ТIекхочийла долу линкаш

 
"Озабезаме боцу хаамаш цатоар": стенна г1арабевлла Нохчийчохь оппозицин блогерш
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Озабезаме боцу хаамаш цатоар": стенна г1арабевлла Нохчийчохь оппозицин блогерш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дешан маршо къоьвлинчу Нохчийчохь социалан машанех дуьхь-дуьхьал латтаран майда хилла Iедалхошна а, оппозицин жигархошна а. Стохкалера шо довш Оьрсийчоьнан юридикан министралло шордира "арахьарчу агентийн" тептар, нохчийн блогерш Абдурахманов Тумсо а, Белокиев Ислам а, Халитов Хьасан а цу йукъа а тухуш. Шайн политикан дуьхьалончаша Iаткъамбар республикан Iедалхой сецон хьийзашшехь, уьш де дийне гоьбуьйлу, шайн аудитореш гул а йеш.

ТIаьхьарчу иттех шерашкахь Нохчийчохь интернет лелош болу нах алсамбуьйлуш бу, цунах лаьцна йаздира меттигерчу пачхьалкхан агенталлаша а. 2019-чу шеран зерашца, 69% регионера бахархойн таро йу машане бовла, царех дукхахберш - божарий бу. Къаьсттина дукха наха лелош йара хIетахь, тахана Орсийчохь йихкина йолу инстаграм.

2022-чу шарахь интернете кхача йиш йара 96,2 процент Нохчийчуьра хIусаман, ткъа меттигера бахархой пачхьалкхехь уггар а жигара машанех пайдаоьцурш бара. Юзерш олу дукхахберш денна буьйлу машане, уггар гIарайаьлла кеп йу – смартфон. Стохка республикера хаамийн гIирсаша дуьйцура, жигара телеграм лелочу Оьрсийчоьнан пхеа регионашлахь Нохчийчоь нисйелла аьлла. ХIора баттахь телеграме волура мел кIезиг а махкара 61% вахархо.

Цхьанхьа некъан бохам хиллехь, йа стаг лачкъийнехь – муьлхха а хаам оцу сохьта баржабо чаташкахула

Шога контрол тIехь латточу хьелашкахь хIара а, кхинйолу мессенджераш а майда хилира анониман дискуссеш дIайахьа а, альтернативе информаци йаржон а, кхетадо нохчийн интеренетера жигараллех редакцица къамел динчу регионера наха.

"Йукъаралла интернете йерзар хила йиш йолу хIума ду, ишта ала тарлахь, - бохура республикера цхьахйолчу лакхарчу доьшийлан хьехархочо. - Нагахь санна, хьуо резавацар диллина дIахьедан Iедалхойх хьуо кхоьруш велахь, тӀаккха наха кхин некъаш лоьхур ду иза маьрша дӀахаийта. Изза хьакхало официалан медиах а: нагахь санна бахархошна дIахаийта кхин хIума шайн дацахь, эвсара контент йацахь – хуьлийла иза информационан, йа забарен, - тIаккха Ӏедал кийча хила деза, и ниша кхечу гIирсаша дIайузург хиларнна".

Амма ала йиш йац, республикин Ӏедалш интернетан мехаллех ца кхета, интернет-меттиг "къийса ца гIерта. Социалан машанаш пропагандин а, информацина тӀехь Ӏуналла даран а, официалан Соьлж-ГӀалин федералан центрна муьтӀахь хилар гайтаран а коьртачу гӀирсех цхьаъ хилла дӀахӀиттина.

Нохчийчуьра интернет лелочарех уггаре а вевзаш верг ву Кадыров Рамзан. Цо чӀагӀдора, ша социалан машанашка вуьйлу "халкъана герга хила" Iалашонца бохуш. Дуьненаюкъарчу санкцийн тептаршка иза йазвинчул тӀаьхьа, цуьнан инстаграмера масех миллион стаг агIоне йазвелла аккаунт дӀакъевлира. ТIаккха телеграме дехьавелира иза, цигахь хӀинца ши миллион сов йешархо ву цуьнан, ткъа канал гIарайоккхуш гIо до боташ олучу гӀирсаша. Цул совнах, массо а бохург санна республикерчу хьаькамаша а, урхаллаша а социалан машанашкахь агӀонаш латтайо, Кадыровн дӀахьедаршна жигара репосташ а йеш.

