологи" яржарна дуьхьал вистхилира иза. Оцу белхан куьйгалле хIоттийра Дудаев Ахьмад. Зорбанан министраллерчу редакцица къамелдинчо бахарехь, министр масех меттигерчу зорбанийн векалшца цхьана а кхетта дийцира машанашкахь "Нохчийчоьнах лаьцна позитиве" яздан дезаш хилар. Иштта тIедилларш дира республикерчу кхечу хьукматийн векалшна а.
"Дуьххьара дуьйцура, журналистех лаьтташ цхьа комиссии кхолла еза, экстремизмана а, малхбузенан мехаллашна дуьхьало ярна лерина, амма тIеххьаре а собар дира, цхьа хьукмат а ца кхуллуш", - тIетоьхна Кавказ.Реалиин цхьайолчу хьасто.
Амма дешаран кIоштера урхаллерчу белхахочо хаамбина, оцу шерашкахь республикехь официалехь а йоцуш, "Комментарии" олу дакъа дара. Цунна юкъавогIура тайп-тайпанчу департаменташкара бахI гергга стаг – уьш верриг цхьана мессенджерехь тобанехь хуьлура, цигахь хIора дийнахь тIедахкарш чукхуьссура, муьлхачу посташ кIелахь язъян еза комментареш дуьйцуш. Оцу балханна 5000 сом лора кехатийн ахчанца церан рогIера алапел сов.
Церан юккъерчу чатехь хаамбина ма-хиллара, официалехь йоцучу департаментах лаьцна хиъча дешаран министр Байсултанов реза ца хиллера патриталлин болх ахчанах бо аьлча. И дакъа дIадаьккхина хила тарло цул тIаьхьа.
Журналисташ декхаре бира социалан машанашкахь оьрсийн цIершца регистраци а еш, Кадыров Рамзанна тIехIитта
2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Iедало официалехь тIедиллар арахийцира, цуьнаца а догIуш, ерриг министраллаш, хьукматаш а декхаре ю машанашкахь агIонаш елла а, кIирнахь мел кIезга а кхоккха посташ хIитто а.
"Нохчийн Республикан низамаш кхочушдаран Iедалан хьукматийн социалан машанашкахь агIонаш елларан а, лелоран а барамах лаьцна" цIе лелош ду кехат (редакцигахь ду иза). Цуьнца а догIуш, министраллийн "Одноклассникаш" чохь а, "ВКонтактехь", телеграмехь, твиттерехь агIонаш хила еза. Социалера агIонаш лелорна жоьпаллехь ву белхахо, иза министраллин куьйгалхочун гIовсал а лахарчу даржехь хила ца веза, аьлла ду кехатехь. Къаьсттинчу пунктехь хьахош ду, посташна кIеларчу комментарешна модераци йар а – "спам-дIасакхехьийтарш, сийсазалла, оьзда доцу къамелаш а" дIадаха деза хьаькамаша. Амма хIора рогIерчу хьукматан белхахочун тIедилларех лаьцна оцу кехатехь хIумма а ца дуьйцу.
"Отдел Икс"
Нохчийн "троллийн фабрикех" лаьцна тоал хиира 2019-чу шарахь – оцу хенахь республикехь дIакхайкхийра меттигерчу зорбанийн болх хийцар, иза дира оппозицин блогераша критика ярна. Оцу хенахь ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан куьйгаллехь Дудаев Ахьмад вара – журналисташца вовшахкхетар хилча цо дIахьедира, редакциша гIолехьа болх бан беза, регионан бала хила луучу наханна дуьхьало ярехь, дийцирехь, цара "бакъйоцу информаци интернете кхуьссу, Нохчийчуьра хьар карчо гIерташ".
ЧГТРК-н хилла белхахочо оцу хенахь дийцира Кавказ.Реалиига, цул а ши шо хьалха журналисташ декхаре бира социалан машанашкахь оьрсийн цIершца регистраци а еш, кхечу регионашкара рогIера бахархойн кепехь Кадыров Рамзанна тIехIитта.
"Амма билгалдаккха деза, массо а реза ца хилира. Дукхачарна вуно пайдабоцу тIедиллар хийтира иза. ХIунда аьлча, иштта аьллера, Нохчийн республикан Iедалх лаьцна критика язъечу нехан никаш а гулъеш, яхьийта езачу метте дIакхехьийта", - дийцина къамелдечо.
Цо иштта тIетоьхна, нохчийн троллийн фабрика "Грозный Сити" комплексехь болх беш ю. Хьалххо и хаамаш тIечIагIдира Кавказ.Реалиин хьасташа. Редакцина хиина ма-хиллара, Нохчийчохь оцу фабрикех "отдел икс" олу.
2021-чу шеран марсхьокху-баттахь Нохчийчохь харжамаш хилале антифейкан тобанаш кхуллуш ю, аьлла дIахьедира "Молодая Гвардия Единой России" организацин бух тIехь. "Чечня Сегодня" хаамийн гIирсо яздарехь, "харжамхойн каппашкахь къепе йохийна меттигаш гучубаха беза" волонтерийн. ХIинцале а 56 стаг чекхваьлла харжамех – дIахьедора, уьш шен-шен дакъошкахь кечбийр бу, бохуш: "комментаторш, мобилан тобанаш, интернет-аналитикаш, тергамчаш". Къаьсттина хIун лело дезара "комментаторийн" а, "интернет-аналитикийн" а, иштта церан белхан жамIаш муха ду, йа и тобанаш хIинца а йолуш юй – хууш дац.
- Нохчийчохь тергойина "бендоцчу" бахархойн, режимана шаьш мутIахь хилар дIа а ца гойтуш, оцу юкъанна йа дуьхьал а ца буьйлуш Iаш болу. Регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана и нах "уггар кхераме" бу элира. Дукха хьолахь буьйцурш кегийрхой бу. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъонашларъярхоша тидам тIебохуьйту, оцу кепашца Кадыров республикехь шен раж чIагIъеш ву аьлла.
- Кадыровн рожна дуьхьал берш гучубаха болийра мехкан урхалле иза хIьоттинчу юьххьехь дуьйна. Регионалан урхалхочо йолийра, гIаттамхойх тера болу бахархой лоьху кампани: "тоянза" маж, дIадаьшна мекхаш, чукарчийна хечин когаш, аьтту пхьарсах сахьт лелор, йа чIениг хьулъеш хьиджаб – стаг лаца бахьана хила тарлора и дерриг а. Цунна муьтIахь долчу телеканалехь кест-кеста репортажаш арахоьцу, "ваххабистех тера хиларх" нахера цо ша бехкаш дохуш.