ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паччахьан доьзал: стенна хестабо Нохчийчохь Кадыровн йоьIарий а, кIентий а


Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий Эли, Ахьмад а (аьрру агIора аьтто агIоне) Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран 70 шо кхачарна лерина Соьлжа-ГIалахь эскаран дIахIиттаршкахь, 2022-чу шеран гIадужу-бутт.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий Эли, Ахьмад а (аьрру агIора аьтто агIоне) Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран 70 шо кхачарна лерина Соьлжа-ГIалахь эскаран дIахIиттаршкахь, 2022-чу шеран гIадужу-бутт.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш, цунна гонах болчара дийцарехь, "Iаламат кхетаме", "хьекъале", "хIума хаа лууш", "нохчийн халкъан тоьллачу гIиллакхашца хьалакхиош а ду". Иштта яздо шайн официалан аккаунташкахь, эпитеташ ца кхоош, вовшашца хаза ала гIерташ къийса а луш, лаккхарчу хьаькамаша. Официалехь Кадыров Рамзанан 14 бер ду. Школера арабовллушехь царех дукхахберш лаккхарчу даржашка кхочу республикехь.

Йоккхаха йолу йоI Iайшат, 2009-чу шарахь шен нанас Кадырова Меднис схьадиллина хиллачу нохчийн модин Firdaws цIийнан директор хилира шен 17 шо долчу хенахь. Масех шо даьллачул тIаьхьа, Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, "уггар яккхийчу, халачу проектийн, ишта культурин сферехь йолчийн а, куьйгаллехь лаьттина, дуккха а зеделларг долу" Iайшат цкъа юьхьанца регионан культурин министран хьалхара гIовс хIоттийра, ткъа 2021-чу шарахь министр йира цунах.

Кадырова Iайшат иштта "культурин хьакъйолу белхахо" йу, "Адамийн бакъонаш Iалашъярна" а, "Нохчийн республикана дуккха а гIуллакх дарна" а мидалш ю цуьнан, иштта мехкан 100 шо кхачарна лерина, республика кхиорна йелла орден йу, ДоттагIаллин орден йу "ДНР" аьлла, шаьш дIакхайкхийначу мехкан цIарах йелла, иштта Нохчийчуьра лаккхара совгIат дина цунна – Кадыровн орден.

Оцу юкъанна министран даржехь йолчу Iайшатан цIартIехь ю Соьлжа-ГIалара ресторан Paris, цуьнан интерьер францхойн хотIехь кечйина ю. Тамашена ду, 1976-чу шарахь дуьйна болх беш хиллачу Коьртачу гIалин библиотекин меттигехь и ресторан схьайиллина хилар. Нохчийчохь ши тIом болчу хенахь ах йохийнера иза, амма цуьнан библиотекин фонд юхаметтахIоттийнера энтузиасташа. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу гIалин бахархошна ца тайнера ресторанна дуьхьа библиотека дIакъовлар.

Цуьнан бераш паччахьан бераш санна кхиийна ду, шаьш лаккхарчу расин векалш долуш санна

Шен йоI Хадижат юьйцу Кадыровс цхьа "чIогIа хьуьнаре, динца йоI" йу аьлла, жимачу хенахь КъорIан дагахь Iамийна, хьафиз сийлахь цIе яьккхина. Иштта "кху заман Iилманца а эхI аьлла аьттонаш баьхна цо", чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Хадижат туьйлира иштта йерриг Оьрсийчохь дIахьош хиллачу "Шеран дешархо - 2016" конкурсехь, ткъа 2020-гIа шо довш шен 20 шо долчу заманчохь Соьлжа-ГIалара школазхойн дешаран департаментан куьйгалле хIоттийра иза. Нохчийчоьнан куьйгалхочун омраца 2021-чу шарахь Кадырова Хадижатана мидал йелира "Нохчийчоьнна гIуллакхаш дарна" аьлла, ткъа кху шарахь шен ден карара схьаийцира цо "Нохчийчоьнан 100 шо кхачарна" йелла мидал.

КхоалгIа йоI – ХутIмат – Кадыровс цхьана хенахь ша гIарайаьккхира, республике Кувейтера шейх, нашидаш олуш волу Мишари Рашиде аль-Афаси а кхайкхина, шен 9 шо долчу йоIе цуьнца цхьаьна нашид лакхийтина, клип дIа а йазйина. Кхин дIа клпиаш ца йехира, концерташ ца хилира, доттагIаллица йа белхан хьокъехь шейх кхин Нохчийчу а ца веара. Кхоллараллин карьера ца нисъелира ХутIматан, делахь а Кадыровн секретариатан куьйгалхочун гIовсан дарж делира цуьнга.

Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама дийцарехь, мехкан урхалхочун кхозлагIа йоI, Кадырова Табарик, "оьзда, эсала, чIогIа дин лелош йоI ю, жима йолуш дуьйна хьекъал долуш, жоьпаллица, Iалашонашка гIерташ".

Шен йоI йинчу денца декъалъеш Кадыровс а билгалдоккху, шен хIора бер цхьа-шатайпа "башха" а, "похIме" а ду, ткъа Табарик – "къаьсттина".

Табарикан нанас инстаграме хIоттийнера шен йоьIан тIаьххьара горгали болчу дийнахь школехь даьккхина сурт, "дика хаарш долуш" дIайоьду иза доьшийлера" аьлла. Йиллинчу хьасташкахь информаци йац, стенгахь болх беш йу Табарик хоуьйтуш. Иштта къастина дац, цо лаккхара доьшийла йаьккхина хилар а. Хууш ду, дахначу шарахь иза маре йахнийла.

Шатайпачу куьйгалхочун "шатайпа" кIентий

ТIаьххьарчу шерашкахь мехкан урхалхочун воIарий, шаьш ханна кегий белахь а, хIинцале шайн деца пачхьалкхан барамашкахь дакъалоцуш хуьлу. Цуьнца цхьаьна Нохчийчохь йечу гIишлошка хьовса а уьш боьлху, Москва кхочу, цигахь федералан Iедалхошна хьалха бовзуьйту уьш, люксан машенашчуьра охьабусуш царна неIарш йоьллу, кхиазхойн шеракахь болчу цара 30 миллион сом мах болу сахьташ леладо.

Оцу нахе тамаш бойтучу хьолана критика йечу журналисташна а, блогершна а жоп лучу Кадыров Рамзана видео тIехь элира: "Аш, моттбеттачу хIуманаша, дуьйцур дара, сан бераш цхьанхьа хехкалуш дара, церан машенаш йу….Йу, сан доьзална оьшуш хIуммаъ дац. Церан машенаш йу, ахча а ду, массо хIума а йу. Ткъа шу цхьа хIума а йац…."

Гезгамашин-баттахь 16 шо долу Кадыров Ахьмад вовзийтира Оьрсийчоьнан берийн а, кегийрхойн а боламан Нохчийчохь куьйгалхо ву аьлла. Иза декъалвечу зорбанран министро Дудаев Ахьмада билгалдоккху, иза оцу дарже хIоттийчхьана, "оцу сферехь дуккха а позитиве хийцамаш хилла", Ахьмада гайтина "методикан, дикка ойла йина, похIме" ша хилар.

Бакъду, "кегийрхой кхиорехь керла идейш" йийцарейан Оьрсийчоьнан дешаран министрца Кравцов Сергейца хиллачу цхьанакхетарехь 16 шо долчу Кадыровс халла къамел дира – видео тIехь гуш ду, планшета тIера халла дIадоьшу цо федералан хьаькаме луш долу хаттар.

Кадыровн шолгIа кIант Iели ву, цуьнан 15 шо ду. Оцу хенара волчу цуьнан цIарах схьайиллина Куьрчалахь бюджетан ахчанах йина физкультурин а, спортан а комплекс.

"Iели цхьа тамашен, шатайпа кIант ву, шуьйра хаарш долуш, хIуманна тIаьхьа кхуьуш, гIиллакхе, интеллект йолуш", - элира Кадыровс шен кIантах лаьцна. Иза винчу денца декъалвеш.

Адам, кхолгIа кIант ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун, "ден-ненан а, КадыровгIеран цIийнан а дозалла", иза а хилла "похIма долуш" кхиазхо – нохийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада ма-йаздарра шен инстаграмехь. Шен "йалх шо долуш дагахь Iамийна цо КъорIан, Оьрсийчохь а уггар къона хьафиз ву иза".

Кхечу агIор хуьлийла а дацара – Кадыровн куьйгакIел цигахь Iаш а, белхаш беш а ма бу уьш

Адам хIинцале а кхиъна туркойн "Денвелла Эртугрул" кино чохь эпизодан роль ловзо. Масех секундехь кадрехь гойту иза кадрехь, амма Шеларчу администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас (тахана Нохчийчоьнан латтанийн, бахаман юкъаметтигийн министр, Кадыровн шича) бахарехь, цо "шен йоллу корматаллаш дикачу агIор гойту цу чохь".

Уггар жимахдолу Кадыров Рамзанан бераш а цхьаьна ду "Iалашоне кхача гIерташ, шен шерашка хьаьжча, боккха кхетам болуш", ткъа церан хьажаро "дуккха а хIума гойту", чIагIдо меттигерчу хьаькамаша. Масала Даудов Мохьмад тешна ву, бераша – "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин массо а берийн бераша а санна, кхиамаш бохуш, шайн дайн хьакъ долу тIаьхье хир ю" аьлла царех.

Нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос дIахьедира Кавказ.Реалии редакцига, Кадыровс шен кIентий "шегара гIант дIадала кхиош бу". Цунна хетарехь, дукха ца Iаш таханалера хьаькамаш дIабовла дезар ду, шайгара гIанташ мехкан урхалхочун берашна дIадала.

Венерчу "Ичкерия" культуран центран куьйгалхочо Исханов Хьусейна чIагIдо, Кадыровн бераш хьестор нохчийн къоман ламасташца догIуш дац.

Венерчу "Ичкерия" культуран центран куьйгалхо Исханов Хьусейн
Венерчу "Ичкерия" культуран центран куьйгалхо Исханов Хьусейн

"Паччахьан бераш санна кхиийна ду цуьнан бераш, шайн луург дан магийна болу лаккхарчу расера нах хета царна шаьш. Церан дена там хилийта гIерташ лела царна гонаха и мотт хьоькхурш… [Оцу кепара] хIаллакхуьлуш ду нохчийн ламасташ – нах хьестор вайца догIуш дац, бIаьргаш хьалха хьо мел чIогIа ву бохуш дийцар а", - билгалдаьккхина Исхановс.

Германехь вехаш волчу нохчийн жигархочо Сулумов ЯрагIина хетарехь, Кадыров Рамзанан бераш хьестор – иза "лайша шайн муьтIахь хилар" гайтар ду.

Нохчийн жигархо Сулумов ЯрагIи
Нохчийн жигархо Сулумов ЯрагIи

"Лайнийн психологи шайна коча олларна дуьхьал бIешерашкахь къийсам латтийна нохчаша. Амма хино тIулг цосту. Амма оцу тIаьбаьхкинчара… дуккха а шерашкахь нохчийн къам вовшахдаьккхина. Амма КадыровгIарна мотт хьакхархьама къахьоьгуш, уьш стигалан тIегIане хьалауьйбуш леларш нохчий бу аьлла хета мегар дац цкъа а. ЦIенчу нохчочо бIаьрган негIар ца тухуш шен дахар дIалур ду, амма и сийсазалла тIелоцур йац", - аьлла Сулумовс.

Кадыров, цуьнан бераш а вуно "хьекъале", "Дала делла" ду баха декхаре бу нохчий, чIагIдо Нохчийчуьрчу бакъоларйархочо Газиева Фатимас.

Бакъонашларйархо Газиева Фатима
Бакъонашларйархо Газиева Фатима

"Нохчийн политикийн аккаунташкахь йаздийр ду дера, уьш [Кадыров Рамзанан бераш] "шатайпа", "хьекъалах доьттина" ду бохуш, вуьшта хуьлийла а дац – Кадыровн Iаткъамна кIелахь бехаш, болбеш бу уьш. "Со ву да! Со ву руль лелориг!" бохуш Кадыровн видео дагайогIий шуна? Иза а, цуьнан бераш а "чIогIа хьекъале" бу бахар бен кхин бовла меттиг йац Нохчийчуьрчу бахархойн а, Кадыровн уллерчу нехан а", - кхетийна Газиевас.

***

Бакъонашларйархоша масийттаза дIахьедора, Кадыров Рамзан республикехь шен ден культ кхуллуш лелаш хиларх. Нохчийчохь 346 урам бу КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIерш техкина, тIаккха церан цIерш хийца атта хилийта Iедало ур-атталла меттигера низамаш а хийцина, йаздо "Би-би-си-н оьрсийн сервисо". Масала, воккхачу Кадыровн цIе лелош йу Соьлжа-ГIалара футболан клуб, стадион а, гIоьналлин фонд, гIалара бIов, меттигера аэропорт а.

ГIадужу-беттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий 16 шо долу Ахьмад, 15 шо долу Iели, 14 шо долу Адам шайн йишица, 23 шо долу культурин министрца Iайштаца хилира "ДНР" олучу территори тIехь. Цунах лаьцна шуьйра дийцира Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь – цо чIагIдора, шен кхиазхоша-воIарша билггал тIамехь дакъалаьцна бохуш. Критикаша и монтаж йу элира.

Нохчийчохь республикан куьйгалхочун иттанаш гергаранах лаккхарчу даржашка хIиттабо. Урхаллин система йерриг аьлча санна Кадыров Рамзанна а, цунна гонерчу наханна а тIехь йихкина йу, амма цунна шен гергарнаш даржашка хIитторехь цхьа а интересийн конфликташ ца го. Пачхьалкхан даржаш дIалоьцу цуьнан бераша, йижарша, зудчун гергарчара, вежарийн-йижарийн бераша, кеп-кепара цуьнан гергарчара а. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира, регионехь пачхьалкхан хьукматашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан гергарчеран уггар дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG