Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран гергарнаш а, шен эфирехь ша дийцинарг оьрсийн матте гочдинарш а хIаллакбийр бу бохуш, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама эфир дIаяьхьна инстаграмехь.
Инстаграмехь вистхуьлучу Делимхановс доккхачу декъанна аьлла: "Хаалаш, дийнахь а, буса а, синош, бахамаш, тIаьхье ца кхоош, тхо шуна тIаьхьадевлла лелар ду, шун коьртеш даьхна, шу дайъалц. Тхан баккъал а шуьца мостагIалла а, чIир а ю! Иштта иза хьакхало хIара видео оьрсийн матте гочъенйолчарех а…".
Депутатан кхайкхам гочбина нохчийн Iедалхошна оппозицехь лаьттачу IАДАТ телеграм-канало.
Оцу юкъанна Делимхановн инстаграмехь зорбане яьккхинчу видео тIехь оьрсийн маттахь сийсазбина ЯнгулбаевгIар, билгалбахаза кхерамаш а туьйсуш: "Оха доллучух дуьззина жоп долуьйтур ду цаьрга, даим дала а далийтина, долуьйтур а ду".. Шаьш шайн кхелана куьйгъяздина аш…".
- Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара.
- ТIаьхьо республикан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий тоьхна чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла. Цул тIаьхьа информаци яьржира, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллина полисхочунна ницкъ дуьхьал баьккхина аьлла, бехке а еш – 24 сахьтехь инсулин доцуш некъ бинчу цомгашчу зудчо ша лацарх протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.
- Инсулинах йоьзначу Мусаева Заремерчу хьолах а, цуьнан кхолламах а лаьцна хууш дац иза лачкъийна йигичхьана. Цунна тIебуьтуш бац адвокаташ а.
- Дечкен-бутт бовш Янгулбаев Абубакара хаамбира, Нохчийчохь беха шен гергарнаш – 15 стаг гергга- шеца зIене бовлуш бац, йа цIахь гучубовлуш а бац. Цул совнах, ГIуран-баттахь Нохчийчохь лечкъийра – тIаьхьо дIа а хийцира – 40 гергга ЯнгулбаевгIеран гергарнаш.
- IАДАТ телеграм-канал а кхоьллина, цуьнан модераторш бу бохуш, бехкебо нохчийн ницкъхоша ЯнгулбаевгIеран вежарий. Хаамбира, де хьалха Янгулбаев ИбрехIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, каналехь посташ хIитторна аьлла.
- Нохчийчоьнан Iедалхоша флешмоб вовшахтоьхна, цуьнан гурашкахь мехкан кIоштийн бахархоша дIа а язъеш, видеош яржийна, ЯнгулбаевгIаьрга "доллу къоман сий ма дайа" бохуш, кхайкхамаш беш.
- 2021-чу шо довш Делимханов Адаман хIусамнана Кадыров Рамзанан гIоьнча хIоттийра. Зорбане яьккхинчу официалан видеона бухахь яздина ду, Кадыровс "дуьненан терроризмца къийсам латточу хенахь" Делимханова Разитас шен хIусамехь уггар а беза хьеший санна шаьш тIеоьцура аьлла.
- Делимханов Адаман виъ ваша Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкахь лаккхара даржаш дIалаьцна бу, царех цхьаннан Алибекан "Оьрсийчоьнан Турпалхо" аьлла, лаккхара совгIат ду.
- "Медиазонас" а, The Scanner Project-о а юкъахь бинчу талламца, Немцов Борис верна хан тоьхначу Нохчийчуьрчу бахархошца иза веле масех де хьалха а, иза вуьйчу дийнахь а, вийначул тIаьхьа а зIенехь хиллачу лаккхарчу даржашкахь болчу нохчийн полисхошна юкъахь хиллера Делимханов Адам а.