Оьрсийчурчу делегацино сесси дIайолаяла масех де дисинчу хенахь кIоршаме дIахьедарш динера, нагахь ПАСЕ-но тIеоьцуш йолу резолюци дукха критикалле хилахь, шаьш цунна дуьхьал гIулчаш йохур ю аьлла.
Цкъа хьалха Страсбурге, сессехь дакъалаца воьдуш ву аьлла, дIакхайкхийна хилла волу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин куьйгалхо Нарышкин Сергей, Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеян декъашхой Оьрсийчурчу хьолана критикалле сацамаш тIеэца дагахь хилар тусаделчул тIаьхьа, цига ца воьдуш сецира, и нах ишттаъ-вуьштаъ Оьрсийчоьнна дуьхьал бу, цундела шен цаьрца дийца хIума дац, аьлла.
Ткъа Дагестанера сенатор волу Умаханов Ильяс кхин а гена велира. Цо дIахьедар дира, нагахь санна, ПАСЕ-но Оьрсийчоьнга болу шен хьежамаш хийца ца хицахь, шаьш довлане а цу ПАСЕ-н юкъара дIадовла а сахьт дац, аьлла.
Делахь а, иштта гена ца долуш дисина и гIуллакх. Шинари дийнахь Европин кхеташонан депутаташа тIеэцна резолюци кхин башха Оьрсийчоьнна дозалла дан меттиг буьтуш яцахь а, амма оьрсийн делегаци кхоьруш ма-хиллара, дукха дера а ца хилла иза.
Уггаре а хьалха ПАСЕ-н декъашхоша билгалдаьккхина, Оьрсийчохь тIаьхьарчу хенахь цхьа могIа позитиван хийцамаш хилла, аьлла. Царна юкъахь лору ПАСЕ-но, масала, харжамех долу низам хийцар а, ткъа иштта губернаторийн харжамаш юкхаметтахIоттийна хилар а.
Цуьнца цхьана, амма, депутаташа гIайгIанца тергалйо Оьрсийчоьнан куьйгалло йохучарех дуккха а гIулчаш.
„2005-чу шарахь ассамблейн тIаьхьарчу рапортехь президенто Путин Владимирса „Iедалан вертикал“ чIагIъян Iалашонца дIайолийна йолу реформаша бакъдолчехь плюрализман демократин баххаш хьоьшуш хилар билгал а доккхуш, бовзийтина хилла болу сингаттам юхакарла а боккхуш, ассамблеяно тIедожарца кхайкхам бо юха а хаьржинчу президенте Путин Владимире ша куьйгалла дечу системин авторитаран амал чIагI а ца еш, иза мелхо а, демократехьа ерзоре“, - ишта яздина ду цара тIеэцначу резолюцехь цу гIулчех лаьцна.
ТIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь тIеэцна йолчу цхьа могIа низамийн проекташ бахьана долуш шайн гIайгIане хилар а билгалдаьккхина ПАСЕ-н декъашхоша. Царна юкъахь хьахадо цара, масала, харц цIе кхоллар зулам санна тудаш хиларх долу низам а, гуламех а, Iедалех йозуш йоцучу юкъараллех а долу низам а.
Харжамашца долу хьал а тидам боцуш ца дитина Ассамблеин депутаташа. 2008-чуй, 20I2-чуй шерашкахь дIабаьхьна болу президентан харжамаш а, 2007- 2011 шерашкахь хилла парламентан харжамаш а шорттачу кхачамбацаршца боьзна бара, бохуш яздо цара шайн резолюцехь.
„Цу юкъана „Цхьаала Оьрсийчоь“ парти, ша цхьаъ яра Думехь коьрталла дIахьош, ткъа цу партин ши куьйгалхо Путин Владимирий, Медведев Дмитрий рогI-рогIехь пачхьалкхан президенташ хилира“, - бохуш, билгалдоккху резолюцин авторша.
Европан Кхеташонан Ассамблеяс дийцаре дира иштта Думин депутат хилла Гудков Геннадий шен мандатах вохор а, цхьа а тайпа кхелан сацам а боцуш, халкъо хаьржина волу депутат шен даржах вохор кхераме масала хилар билгал а доккхуш. Цундела ПАСЕ-но кхайкхам бина Думин куьйгалле и шен сацам юханехьа баккхаре.
Кхеташ ма-хиллара, Ассамблеян депутаташа шайн резолюцехь ца хьахош ца йитина Пусси Райот тобанна тIехь йина йолу кхел а. Сихонца цу тобана юкъара кхо йоI набахтера маьрша яккхаре кхайкхам бина ассамблеяно, Оьрсийчоьнан делегаци и кхайкхам цу текст юкъара дIабаккхийта гIортар терго ца еш а дуьтуш.
Оьрсийчоьнан делегацех дерг аьлча, ПАСЕ-н декъашхоша тIе ца йитира, цара йина хилла йолу цхьа могIа дуьхьалонаш. Иштта, масала, оьрсийн делегаци чIогIа гIоьртинера резолюцин текстан юкъара „президент Путине кхайкхам бо, системин авторитаралла чIагI а ца еш, иза мелхо а демократехьа ерзоре“ боху дешнаш дIадахийта, ткъа иштта „машаре духьалонан акцеш дIасалехкарехь Iедало нахана тIехсовнаха ницкъ бар“ боху дешнаш а цу юкъара дIадахийта.
Шаьш Оьрсийчоьнан делегацин декъашхоша, сесси дIайолаялле хьалха санна, девне аьзнаш ца хазийра. Цу делегацин куьйгалхойх цхьаъ волчу Слуцкий Леонида резолюцин чулацамах ца веша кеп ян гIоьртира журналисташца шен хиллачу кхамелехь. „Кхин а ирчох хенаш лайна вай-м, - элира цо. - Ма хала дара, ПАСЕ Гудков я Пусси Райот ца хьахош Iен“, - аьлла.