Информацин альтернатива

Цуьнца цхьаьна нохчийн оппозицин блогерийн йукъаралла кхоллаеллира. Цара республикерчу Ӏедална ира критика йина ца Ӏаш, йоллу Оьрсийчоьнан юкъараллин-политикан повесткехула а къамелаш до.

"Ӏедалша массо а агӀор шайна товш доцург дIаолучаьрца къийсам латточу, хуьлуш долчух бакъйолу информаци а ца луш долчу хьелашкахь социалан машанаша коьрта дакъа дIалоцу, бохуш комментари йо регионехь болх бечу цхьана йукъараллин организацин белхахочо, шен цӀе а ца йоккхуш. - Ӏедалша шаьш кхоьллина "объективе информацин вакуум", ткъа иза политикан хьолах хьакхаделла ца Iаш, масала, цкъа а ца хиллачу кепара кегийрхошна шовкъе хеташ долу динан хеттарех а хьакхало. Ткъа оцу информацин майданахь Iедалхой оьшуш бу".

Къаьсттина гоьваьллачех оппозицин блогер ву тахана – Тумсо Абдурахманов, 2015-чу шарахь даймахкара дIаваха дийзира цуьнан, Iедал шена тIаьхьадалар бахьана долуш. ТIаьхьа Швецихь иза вен дагахь кIело а йира цунна.

Телехьожийлехь кхиамех лаьцна бен ца дуьйцу

Махкахваьллачул тIаьхьа жигара ютуб-канал лело волавелира блогер, къаьсттина гӀаравелира иза, карарчу хенахь Нохчийчоьнан премьер-министран даржехь волчу Даудов Мохьмадца массарна а гуш-хезаш къовсаме валар бахьана долуш. ХIетахь Даудовс чIир кхайкхийра блогерна, цо дина дӀахьедарш бахьана долуш. ТӀаьхьо Абдурахмановн цхьаболчу цуьнга ладугIучу нахалахь цIе йуьйжира "Кадыров Ӏехорах" лаьцна дийцар бахьана долуш. Блогеро хIетахь дIахьедира, шена керла кIелойеш сурт хIотторехь дакъалецира ша аьлла.

Тахана Абдурахмановн ютубера агIоне йазвелла 500 эзар сов стаг ву, 35 эзар гергга ву телеграм-каналехь а. Кест-кеста керла видеош хIиттайо цо шен агIонашка. 2024-чу шарахь "арахьара агент" ву аьлла, дIакхакхийра Оьрсийчохь блогер.

Изза статус йелира гIуран-баттахь Кадыровн политикана дуьхьал волчу оппозицин блогерна Белокиев Исламна а. Украинана тIамаца тIелеттачул тIаьхьа цхьана хеначохь пресс-секретарь лаьттира иза ВСУ-н агIор тIемаш бечу Ичкерин батальонан. Оьрсийчоьнан ницкъахоша толлуш ду Белокиевна дуьхьал даьккхина бехкзуламан пхиъ гIуллакх. Цуьнан ютубе йазвелла ву таханалерачу дийнахь 100 эзар стаг, телеграмехь ву – 13 эзар сов.

Белокиевца цхьаьна "арахьара агент" лерира гIуран-баттахь Халитов Хьасан а. Дечкен-баттахь гIуда дожийра цунна тIе "экстремистийн материалаш йаржорна" аьлла, бахьана дара 22 эзар стаг агIоне йазвелла цуьнан телеграм-канал. 2022-чу шеран охан-баттахь Халитовн цхьахволу ваша нуьцкъаша Украине тIом бан вахийтира. Цул а хьалха блогеро дIахьедира, Нохчийчохь лаьцначу шен йишин дегIана цхьалха а йаьккхина сурт даийтина шена, мехкан Iедалхошна луьйчуьра дIасаца аьлла. 2024-чу шеран аьхка а хаамбира Халитов Хьасана, шен гергара нах лечкъийна, дIабигина аьлла.

Лоьцуш, ницкъбо Кадыровн Iедална луьйш болчу массарна а. Цхьа масала ду – Магомадов Сайд-Хьусейн, хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луьйш, иза сийсазвеш роликаш йаржийнера цо Австрихь. 2020-чу шарахь, махкарчу Iедалхоша декхаребина, цуьнан гергарчара шайн долара ваьккхира иза. 2023-чу шеран бIаьста Соьлжа-ГIалахь хаавелира блогер, меттигарчу лаккхарчу даржхошца суьрташ а дохуш.

Мухха делахь а, кадыровхоша Iедална луьйш болчаьрца жигара бечу къийсамо а, уьш шайн агIор дехьабаха гIертаро а тӀечӀагӀдо оппозицин блогерийн а, бозуш боцчу жигархойн а болх меттигерчу Ӏедалшна хаалуш а, лазаме а хилар, боху редакцин корреспондентаца къамел динчу Нохчийчуьрчу йахархочо: "Оцу хӀумано гойту церан болх йукъараллехь оьшуш хилар".

Къаьстина болу блогерш боцурш а, социалан машанашкахь къахьоьгуш хаало нохчийн оппозицин NIYSO а, 1ADAT боламаш.

Цара цхьаьнатуху адамийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна информаци йаржочу а, республикерчу Ӏедална критика йеш болчу анониман жигархойн а маша. Иштта, шина а боламан векалш а масийттаза Iедалхоша лецна бу: масала, 2020-чу шарахь 1ADAT телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман тIепаза вайра, ткъа цхьана кадыровхочо кхерамаш тийсина хиллера стохка NIYSO-н жигархочунна, цуьнгара ков-керт ша схьадоккхур ду бохуш.

Кхин а цхьа масала ду – Магамадов Салехьна а, Исаев Исмаилна а тIаьхьабовлар, и шиъ хиллера оппозицин Osal Nakh 95 телеграм-каналан модераторш. 2022-чу шеран чиллан-баттахь шина вешина набахтехь йаккха хенаш туьйхира.

Кадыровна гергахь оьздангалла а, ватсап-чаташ а

Дуккха а шераш ду мехкан куьйгалло социалан машанашкахь меттигерчу Ӏедалхошна критика ца йеш болчу нахана тӀехь терго латтош, "нохчийн культура а, менталитет а" ларъйен. 2024-чу шеран бIаьста и болх бар тӀедиллира Нохчийчоьнан куьйгалхочун, хӀетахь 18 шо долчу кӀантана - Кадыров Ахьмадна. Бакъду, тхан редакцин хьостанаша билгал ма-даккхара, жимчу стага оцу кепара цхьанна хьехамаш бар нохчийн гIиллакх-оьздангаллица догIуш дац.

Оьздангаллехьа къийсам латтор къаьсттина чIогIа хьакхаделира, тIаьххьарчу шерашкахь гоьбевллачу республикера блогерех-спортхойх. Гурахь оццу Кадыров Ахьмада дихкира царна поп-ММА-н турнирашкахь дакъалацар, кхерамаш тесира, ша "цхьана барамашца" таIзар дийр ду аьлла. Уггар а гIарабевллачу блогерех-спортхойх ву Нохчийчохь – Тамаев Асхьаб а, Носаев Мухьаммад а, Чурчаев Шовхал а, Эмиев Iаьрби а. Оцу веаннан 22 миллион гергга стаг ву агIонашка йазвелла.

"Оьзданагаллехьа къийсаман" сурт дуьззина хир дацара, нохчийн Iедалхоша зударийн-блогерийн терго йина ца хиллехь. Редакцин хьасташа дийцарехь, пIераскана дийнахь Рузба деш маьждигийн имамаша кест-кеста кхайкхамаш бо, шайга ладегIа богIучу нахе, социалан машанашкахь зударийн жигаралла лахйе бохуш. И дуьйцуш, уьш тIетуьйжу бусалба динан гIиллакхашна.

Политикан дебаташ кест-кеста сийсазалле боьрзу. Цо тешам ца буьту цхьана а агIоне

Персоналан агӀонаш лелорехь дуьххьалдIа а, шалха а дехкарш динехь а, Нохчийчоьнан бахархоша кхидӀа а жигара пайдаоьцу WhatsApp мессенджерх. Оьрсийчохь экстремистийн леринчу Meta компанин долахь йелахь а, и сервис пачхьалкхехь болх беш йуьсуш ю. Цунах пайдаоьцу бизнес лелош а, денна керла-керла информаци арахеца а.

Юридикан факультетан студент волчу Юсупа (цуьнан цIе хийцина) бохура: "Со кхеташ вац, хьалха и йоцуш муха мегна. Кхин машанаш а бу, амма дуккхаъчу наха лелош йерг ватсап йу. Нагахь санна, цхьанхьа некъан бохам хиллехь, стаг лачкъийнехь – муьлхха а информаци оцу сохьта чаташкахула дIасайаржош йу. Украинехь тIом болийчхьана хIара мессенджер кхин а чIогIа коьрта лору: тIамтIехь дуккха а нохчий бу, цаьрца зIе а латтор а, цигахь хуьлуш долчух а тхуна ватсапехула бен ца хаьа. Нохчийчоьнан куьйгалло а, Оьрсийчоьнан эскаран буьйралло а шайн ма-хуьллу гергарчех лечкъадо билггал дерг, ткъа телехьожийлехула цара кхиамаш бахарх бен кхин дуьйцуш хIума а дац".

Нохчийчуьра лаккхарчу доьшийлера редакцин хьасто ишта бакъдо, махкахошна социалан маша мехала хилар. Амма ишта цо билгалдоккху, меттигерчу Ӏедалшна а, махкахбаьхначу оппозицина а йукъахь оьзда, этикаца догIуш лелар цахиларо, цаьрга болу хьежамаш талхош хилар.

"Социалан машанаша радикалехь хийцина информаци тIеэцар а, йукъараллехь вовшашца къамелдар а. Халахеташ делахь а, онлайн- шортено къамел даран культура лахйо: адамаш довлу гIиллакхан гурашкара, ткъа гоьбевллачу нехан политикан къамелаш дар оьзда доцчу матте доьрзу. Цо а тешам бойъу массо а агIонах, вайн гIиллакх-оьздангаллица йа догIуш а ца хуьлу", – дерзийра къамелдечо.

  • Нохчийчуьра бюджетан белхахоша 50 миллион сов комментарий йитинера мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан а, кхечу Iедалхойн а посташна бухахь телеграмехь а, Оьрсийчохь йихкинчу инстаграмехь а 2024-чу шарахь. Дуккха а шераш ду хьаькамаша зорбане дохучу йозанашна лайкаш хIиттор регионан бахархошна тIедожийна. Оцу йукъанна цу доллучо а мелхо а чам боъйу нохчийн, бохура оппозицин блогерша а, жигархоша а.
  • Лахьан-беттан 12-чу суьйранна Подмосковьера ницкъахоша йукъах йаьккхира поп-MMA-н ЛИГИН HYPE FIGHTING турнир. И вовшахтоьхнера Альфредо Аудиторе цIарца вевзаш волчу нохчийн блогеро. Цуьнан бакъйолу цIе Носаев Мухьаммад йу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгоградан кIоштара векалан кIант ву иза. Нохчийн Iедалхоша ца могуьйту махкара бахархошна ММА-н летаршкахь дакъалаца, "товш доцчу" а, "халкъан сий дойъучу" а латархойн леларна тIехула. ХIетте а Аудиторес турнире бахка луучарна доьхкира бархI эзар билет.
  • ВСУ-но Курскан кIоштахь операци дIахьочу йукъанна Оьрсийчоьнан тIамехьа болчу блогерша кест-кеста критика йо нохчийн спецназан командирна Алаудинов Аптина, регион Iалашъйеш "Ахмата" дакъалацарца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG