ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин блогерша яздийриг доьшура. Лачкъийначу Соьлжа-ГIалин вахархочун гIуллакх муха толлуш ду кадыровхоша


2020-чу шеран аьхка белхан меттигехь – Соьлжа-ГIалин юккъерчу суши-барехь - лачкъийра 33 шо долу Умаров Мовсар. Иза къайлаваьккхинчу шолгIачу дийнахь хаамбира, оппозицин нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон роликашка хьежарна Ленинан кIоштарчу полицин декъехь ву аьлла. Иштта шеконаш хиллера цунах, регионан куьйгалхочунна а, цуьнан гонна а луьйш видео 1АДАТ телеграм-канале хьажийна аьлла.

Лачкъийначун вашас Умаров Мусана хьалхо дийцира Кавказ.Реалиига: хьалхарчу сахьташкахь доьзало орца даккхарх, Нохчийчуьрчу омбудсмене а, Iедална гергахь йолчу бакъоларъярхочуьнга Саратова Хедига а. ХIетахь ницкъахоша хаамбира Мовсаран нене, иза шайгахь ву, дош делира – "мел дукха а кIиранах латтор ву иза, кхетош къамелаш а дина, тIакха кIоштан къеда а кхайкхина, дIахоьцур ву" аьлла. Амма тIаьхьо полисхоша дIакхайкхйра, лаьцнарг ведда. ХIетахь дуьйна Умаров Мовсаран кхолламах лаьцна хууш хIуммаъ а дац.

Иза къайлаваккхарца доьзна Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхаллин хьалхарчу Талламан декъо бехкзуламан гIуллакх диллира стаг верах. Цхьана шарахь а, эхашарахь а гIуллакх таллар доьазза сацийра, ткъа цуьнан гергарчарна тахана а гайтаза ю цуьнан материалаш.

Доьзалан векалца, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристаца Полякова Юлияца къамел дира Кавказ.Реалиино, - кхузаманан Нохчийчоьнан хьелашкахь Умаровн гIуллакхах йистъяккха тарлой аьлла.

– Карарчу хенахь билггал хIун хууш ду Умаров Мовсар лацарх? Дуккха а хила тарлучу тешашка, гIалин юккъехь хилла ма ду и дерриг а, Iедалхой тешон гIертачу "Оьрсийчоьнан уггар а кхерамзачу регионехь", хеттарш диний?

– Умаров лоцуш тешаш хилла, цуьнца цхьаьна болх беш хилла ресторанан белхалой. Амма, иза лачкъочара кхерамаш тийсина, гинчух лаьцна ца дийцийта: "Нагахь санна, шайна даха лаахь, тапъаьлла Iийр ду шу". Иштта цара хаамбира, ресторанехь церан къамелаш дIаязден гIирсаш бу хIиттийна, муьлхха а [хиллачух] ден къамелаш шайна хуур ду аьлла. Мовсаран цхьахволчу белхан накъоста дийцинера иза "Iазапашна дуьхьалояран Комитете".

– Умаровн 1АДАТЦА хиллачу уьйрах хууш хIун ду?

–1АДАТ каналан посташна комментареш ярна а, церан видеороликашка хьежарна а иза лаьцна бохуш, бакъоларъяран органийн белхахоша Мовсаран гергарчаьрга хаамбинехь а, цуьнан нанас боху, оцу каналца ша воьзна хилар аьттехьа а бакъ дац элира шега кIанта аьлла.

– Бехктакхаман гIуллакх долийна стаг верца доьзна, амма Умаров волу меттиг хIинца а хууш бац. Иза дийна хила тарло аьлла, догдохийла юй?

Лачкъийначара декхаре бира гинчух ца дийца, кхерамаш а туьйсуш: "Даха лаахь, тапъалий Iе"

– Нагахь санна, стаг къайлаваларца криминалан бух болуш бахьанаш, йа хьелаш гучудовлахь, талламо бехкзуламан гIуллакх айдо Бехктакхаман кодексан (УК) 105-чу Iедалан къепехь - стаг вер. Стандарте практика ю иза. И деш ду, цхьана декъана, вайначун гергарчарна зен хиллачийн статус кхачорхьама, оцу гIуллакхехь, ша шена тIехIотта аьтто боцчу стеган бакъонаш Iалашъеш.

"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" балхаца, оцу низамера довлу гIуллакхаш доллушехь. Масала, Нохчийчоьнан бакъоларъяран органийн белхахоша Тепсуркаев Салман лачкъорах гIуллакх диллира Оьрсийчоьнан УК-н 126-чу къепехь ("Стаг лачкъор") аьлла, оцу тIехула цуьнан гергарчийн аьтто бацара шайн бакъонаш пачхьалкхехула Iалашъян.

– Умаров Мовсар лачкъорца доьзна гIуллакх доьллуш чолхенаш Iиттаелирий?

– ХIан-хIа, проблемаш ца хилира. Лачкъийначун нене хеттарш динчул тIаьхьа долийра талламал а хьалхалера зераш, ткъа бехктакхаман гIуллах долийра таллам болийна бутт баьлча, иза догIуш ду Бехктакхаман-процессулан кодексан бакъонашца.

Оцу юкъанна дIадахначу цхьана шарахь а, эхашарахь а талламал а хьалхалера зераш доьазза совцийра. ДIахIоьттинчу практикаца догIуш ду иза а, таллам бечу юкъанна бехкенаш къастон аьтто ца хилча, йа объективе бахьанашца, масала, дIавахана, йа цомгаш хиларца, уьш жоьпалле озон аьтто бацахь.

– Амма гIуллакхехь хIинца а боцуш бу йа бехкехетарш а, йа шеконехь берш а.

Цхьана хиллачу къамелехь лачкъийначо бакъ ца дира каналца воьзна хилар

– Уьш цхьана боцуш дIабахьа таро йолу талламан барамаш, хIокху хьелашкахь дIабахьа безаш бу. Масала, тешаш лебар, урамерчу видеокамераша дIаяздинарг схьаэцар, таллар, экспертизаш яр. Делахь а, оцу зен хиллачаьрца бан безаш хилла болх а, хIинца а кхочушбанза бу. Иштта, талламхочо масийттазза дIатеттира, эххар а, Нохчийчу кхайкхина Мовсаран кхечу регионашкахь беха гергарнаш дуьхь-дуьхьал хIиттор юкъахдаьккхира. Иштта дIатеттира, Мовсаран нене юха а хеттарш дар а.

Материалаш йовзийта рогIера дуьхьло йеш, сацамбира Зазадокху-беттан 16-чохь. Лакхарчу талламхочо, майора Атангереевс бахарехь. "кхеле кхачале болийна таллам бирзина бац, сацийна" бу, иза бух боцуш хилар ду аьлла.

Талламхочо низамехь доцуш дуьхьало йо аьлла хета суна, гIуллакх сацор иза дерзар ца лору, ма-дарра аьлча, оцу гIуллакхца кхин беш болх боцушшехь. Цхьа юкъаверзийн го бу-кх: гIуллакх сацадо – иза тхайна довзийта боху оха – тхуна дуьхьало йо - бакъо йоцуш йинчу дуьхьалонна оха арз хьажадо- талламхочо гIуллакх таллар юхадолош сацам бо.

Оцу хеначохь хIун талламаш бина бу?

– Талламан гурашкахь талламхоша мел бинчу балхах лаьцна информаци тхоьгахь яц, Зен хиллачара дакъалаьцначу цхьадолчух бен тхуна хууш дац. Ду и цаьрга хеттарш дар, тешаш дуьхь-дуьхьал хIиттор, биоматериал кхачар, дустаран талламаш дIабахьар.

Оцу йоллу хеначохь Мовсаран гергарчарна Iаткъам борий?

– Вон деанчаьргара суна хезна дац цунах лаьцна.

– Нагахь санна, Нохчийчохь гIуллакх сецна хилча, буй аьтто, пачхьалкхан кхечу регионе гIуллакх дехьадаккха?

– Иштта таро ю. Амма оцу тайпа хилларг – цхьа наггахь. Тхан практикехь тIаьххаьара дара – Дагестанехь байинчу ГасангусейновгIеран шина вешин гIуллакх. Оьрсийчуьрчу Талламан комитетан коьртачу аппарате дIакхачийра иза. Лачкъийначу Мовсаран гIуллакхах дерг аьлча, Къилбаседа Кавказан федералан гонашка дехьадаккха а аьтто хилахь тамаш бу.

– Таханалерачу Нохчийчохь Умаровн гIуллакх билггал толлур ду, иза лачкъийнарш а, иза вийна аьлла хетарш а карор бу аьлла, дегайовхо юй? Стенах доьзна ду и?

– Карарчу хенахь Нохчийчохь тамаша баллал чолхе ду, бехкеболчийн метта бакъоларъяран органийн белхахой болу гIуллакхаш, эвсара таллийтар. Нагахь санна, лаккхарчу даржхойх хьакхалуш и гIуллакхаш делахь, талламхой оцу барамашкахь дакъалацарх кхехка. Шайгара даьллачух ницкъахоша тIаьххьарчу шерашкахь таIзар токхуш цахиларо, кхин а тIе чIагIйо церан дIахIоьттина йолу белхан кеп. Ницкъахошна шайна дерриг а мегар долуш санна хоьтуьйту.

***

1АДАТ боламо бакъдира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь., Умаров Мовсар шайн канале язвелла а вара, хаамаш а кхачабора цо аьлла. "Иза лачкъийначу дийнахь, гIалин юккъехь, Кадыровн машенийн коврано, хIиттийначу машенийн раьгIнийн видео яийтинера цо", - хаамбира телеграм-каналан векало.

Оцу юкъанна къамелдинчо билгалдаьккхира: лачкъоран бахьана, ницкъахошна хууш ца хилла, 1АДАТЦА юкъарлонаш лелор дац, Нохчийчоьнан диктаторан рожна криткиа яр ду хиллачу къамелашкахь. Боламан информацица, бутт гергга хан хиллера кадыровхоша Умаровн го, контакташ, къамелаш толлу.

Цуьнан истори дуьххьара яц аьлла, тIетуьйхира 1АДАТО – нохчийн ницкъахоша жигара лоьцура, оппозицин каналца боьзна бу боху, кхинболу кегийрхой а. Дуьххьара лоьцурш цхьана а агIор хуьлийла дацара боламца боьзна. 1АДАТЕХЬ хуьлуш дерг меттигера бахархой кхерон Iалашонца лелош ду, амма, цунах гIуллакх ца хуьлу: боламан векало дIахьедира, хIора публикаци зорбане яьккхинчул тIаьхьа шайн агIончийн терахь кхуьуш ду аьлла.

  • Кадыровс лач бакъдира, Нохчийчохь шен критикийн гергарнаш лечкъош хилар, амма тIе ца дитира ша гунахь хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, бакъоларъярхоша а, блогерша а "вас йинарш" хила тарло бехке нах лечкъорна. "ЧIир екхар юкъара даьккхина дац тхан", - дIахьедира Кадыровс. Ша буьйцучех билггал долу масалш а, оцу нехан цIераш а ца ехира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
  • Чиллан-беттан 2021-чу шарахь ницкъахоша лачкъийра Нижний Новгородехь, стохка Товбеца-баттахь "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" махкара дIаваха гIо дина Нохчийчуьра ши ваша Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а. ТIаьхьо уьш бехкебира терроризмна гIоьналла латторна. ТIехьа-Мартанан кхело бехк тIечIагIбира 20 шо долу Магамадов Салехь а, 18 шо долу Исаев Исмаил а, гIаттамхошна гIо дарна, бархI, ялх шераш туьйхира набахтехь такха. Оццул хенаш ехнера царна прокуроро а.
  • 2021-чу шеран ГIуран-бутт болабелчхьана иттаннашкахь лечкъийра мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш. Шайн гергара нах къайлабахарх дIахьедира ялх стага -бакъоларъярхоша Янгулбаев Абубакара а, Садулаев Мансура а, Арцуев Аслана а, иштта, оппозицин нохчийн блогерша Абдурахманов Тумсос а, Халитов Хьасана а, Мализаев Микаила а.
  • Дуьненан бакъоларъяран Amnesty International организацин официалан сайтехь таро йира, нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан хилла модератор Тепсуркаев Салман волу меттиг бийцар тIедожош, Нохчийчоьнан Iедалхошка яздинчу кехатна куьйгаш яздан. 2020-чу шеран Гезгамашин-баттахь дуьйна хууш дац иза стенгахь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG