ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо дийна ву – нохчийн бакъонашларйархой


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Оппозицин нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо, иза волу меттиг хууш йацара лахьан-бутт бовш дуьйна, дийна ву – цунах лаьцна дIахьедина "Новая газета.Европа" хьасте бакъонашларйаран "Вайфонд" ассоциацихь.

Организацихь дийцина, Абдурахмановс ша телефон туьйхира шайга, "юридикан цхьацца хеттаршна тIекхиархьама".

"Тхуна хетарехь, тамаш бу цхьацца хIуманах цо комментарий йахь къайладахьа дезаш хиларна. Иза дийна ву, самукъане а ма вара. Кеста массарна а гур ву иза, суна хетарехь, иза ша вайца зIене вер ву", - тIетоьхна ассоциацин векало.

  • Нохчийн аккаунташа социалан машанашкахь массанахьа а даржийра Абдурахмнов Тумсо лахьан-беттан 29-чохь вийна бохуш. Уьш массо а тIетийжара, блогеран лулахо ю ша, цуьнан цIа чуьра герзаш хезира шена бохуш, дийцинчу йевзаш йоцчу нохчийн зудчунна. Делахь а, Нохчийчуьра бахархоша, Швецихь Абдурахмановна гена боццуш бехаш хиллачу, дийцира Кавказ.Реалиина, иза вехачу кIоштахь полисхойн, йа лоьрийн машенаш йацара аьлла.
  • 2022-чу шеран гIуран-беттан 5-чохь оппозицин 1АДАТ телеграм-канало пост хIоттийра, Абдурахманов вер тIечIагIдина аьлла. Публикацихь далийна цхьа а тоьшаллаш дацара. ХIетте а церан версина тIетайра Европера нохчийн диаспоран цхьахволу векал Масхадов Анзор – шен хьасташна тIетевжира иза.
  • Швецин полицино дуьхьало йира Абдурахманов вийна хилар тIечIагIдан а, бакъ дац аьлла, комментарий йан а.
  • Масех де даьлча Нохчийн Ичкерия республикан арахьарчу Iедалан пресс-гIуллакххоша дIахьедира, Абдурахманов дийна а ву, Швецин Iедалхоша ларвеш а ву аьлла. Иштта, Тумсо дийна хиларх хаамбира "Шведахойн радионо" а, Мюнхенера Лакхарчу лаьттан кхелан пресс-секретарна Лафлер Лоранна тIетевжина.
  • 2020-чу шеран чиллан-баттахь кIело йира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. Блогеран ка йелира тIелеттачуьнан карара жIов схьа а йаьккхина, полици кхайкха Оцу гIуллакхехула 2021-чу шеран гIуран-баттахь кхел йира. ТаIзар динарш бу – Оьрсийчоьнан бахархой. Билггал иза вен кхайкхийнарш муьлш бара ца къаьстира, амма кхелехь прокуроро дIахьедира, "лараша Соьлжа-ГIала вуьгу" аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тIелатар динчу нахана кхел йинчул тIаьхьа юкъахдаьккхира Германихь волчу цуьнан вешина дан лерина хилла тIелатар. Бакъоларйархочо бахарехь, иза вер тIедожийна хиллера, Кадыров Рамханан шича ву бохучу Эдельгериев Паруддина. ГIуран-бутт бовш Абдурахманов Мухьаммада дакъалецира рогIерчу кхелан кхеташонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG