ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оцу тайпа а, цул ирча а дуккха а хIуманаш хуьлу тхо долчухь": Кавказ а, казахийн министр Бишимбаев а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Экономикан хиллачу министран Бишимбаев Куандыкан хьокъехь кхелехь дов хаьттина дели Казахстанехь – набахтехь даккха 24 шо тоьхна цунна, 31 шо долу шен хIусамнана Нукенова Салтанат йерна. Ресторанехь цуьнца дов даьлла, хьаькамо йиттинера зудчунна лечу хьоле йаллалц. И гIулакх чIогIа даьржина дуьйцура, оцу пачхьалкхехь хIусамехь ницкъбина, йа могушаллина зен дина меттиг нислахь бехкзуламан гIуллакх айдан бакъо лун низам йукъа а доккхуш.

Къилбаседа Кавказехь зударшна тIехь ницкъбар – даим а хуьлуш дерг ду, делахь а бакъоларйархойн шеконаш йу, Казахстанера Бишимбаевн гIуллакхехула санна, кхузахь сил чIогIа гIарайевлла кхелан процессаш хир йу аьлча. ХIунда – къастийра Кавказ.Реалии сайтан журналисто.

Хьайна тIехь дечиг даккхахь а – сатоха

"Кхаа шарахь Iийра со кхоьруш, денна стрессехь, сингаттамехь, бIаьрхишца.- цIийнда леташ вара сох. Балха йоьдура со бIаьрга кIел Iаьржа таммагIаш долуш, цу тIехула стомма чкъор деш крем хьокхий, - дагалоьцу Нохчийчуьра Веданан кIоштара йахархочо. – Хьалхарчу шарахь дукха йилхира со, гечдора ас цунна, са деттара, иза меттавогIур ву моьттура".

Суна тIехула ластийн диг лаьттах дуьйгIира цо

Бахьанаш кеп-кепара дара, кхин дIа дуьйцу Луизас (цIе хийцина турпалхочун дехарца): туьха совдаьлла чорпа, балхахь хьейалар, хIусамден синIаткъам дика цахилар. Цо ша доккхуш хилла ахчанах дечунна а тIекхиа дезара цуьнан. Карара йала аьтто баьлча, Луиза лулахошкахь лечкъара. И дерриг а, къамелдечо бахарехь, сийсазйеш, боьха мотт лебош лелош дара.

ЦIа йаха йиш йацара цуьнан. Къаста а эхь хетара – шолгIа цо дина маре дара и. Хьалха йахначохь диссина бер дара, хIорш къаьстачу хенахь, Нохчийчохь хуьлуш ма-хиллара, бер кхуьнга дIа ца дигийтинера.

"Нанас олура: хьайна тIехь дечиг даккъахь а, марехь чекхйала йеза, сатоха деза. Иштта Iаш а ма йарий со. Цхьана дийнахь цуьнан дешнаш билггал кхочушхуьлуш дара", - дагалоьцу къамелдечо.

Цхьана дийнахь йуха а шайн дов даьлча Луизас аьлла хиллера, ша цуьнгара дIагIур йу. ТIаккха диг даьккхина, иза ша йуьйр йу бохуш, кхерамаш тийсинера цо.

"Бертал лаьтта охьайиллира цо со, цхьана куьйга сан лаг къуьйлура, со меттах ца йалийта, цо элира, масех минот бен ца йисина ахь дуьненчохь йаккха, тIаьххьара дош ду хьуна, - кхин дIа дагалоьцу бала хьегначо. – Цхьана а тайпа эмоцеш йацара сан оцу мIаьргонехь. Сан ала хIуммаъ а дац аьлла, жоп делира ас. Шен ма-хуьллу диг айдина, шена дала беллачу ницкъаца ластош лаьттарчу аннех дуьйгIира цо и".

Цул тIаьхьа цхьана кIиранах ларйеш, чуьра ара а ца йолуьйтуш лелийра цо Луиза, амма эххар а йада ка йелира цуьнан. Кавказан зударий кегий болуш дуьйна кхиабо "стагана муьтIахь хила йеза" бохуш, аьлла хета къамелдечунна, дукхахболу бала хьоьгу зударий нахала ца буьйлу эхь хеташ.

Цхьана Веданан кIоштахь тIаьххьарчу итт шарчохь хIусамдайша йийна кхоъ зуда, билгалдоккху Нохчийчуьра журналисто, шен цIе къайлайахьар дийхира цо. Бахьанаш, цо бахарехь, царех шек хилар, дахаран хьелашца доьзна девнаш, хIусамдас баланехь йаллор.

"Царех цхьа истори нахала ца йаьккхира, ца теллира, - чIагIдо журналисто. – Дукха хьолахь байъинчийн гергарчарна ца лаьа уьш кхеле бала, къаьсттина, нагахь санна бераш церан хиллехь. Полици дIахаийтина, цул тIаьхьа оцу берийн дайшна тIаьхьабовларо буобераш до царех аьлла.

Пачхьалкхан тапъаьлла Iар

Доьзалехь ницкъбарх хIинццалц бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхуш хиллехь а, 2017-чу шарахь дуьйна президентан Путин Владимиран указаца дIайаьккхира артикл. Зулам лоручуьра дIа а даьккхина, "гергарчарна йеттар" административан низам талхор лерира – нагахь санна дуьххьара ницкъбинехь. Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдо тахана, шолгIа, йа масийттаза хилла хIума делахь. Дуьххьарчунна гIуда туху пхеа эзарна тIера 30 эзаре гергга.

Доьзалехь гIело латторна декриминализаци йинчул тIаьхьа Оьрсийчуьра зударийн хьал кхин а тIе телхира, Кавказехь-м – кхин а тIе, билгалдоккху бакъоларйаран "Мемориал" тобанан хьалханчас Анохина Светланас. Бала хьегначийн орца деха меттиг бац, йеттар цхьа могIарера хIума долуш санна тесна дитина, боху цо.

"Шайн къоман, йа бусалбанийн бакъонаш къуьйсу дуккхахболу Кавказера бакъоларйархой, - божарий бу. Уьш Iадийна буьссу, зударийн проблемица хьо царна тIевахча, - чIагIдо Анохинас. – Йукъа гIерта ца лаьа царна, ницкъбар – и доьзалан гIуллакх ду, Iадаташ ду ишта олий, и гIуллакх листа а ца дуьту".

Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъбар тахана а долуш ду

Къамелдечо дагалоьцу ГIалгIайчуьра йахархочун Алиева Мареман гIуллакх, иза йара организаци бевллачех уггар а "къегинчех" – цуьнан цIарах йу бакъоларйаран тоба а. Алиева марехь йара цхьана дош лелачу бизнесхочуьнгахь Евлоев Мухарбекехь, цунна кхо бер дира цо.

Йуьхьанца дуьйна зудчунна тIехь ницкъ латтабора цо, пIелгийн йуьхкаш хедийнера цо цуьнан, корта бошура, йеттара. Полицино терго дIа ца йора, цо аьрзнаш дарх. Масийттаза цIера йада гIоьртира Марем, амма хIусамдас хIоразза а йухайалайора иза, дагалоьцу Анохинас: "Гергарчара а, къаноша а ца йуьтура иза, цуьнга йуха ца йахча, кхин цунах пIелг Iуттур бац, шаьш цу тIехь терго латтор йу олий"

2015-чу шарахь гезгамашин баттахь Марема телефон тоьхнера шен йишига, йуха а дов эккхийтина хьийзаш ву иза аьлла. Полици кхайкхахьара аьлла, дехнера йишас, нагахь санна, цхьана эхасахьтехь ша телефон схьа ца эцахь, кхин дIа дуьйцура Анохинас: "Оцу сохьта иза йолчу йаханера йиша.. Бежнаш доьхкуш лелон чуха а, цIийх йуьзна месаш тIехь фен а карийнера цунна цIахь. Алиева Марем кхин кара а ца йира, йа дийна а, йа йелла а".

Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле а цхьана кхечира Алиеван гIуллакх, цигахь тIеэцна теллира – Оьрсийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а хIара дуьххьара гIуллакх дара доьзалехь гIело латтийна зуда йерах чуделла долу.

Оцу йукъанна Евлоев бехке ца вира, билгалдоккху бакъоларйархочо: "Кавказан зудчо ловш мел болу бала Iоьвшинера Марема шен дахарехь: иза латтош хилла бакъойоцу хьелаш, гергарчара гIо цадар, пачхьалкх къора хилар".

Анохина Светланина хетарехь, Оьрсийчуьра оцу девнашкахь Iедало а, йукъаралло а божарийн агIо лоцу. Цо дагалоьцу Нохчийчуьра Тимагова Шема, цуьнан хиллачу хIусамдас коьртах диг тоьхна, цIий дIаоьхуш тесна йитинера иза. Адам ден гIортар аьлла бехк кховдийнера цуьнга, амма кхелехь прокуратуро а, адвокаташа а чIагIдора, Тимаговас хIусамда хиллачун сий дойъуш къамел динера, иштта цо ша питана дина хиллера бохуш. Эххар а хIусамдена таIзар дира зудчун могушаллина зен дарна, лаьцначуьра дIахийцира иза кхелехь.

"Церан эвлара берриш а бара цуьнан хIусамда хиллачуьнгахьа", - боху Анохинас.

"Къуно къуьне гIо доху"

"Доьзалехь гIело латтор – и проблема дукха хьолахь къайлах латтош йу. Къаьсттина гучудолу и, зударий шайн бакъонаш къийса кийча боцчохь, тапъалий, дуьхьал дош ца олуш шайн дакъа дIатекхаде олу цаьрга", - аьлла ду 2023-чу шарахь "Кавказ.Машар. Кхиар" центран рапортехь йаздина.

Центран директоро Сиражинова Саидас билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь, доьзалехь ницкъбар Оьрсийчоьнан муьлххачу а регионехь а, пачхьалкхехь а долуш дерг хилар. Амма, бохура цо, Кавказ шен къаьстинчу спецификаца билагала йу.

Оцу кепара адам дерна цу тайпа резонанс тхан хилла йац

"Зуда" боху дош кхузахь дузу цхьа бакъонаш гаттий хиларца а, лахарчу тIегIанера статусца а, кхин дIа дуьйцура кхъамелхочо, бала хьоьгу зударий кийча ца хьулу "чуьра дов арадаккха", шайн гергарчийн, имиджан дуьхьа а садетта цара, шайгара бехкаш ца дахийта.

"Доьзалехь гIело латтор Къилбаседа Кавказехь тахана а лелош хIума ду, хьал дикачу агIор толуш а дац, - боху Сиражудиновас. – Цхьаъ бен боцу хийцам: гIелонах лаьцна дуккха а дийца а, йаздан а долор, и проблема хилар къегина кхин а тIе гучудаьлла.

Цунна хетарехь, казахийн министр хиллачу Бишимбаевн санна гIовгIане довхаттар Къилбаседа Кавказехь хила йиш йоцург ду: "Оцу тайпана дуккха а хилла тхо долчахь, кхин а йаккхий эрчонаш а цхьаьна. Кхузахь коьрта дац, хьаькам бехке хилар, цахилар. Зудчунна дуьхьал зулам динчуьнга кхелийн хьежар чIогIа кIеда ду".

Некенова Салатанат йийча Казахастанехь сил чIогIа нах меттахбовлар доьзна ду масех бахьанашца, бохура карарчу хенахь оцу пачхьалкхехь йехачу ГIалгIайчуьра жигархочо, психолого Саматова Эссета. Бахархойн жигаралла а, йийначун вешин цуьнан интересаш Iалашйан кийча хилар, пачхьалкхан куьйгаллин лаам.

"Кавказехь "божарша вовшашкахьа гIо доху", зуда йийначунна гечде олу, и зуда ша бехке а йо. Кавказ дика йевзаш сайна хиларна, ас эр ду: оцу кепара ишта адам дерна тхо долчахь реакци хилла йац", - дерзийра къамелдечо.

  • Оьрсийчохь доьзалехь гIело латтор – дукха хьолахь зударий Iитталун проблема йу. Мел лахара а 43 процент хIусамдас, йа гергарчо бала хьегийтинарш бу царлахь. Ткъа гIело лайна божарий – 16 процент, билгалдоккху Iедалхошца йоьзна йоцчу зударийн вовшахкхетараллийн Консорциумо бинчу талламехь. Могушаллин зенаш дарх бIенашкахь эзарнаш таIзарийн буха тIехь дина цара и зераш.
  • Нохчийчохь хIусамехь шайна тIехь гIело хьегийтарх дIахьедийраш бертаза махка йухабуьгу, цул тIаьхьа камерана хьалха хIиттабой, шаьш хьалхо дийцинарг харцдойту.
  • 2023 шарахь болх бан йолайеллачу Ad Rem проекто шайн дуьххьара доклад арахецна, доьзалехь ницкъ лайна нах кIелхьарбахарх лаьцна – Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Нохчийчохь бина цара и белхаш. Къилбаседа Кавказехь оцу балханна новкъарло йеш йолу факторш йийцина цара. Билгалдаьлла, доккхачу декъанна, орца доьхург 18-30 шераш долу зударий бу, марехь болуш, йа хиланза. Орца дехаран дуьххьара бахьана – доьзалехь йеттар, цул тIаьхьа ненера бераш схьадахар а, уьш цунна ца гайтар а ду, цул тIаьхьа "сий лардеш зуда йер" олург ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG