ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан думин вице-спикерна кхерам тесна Делимхановс школашкахь динан духар дехка деза аларна


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Дешаран хьукматашкахь динан духар дехка тарлуш хиларх низаман проект йемалйина Оьрсийчоьнан парламентан депутато, адамийн бакъонаш хьешарна бехкевечу Делимханов Адама. Оцу кепара документ хьалхатеттина стигалкъекъа-беттан 28-чохь парламентан лахарчу палатин куьйгалхочо Даванков Владислава. Дин лелон маршо йохийна цо аьлла, бехкевина иза тахана Делимхановс.

Нохчийчоьнан цIарах депутато, мехкан урхалхочун бIанакъоста дIахьедина, "Даванковна дагадеъначо вайн йукъаралла иэгIо тарло, йуха а уггар а эгIазчех тема хьала айбина, оцу йукъанна цуьнан духе а ца кхуьуш" аьлла. Делимхановс тIетоьхна, "православихь а зударшна тIедожийна ду йовлакх" аьлла.

"НикIабана а, хьиджабна а йукъарчу башхаллех Даванков кхетон луур дара суна. НикIаб – зударийн духар ду, йуьхь къовлуш. Ткъа хьиджабо йуьхь ца къовлу. НикIаб оха тхаьш а магош йац, ткъа хьиджабах дерг аьлча – и лелор хIора бусалба йоьIан декхар ду", - дIахьедина депутато. Цунах ца кхетарш, думин вице-спикер а цхьаьна кхетор ву ша "динан ламастин мехаллех а, гIиллакхех а" аьлла, кхерамаш тесна цо.

Даванковн низаман проектана дуьхьал бахьанаш далийна Кадыровн герггарчо Оьрсийчуьра бусалба нах Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалоцуш хилар, луларчу пачхьалкхана тIелатар "Орсийчоьнан интересаш латтор, динан, ламастин, доьзалан, культурин мехаллаш ларйар" ду аьлла. Шен къамел долийра депутато президент Путин Владимир хестош.

"Оьрсийчоьнан дешарх" низаман 38-чу артиклехь билгалдаьккхина, дешаран организацин бакъо йо локалан нормативан актан буха тIехь дешархойн духар къобалдан аьлла. Даванковн низаман проекто хийцамаш бойту оцу артиклехь – динан духар лелор школашкахь а, университеташкахь а дехка бакъо луш.

Иштта документаца хьоьху низамашдахаран а, муниципалан а гуламашна бакъо йалар нахана йукъахь динан духар, йа ах йуьхь лачкъош духар лелор доьхкуш сацамаш тIеэца, билгалдаьккхина ТАСС агенталло.

  • НикIаб йехка йеза бохуш дийцарш долийна Оьрсийчохь. Адамийн бакъонашкахула йолчу президентан кхеташонан куьйгалхочо Фадеев Валерийс дIакхайкхийна, и хаттар регионалан Iедалхошца а, "ламастин динан векалшца" а айба дагахь бу аьлла. Дуккха а шераш ду Нохчийчохь никIабаш лелор къайлаха дихкина долу, ткъа луларчу Къилбаседа Кавказан мехкашкахь оцу кепара духар лелор къобал ца до, кест-кеста цу тIехула девнаш а дуьйлу. Кавказ.Реалиин редакцино эксперташца цхьаьна листира, хIун хуьйцур ду никIаб йехкаро, оцу тIехь стенна соьцу федералан Iедалхой а.
  • Делимханов Адам вузу бакъоларйархошна а, жигархошна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луьйш болчарна а тIаьхьавийларна, иштта масех стаг цуьнан тIедилларца верца а. Уггар а гIарадаьллачу гIуллакхех дара – Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис 2015-чу шарахь Кремлан пенаш хьалха вер. Криминалца а, Украинана дуьхьал болийначу шуьйрачу тIамна а гунахь ву аьлла, Делимхановна дуьхьал йаьхна дуьненайукъара санкцеш. Оьрсийчохь 2022-чу шеран бIаьста пачхьалкхан "Турпалхо" аьлла седа белира цунна. Ткъа кху шарахь инарла-майоран цIе йелира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG