ГIуран-беттан 11-чохь Кадыров Рамзана омра арахецна 21 шо долчу шен йоIанна Хадижатна "Нохчийчоьнна гIуллакх дарна" цIе йолу мидал луш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарахь ю Кадырова Хадижат – да Рамзан а, нана Медни а, 22 шо кхаьчна йолу йиша Iайшат а санна. Амма цхьана а санкцеша новкъарло ца йо Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчарна мехкан лаккхара даржаш шайгахь кхаба а, Iедалан совIаташ даха а.
"Берийн" мидалш
Нохчийчуьрчу Iедалан доларчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, Кадырова Хадижатна совгIат дина "школе даханза долчу берийн дешаран система кхиорна а, балхаца сакхт доцуш, эвсара къахьегарна а".
Мидал яллал деза хIун хазна диллина Кадыровн йоIа берийн хьукматашка – иза хууш дац билггал. Школе даханза долчу берийн Соьлжа-ГIалин департаментан куьйгалхо хIоттийна шо кхаьчча елла мидал. Ткъа оццул язъеш йолчу хьаькамо институт яккхина я ца яьккхина а дац къаьсташ.
Шо хьалха елира Кадыров Рамзана изза мидал шен вукху йоIна а – Iайшатна. Цунна 2012-чу шарахь елла "Къинхьегамехь эвсаралла гайтарна" олу ларамбаран хьаьрк. Гурахь хIоттийра иза республикерчу синбахамаллин министраллин коьрте. Оцу юкъанна экономикан факультетехь юьстахара дешар дIакхехьа а ларайо иза.
Кадырова Хутмат, мехкан куьйгалхочун кхоалгIа йоI, евза Iаьрбийн мехкашкахь гоьваьллачу ал-Афаси Мишарица цхьаьна нашидаш аларца. Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша "пачхьалкхера уггаре къона фермер" а олу цунах.
Бовхачу тергамах къастийна бац Кадыровн кIентий а. Масала, ша мехкан куьйгалхочо дийцарехь, цуьнан кхоалгIа воI, 13 шо долу Адам тоьлла хаарш къовсучу конкурсехь, хIоттийна Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу дешархой урхалла дан а, Iилманаш карадерзо а Iамочу центран президент.
"Хьалхарчу классехь дуьйна ву Адам школин дахарехь жигара дакъалоцуш, дика доьшуш, шеца долчу берашна гIодеш. Спортехь тоьлла кхиамаш а бу цуьнан", – дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхушеран Чиллан-баттахь. Масех бутт баьлча скандал иккхира Кадыров Адамна гонах – цунна латаршкахь, тIевеъна хьаша цо эшийна а воццушехь, нокаут йича санна, толам белла, бохура вуно дукха наха.
Вевза Адам "Юхаденвелла Эртугрул" цIе йолчу Кадыров Рамзанна хазахетачу туркойн сериалехь дакъалацарца. Цигахь цо шина дашах лаьтта фраза бен ца олу, амма кIантах похьмано билгалваьккхина актер олу нохчийн хьаькамаша.
"Шен тоьлла амал дIагайтина Адама оцу фильмехь", - дIакхайкхийра дешичас, хIинца Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин буьйранчин хьалхара гIовс лчу Ибрагимов Турпал-Iелас.
ДIадахначу шеран Лахьан-баттахь Кадыровс гайтира шен ши кIант Ахьмад а, Iела а къонахийн могIара воккху барам. Тергам бинчара дийцарехь, даздина, айдаран кепашка дерзийна, къоман дахарехь хилла а доцчу хьесапехь кечдина даздар дара иза.
Мехкан куьйгалхочун нана, Кадырова Аймани, ю вуно дукха орденаш а, мидалш а кхаьчна стаг. СовгIаташлахь ю " Кадыровн Орден " а, "Къоман дозалла" диплом а. Федералан тIегIанара совгIаташ а ду цуьнан. Ду, дерриг а доцуш, шен цIарх диллина маьждиг а – Устрада-ГIалахь. "Мехкан нана Аймани Несиевна" олу цунах шайн машанашкарчу посташкахь Кадыровн гонерчу хьаькамаша.
"Цунна халкъо елла и еза цIе – Мехкан Нана", - яздира цкъа Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада.
"КАДЫРОВА АЙМАНИ НЕСИЕВНИНА, КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН цIарах йолчу регионалан фондан президентна, вайн ХЬАМЕЧУ НАННА лерина пхьуьйран той", аьлла дIакхайкхийна шайн, хьакамийн, цхьа барам Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама а.
Кадыров а, нохчийн Iадаташ а
Нохчийн къоман ламасташца ца догIу Кадыровн доьзало шена кест-кеста магош дерш, элира къайлахчу къамелехь Кавказ.Реалиига нохчийн цхьана этнографа. Цо дийцарехь, республикерчу бахархошна ца тов мехкан куьйгаллин, парламентан, ницкъхойн структурийн цIарах Кадыров Рамзанан гергарнаш базбар.
Этнографа бахарехь, наханна хьалха шен бераш даздеш дац нохчийн: денана я ненанана, деда я ненада, деваша, кхиволу уллера гергарниг, милла а ур-атталла уллехь а волуш, дас шен кIентан цIе а ца хуьлу йоккхуш. Ша Кадыровс дуьйцура 2014 шарахь шен бераллах лаьцна: "Да, нана цхьана долчу хенахь, уьш болчу чу ваха а ца хIуттура со. Деда гергахь а волуш сайн дена улле вахана, дечу къамелехь дакъалаьцна вац со. Суо дас хастош ца хезна суна цкъа а".
Шен гергарчех лаьцна Кадыров Рамзана кест-кеста хIитточу постийн мах хадор дийхира Кавказ.Реалиино "Европерчу нохчийн ассамблеян" куьйгалхочуьнга Муртазалиев Аслане.
"Тхан Iадаташца ца догIу, бехкбуьллу берашца йолу юкъаметтигаш гойтучунна. И мидалш охкар, Кадыровн доьзалхой декъалбар – иза оцу церан доьзалан амал ю, нохчийн къоман ламасташца, синмехаллашца аьттехьа а дац иза догIуш", – элира цо.
Кавказ.Реалиино дукхаза а дийцина Кадыровна гонах нур кхолларх, культ яржорах лаьцна. Мехкан таханлерчу куьйгалхочун ден цIе лелайо республикехь 300 сов урамо, майдано, Соьлжа-ГIалин центрерчу коьртачу урамо, Нохчийн университето, школаша, берийн бошмаша, "Нохчийчоьнан Дог" олучу мехкан коьртачу маьждиго, ше цIеношна бухахь нах байъарна "Новая газето" Чиллан-баттахь гIараяьккхинчу Росгвардин полко, иштта дIа кхин а дуккха а объекташа.
Кадыров-воккхахниг вазвеш, цIе хицина доьзал бехачу ЦIоьнтаран а - Ахмат-Юрт олу хIинца цунах. Цул сов, футболан, латархойн клубаш, фонд а ю Кадыровн цIарах – уьш 2020 шеран ГIуран-баттахь дуьйна лаьтта Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаран могIарахь.